Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3120
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Упражнени № 10. ХIара дешнийн цхьаьнакхетарш дозуш долчу дешнашца даржаде. Коьрта дош билгалде цхьаьнакхетарехь. Гайта, хIун уьйр ю.
Iаьржа буьйса, самукъане белар, чIогIа воьлура, хIордан гIовгIа, стака дIахIоттийра, вокхаве толамах, сирла де, говрийн рема, накъостех дIахадар.
Упражнени №. 11. Дешнийн цхьаьнакхетарш схьа а яздай, дуьз- зина къастаде, схемаш хIиттае.
Ламанан кийрара схьадаьлла, шийлачу маьхьарца охьанехьа сихделира Хи. Иза тIеIитталора ирачу тIулгашна, даккхийчу чхарашна, цуьнан некъ луьйцура пепнийн хьаннаша, мокхазан бердаша. Амма иза сацо ницкъ бацара.
ТIулгаш шеца охьаидадора цо, чхарашна оьгIазе пе беттара. Уггар халанаш мокхазан бердаш дара. СадаIар доцуш, дийнахь а, буса а тийсалора царах Хи. Эххар а, мокхазан бердийн йий- сарера долий, дарделла цIоькъалом санна, лахенга, йорт оьций, доьдура и. Амма тIеттIа керла дуьхьалонаш хIуьттура цуьнан новкъахь.
Къасторан кеп:
-
Предложени юккъера дешнийн цхьаьнакхетар схьакъастор. -
Коьрта а, дозуш долу а дош билгалдар. -
Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хилла а, царна юккъера уьйр а билгалъяр. -
Коьртачу дешан гIоьнца дешан цхьаьнакхетаран тайпа билгалдар. -
Карарчу уьйран кеп билгалъяр (бартбар, урхалла, тIетовжар).
ТIеда ло тхевнаш тIера охьаоьгура чимашца.
ТIедалодешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош лоду, цIерниг дожарехь долчу цIердашах хилла. Ло(муьлха?) тIеда– дозуш долу дош билгалдашах хилла. Синтаксически уьйран кеп –бартбар.
ОхьаоьгуратхевнаштIерадешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (стенна тIера?) тхевнаштIера– дозуш долу дош дештIаьхьенца долчу цIердашах хилла. Синтаксически уьйр –урхалла.
Охьаоьгура чимашца дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта дош охьаоьгура хандашах хилла ду. Охьаоьгура (муха?) чимашца. До- зуш долу дош цIердашах хилла. Синтаксически уьйр – урхалла.
Упражнени № 12. Таблице хьовса. Цуьнан хаамашна тIе тевжаш, дешнийн цхьаьнакхетарех лаций дийца. Шайн дийцар иштта дIадоладе: дешнийн уьйран амале хьаьжжина, дешнийн цхьаьнакхетарш декъало:
Дешнийн цхьаьнакхетарш декъаран бахьана | Дешан цхьаьнакхетаран тайпа | Масал |
Дешнийн уьйран амале хьаьжжина | Цхьаьнакхетаран Карара (коьрта а, дозуш долу а дош ду) | Со а, хьо а Бераш, зударий а Ламанан баххьаш Аренца лела Сатийсамийн хан |
Коьрта дош муьлхачу дашах хилла хьаьжжина | ЦIеран: - коьрта дош-цIердош
| Гуьйренан хан Сица чIогIа ВорхI де Сочинени язъян ЦIийна юххехь |
Шакъаьстинчу дешнийн бараме хьаьжжина | Цхьалхе (шина дашах лаьтта) Чолхе (кхаанах а, цул сов а дешнех лаьтта) | Сингаттаме гуьйре Хиндолчух болу сатийсамаш. |
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
Предложени, дош санна, ши агIо йолуш хуьлу – чулацам а, форма а.
Предложенин чулацам – иза цхьана хиламах я хьолах лаьцна алар, иза билгалдаккхар, хиламан, хьолан цIе яккхар ду. Масала: Дукха ца Iаш тIом чекхбелира – хилам. Майда юьзна яра – хьал.
Предложенин чулацамехь хуьлу: а) билггала чулацам; б) жамIдаран маьIна; в) юкъара грамматически маьIна.
Билггала чулацам бовзуьйту, тIеоьцу къамелан декъашхоша шаьш. Иза хIор аларан шатайпа хуьлу. Грамматикехь и довзуьйтуш дац.
Предложенин жамIдаран семантика йоьзна хуьлу цуьнан дIахIоттаман а, билггалчу дешнийн форманех пайда эцаран а бахьанех.
Масала, хандашах а, цIердашах а лаьтташ йолчу предложенин иштта жамIдаран маьIна ду «хIума (юьхь) а, цо дийриг а»: КIант вогIу, ГIаш охьаоьгу, Махо дитт охьатуьйхи, цIердашах а, билгал- дашах а – «хIума (юьхь) а, цуьнан билгало а»: Самукъане кIант, Сирла Iуьйре.
Юкъара грамматически маьIнаш билгалдовлу хIор предло- женехь муьлххачу дIахIоттамехь, муьлххачу билггалчу маьIнехь. Юкъара грамматически маьIнаш предложенин бух хилла лаьтташ йолчу дешнийн форманашца билгалдовлу: уьш предложенин коьр- та меженаш ю (Стаг дIавахара, суьйре тийна яра, мох хьоькхура и дI. кх. а). Грамматически маьIна билгалдаккхарехь тидаме ца оьцу коьртачу меженийн маьIна, мехала ю церан форманаш – саттаман, хенан, юьхьан гайтамаш.
Предложенин форма кхуллу синтаксически гIирсашца: дешан форманаш, гIуллакхан дешнаш, дешнийн къепе, эшар (интонаци). Дешан форманаш – коьрта гIирс бу: цара вовшахъюзу пред- ложенин меженаш, церан вовшашца йолу
юкъаметтигаш билгалйо,
ткъа иштта юкъара грамматически маьIнаш а довзуьйту.
ГIуллакхан дешнаш гIодаран гIирс бу. Царах цхьадерш (дештIаьхьенаш, хуттургаш) дешнийн форманашна юккъехь грам- матически уьйр тосуш лела: Хи чу а ца волура иза, берашца тIекаре а вацара иза; вукхара дешнийн форманийн маьIнийн, предложенин меженийн цхьацца грамматически аматаш билгалдо (дакъалгаш): Хьо-м дика вевзара суна.
Грамматически уьйр тасарехь я предложенин меженан маьIна довзийтарехь гIо до дешнийн къепо; масала, предложенешкахь Сан ваша – хьехархо а, Хьехархо – сан ваша дешнийн къепе бахьана долуш къаьста подлежащи а, сказуеми а: подлежащи сказуемина хьалха лаьтта.
Эшаро (интоцанино), аз айдар, лахдар, соцунгIа яр бахьана долуш, предложени грамматически а, маьIница а дакъошка йоькъу. Эшарца хIара тайпа предложенин юкъара маьIнаш довзийта йиш ю: дийцар, хаттар, тIедожор; масала: Тоьар ду. – Тоьар ду? – Тоьар ду!
Предложенин коьрта билгалонаш хIорш ю:
-
грамматически бухан хьесапехь (коьртачу меженийн) йолу грамматически форма; -
формальни гIирсашца билгалдеш долу саттаман, хенан, кл. гайтаман грамматически маьIнаш; -
чекхъяларан дIахIоттам болу эшар (интонаци); -
цхьана маьIнехь долчу аларна билггала дешнийн форманаш харжар, шен лаамехь иза лексически хьаладузар.
Къамелехь предложенино тIекаре яран тайп-тайпана декхарш кхочушдо. Къамел дечо оцу декхаршка
хьожжий, пайда оьцу ала- рех. Цара я хаамаш бовзуьйту, я къамелан декъашхошкара инфор- маци схьаэцарна, я цара дан дезачунна тIехьажийна хуьлу уьш. Аларийн и кепаш предложенийн тайпанашца билгалйовлу – дий- царан, хаттаран, тIедожоран. И предложенеш вовшех къастош йолу коьрта билгало эшар (интонаци) ю – хааман, хаттаран, тIедожоран.