Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3124

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич



Упражнени № 2. ТIадамийн метта даран суьртан тIетуху пред- ложенеш ялае.


    1. ……….бохуш, кетIарчу гIанта тIехь хиъна Iара воккха стаг.

    2. …….. аьлла, суна тешнабехк бан гIерта хьо.

    3. …….. бохуш, юьртара нах а чехийна, дIабахана уьш.

    4. …….. аьлла, хоьтуьйтура тхуна.

    5. ……. цхьаьнцца а тIекаре еш вац бохуш.

    6. ……. иза иштта хила деза аьлла.


Упражнени № 3. Даран суьртан, къастаман, кхачаман, хенан тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, хIун башхалла ю царна юккъехь.
1) Цунна лаьара и йоI сица лекха а, шаьшшиннан безам дуь- нен тIехь мел деха а, тIаьхьено тIаьхьене буьйцуш, Анзоран За- зин, Жерочун кIентан я Зайтин Шихмирзин цуьнан хIусамненан

санна, цIена а хуьлийла. (А. М. ) 2) Хьаьдда яхначу йоIа шен дега дIааьлла, ялташ вовшахъэдеш ша йоллуш, хьешо, тIара тоьхна, бат агIоряьккхи шен аьлла. 3) Иза а аьлла, шен карахь йолучу ларчана юккъера схьаэцна кIайн, Iаьржан ши аьлха вовшахъхьакхийна йоIа. 4) Цамгар муха ю, хIун лозу бохуш, лоьраша лаахь а, ца лаахь а хьайн бала схьабийца аьлла, хьовзийна Айзан. 5) Шаьш паргIатдевллачу хенахь Гадас Мусага, зуда ялаяхьара ахьа, хIокху хьан жимачу йишин къа ду, аьлла дехар дина. 6) ЧIоьнчIилг шайн юьртахь а гIараваьллера, массо а хIуманах кхоьруш ву бохуш.

    1. Цхьанхьа а кIур болуш, адам дехаш меттиг юй хьажа со, аьлла волавелла иза. 8) Цунна а хезна, иштта шен кIант лоьхуш, саьн- гарш а йохуш Тимар вогIу аьлла. 9) Къола мосазза до, иза гучу а дуьйлуш, шалхонца иза юхатоькхуш, бахарх боьхна, юьртара ара- бовлучу тIекхаьчна хилла церан гIуллакх. 10) Цу хьалхарчу шина буса ца йина наб а йоькхуш дIавуьжур вара со хIинца-м аьлла, дIавижна Iаьрби. 11) Моллас сагIина хIума мосазза ели, локхуш ю хIара зурма. 12) Юьртахь а наха вон вуьйцуш хилла Къуддус, де а бахьана доцуш, девнаш дохуш, кIоршаме стаг ву бохуш. 13) Орца тIекхаьчча, юккъе а вахана, вовр ву шен къу аьлла, Юнуса шен шелиг чу топ тоьхна. 14) Нанас, шен кIентий хьуна бохам бан бохку аьлла, къайлаха вадийтина Солса. 15) ЖаIуьно ца хаьа шена аьлла дуьхьало йича, тIевеана кхо наьрт-аьрстхо цунах летта. 16) Хезна суна, оцу ворхIе а гила барзана ницкъ беш цхьа била (дуьх- хьара ехкарг) борз хилла бохуш. 17) Со а, шун нана а далале, шу ворхIе а воIана зударий балор бара бохуш, ойла йора аса-м. (Н. Ф.)


  1. ВадудгIаьрга херхаш дайта, аса ойла йийр ю, и херхаш набахти чу муха кхачо деза аьлла. (Мут. М.) 19) Хьан дендас дийцира суна, дуьххьара дуьненчу ваьллачу кIантана нанас зарговзе шаьлта ша йойтуш хилла бохуш. ( Ам. В.-Хь.)


Упражнени 4. Шех йозучу дашна тIера хаттар а хIоттош, схьа- язъе предложенеш. Дийца, хIун тайпа предложенеш ю уьш, муьлха къамелан дакъа ду аша шена тIера хаттар хIоттийнарг.


    1. Кхиэло сацийнарг тIеоьцур ду шаьш аьлла, дуйнаш биира Ботин воккхаха волучу кIанта Майрбека. 2) Шен-шен агIо толош

кхиэл йийр ю шаьш аьлла, дуйнаш биира шина кхиэлахочо. 3) КIелдIахула кхерстара цуьнан Iаьржа бIаьргаш, ша дуьйцург чохь болучара тIе муха лоцу хьоьжуш. 4) Куьпахь а гIарадаьллера и Iаьржа жIаьла, догъIаьржа болучу нахана бен леташ дац бохуш. (Э. Х.-М.)

  1. Шен вешин дагара ца хууш, цо хIинца хIун олу-техьа бохуш, ша стерчийн дукъа улле дIа ма-хIоттара, куьйгашца корта лаьцна лаьттара Iаба а. 6) ГIуллакхна веанарг-м муххале а хир вацара, ваша веллачу дийнахь хьайн гIо оьшучара ведда веана хьо бохуш, йиттина махках воккхур вара со дадас. 7) – ХIинццалц-м сан ден шича ву бохуш, наха вуьйцуш вара хIара, хIинца АслагIин ден шича хилла хьийза-кх. 8) Ший а йоI хуьлу соьга, ваша дIавохуьйтур ваций ахьа, нана, бохуш. 9) – Стомара буса котIарахь, ИммахьмадгIеран чохь, ахьа дукха нах байъина бохуш, дуьйцу наха. 10) Хьо обаргаша дIаваьхьна аьлла, кхин ца лохуш, юхабаьхкинера салтий. 11) Хьо ца вехь, кхин дуьне дуур дац ша бохуш, воьхна хьийза и, хIун хир ду-м хаац. (О. Ш.) 12) Дашо лаьмнаш хIиттор ду, шурин татолаш Iанор ду бохуш, дуьйцу йоI ялаяле.



Упражнени № 5. Срез. ХIитто еззачохь запятойш а хIиттош, схьаязъе хIара предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца. Схемица гайта коьрта а, даран суьртан тIетуху а предложенеш.


    1. КIант вина аьлла кхаъ баьккхича, Нурадилна хIун хетар ду ца хууш, Iадийча санна лаьттара иза. 2) Юьртахь мел волчунна а дика вевзара Муьстиган да Хьаьким-Хьажа, шен ойланехь стаг ву бохуш. (Мат. В.) 3) Оцу деношкахь лазарша хьийзочу Барятинскийс тIе мел веанчуьнга хоттура, вадалур вуй Шемал аьлла. (Э. И.)

  1. Амма юха а сатедира, ийзалуш берш мехкаршна башха безалуш а ца хуьлу аьлла. 5) Дас доьхкуш хIума дахь, доттагIчуьнца йолу юкъаметтиг хадор яц ша аьлла, ондда дуьхьало ян чIагIделлера дог. (Г. I.) 6) Лох-Беташ мича вахана хIунда ца хаьа бохуш, юьртда а чехийна, дIабахана уьш. (Я. М.) 7) Къеначу наха дуьйцу, шу нох- чо-турпалх схьадевлла бохуш. 8) Цхьана йоккхачу стага дийцира тхуна, цуьнан шовзткъа эзар эскар ду бохуш. 9) ШариIатан хьокъехь дуьйцура массара а, цо нийса къепе а хIоттор ю, нахана латта а хир ду бохуш. 10) ГIали чохь вовшахкхетар ду аьлла, сацийра кхааммо.

(О. Х.) 11) Керима яздо, хьо хьекъал долуш а, Делах тешаш а стаг ву бохуш. 12) Хьаьжин дашна дуьхьало ян ца хIуттуш, куьйгаш дIаса а даржийна цуьнга халла ладоьгIуш Iара Iиса, юха
а имаман аз хезар дацара-те бохуш. 13) Хьалхара тоьпаш евллачул тIаьхьа вайна и виъ салти аьлла, ротан командире дIаязвайта. 14) Лам чохь хьеший бу шен бохуш, шех нах тешо гIертара иза. 15) Наха дуьй- цура, цуьнан да лаьмнашкахь Iаламат лоруш стаг ву бохуш. (П. П.)
Упражнени № 6. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Къастае, муьлха ю царах даран суьртан латтамашца йолу цхьалхе предложенеш.


    1. Аша болх бан беза бохуш нах Iехош церан шай дууш уьш хьийзий, цкъа-делахь. 2) Салам а маршалла а хаьттинчул тIаьхьа Шалкета дийцира кхузахь гергара стаг ву шен аьлла. 3) Инзаре чохьберш Iадош мохь аьлла вовшашна маракхетта вилхира и шиъ.

4) ШозлагIа-делахь шун Iедало шадерриг къам цхьаъ хила деза бохуш, массо къам цомгуш дина. 5) КхоазлагIа-делахь динна дуь- хьал довла бохуш аш къамелаш дуьйцуш тIекхуьуш йолу тIаьхье талхийна. 6) Цкъа къорза етт а цIен етт а борз а хилла бохура цхьана дехаш аьлла кIантана туьйра дийца вуьйлира ХIарон. 7) Хье тIе дум билла безара цунна корта дIатуьйр бара. –Хье тIе ма биллийша дум, бага биллийша, бохуш мохь хьекхара кхетамчуьра ваьллачо.

  1. Дависа малх кхетта цхьа де дагIахьара бохуш холчохь хьийзара цхьацца гIуллакхех куьйгаш Iуьтту АругIаз. 8) ХIара кхо ваша кхечу ярташкахь а вевзаш вара, дика аьчкан пхьераш бу бохуш.

  2. Иштта инжилца дин кхайкхор ду бохуш вийцина ву Iийса- пайхамар къуръан чохь. 10) Ткъе исс стага кхаж тесча и кхаж За- кри-пайхамара Марем кхаба дезаш баьлла хилла. 11) Урх дIаетташ карзахъелира говр Iаьдизе шена тIехь чIагIло, кхера ма ло бохуш санна. 12) Iомана гонаха буьйлабелла лела салтий хIинций-хIинций Iаьдиз гучуволу-кх бохуш дIа-схьа бIаьргаш къерзош тебба Iара.


  1. Цул тIаьхьа Девлитгирин-эвлара Седа гIараелира Нохчийчохь чIогIа леташ а чIогIа гIора долуш а ю бохуш. (Мут. М.)