Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3134
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Занун бIаьргех хьаьлхина хиш, беснешна тIехь догIанах дIаийра амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. 7) Цхьа сахьт хьалха язъелла егочу настаршна чу ницкъ беанера ког байбеллера паргIат доIура са. 8) Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь я нохчо я гIалгIа я кхарачай я балкхаро хила ма веза. 9) Цунна гора, цкъа мацах самукъане мегаш каде хилла ткъа хIинца цхьа ност
йоцуш дуьненан самукъанех хаьдда хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил. 10) Г1о дан и ши-кхо стаг воцуш зудчо майра нанас бер йишас ваша берийн гIоьнца я ги тухий я лами тIе а вуьллий текхош кешнашка а вуьгий, цхьа ах метр каш а доккхий тIехь еса а заIам а ца доьшуш белларш дIабухкуш меттигаш дукха нислора гонахарчу ярташкахь. 11) Хьалххе кхуза веъначу Iелас Межеда а Мусас а цхьа кIорга каш даьккхинера. 12) ЦIа арахула а чухула а поппарца кхарта-мартане хьохура амма я кир а я кIир а ца тухура.
(Айдамиров А.)
Упражнени № 7. ХIокху рогIехь тIера схьаязъе предложенеш: цхьанатайпанара подлежащеш, цхьанатайпанара сказуемеш, цхьана-
тайпанара кхачамаш, цхьанатайпанара къастамаш, цхьанатайпана- ра латтамаш шайца берш. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш хIиттаде.
-
Чан а керла яьккхинчу шурин хьожа кхозура юьртан ура- машкахь. 2) Самаевлла алкханчаш тийна цхьацца тIома лелара бош- маш тIехула. 3) ЦIа чу елира Кесира. Цу чохь чIогIа хьожа йогIура пешарчу овкъаран якъаеллачу бецан цIийнан ханнийн пенойн йовхонах. 4) Корал арахь охьаIена тIедетта догIа аьхкенан беса беснаш къайладохуш. 5) Аренан соьналла хьалакъедда йовхонна а, серлонна а дуьхьал. 6) ДогIа раз а, даккхийра а, кест-кеста а деттара кIеж еттарца. 7) Мелижа хIуманаш тега а, носкешна йоманаш лето а, чохь цIано ян а юьйлира цIа чуьра ара а ца елира. 8) ЦIахь дада хиъна Iара тIехь, когахь, коьртахь куй а болуш.
Упражнени № 8. Предложенийн схемаш хIиттае. Цхьанатайпа- нара меженаш билгалъе схеми тIехь ма-гайттара.
Кеп: Хьуьнхо, дада а Ислам (мила?) Iома тIе (стенга?) бахара (хIун дира?).
1) Шелонна, мацаллина, сингаттамна дечках говр ян вуьйлира со. 2) ЦIа чохь хезара тайп-тайпанчу аьзнийн къамел, белар, са- мукъане зударийн аьзнаш. 3) Генннара схьадогIу гIугI кхолладелира стигалахь, юха меллаша дIатийра. 4) И йиш лийкхира майданахь а, Хоси-юьртахь а. 5) Чоь хьалаюьзнера Iежашца, кхорашца, кхечу
сурсаташца а. 6) Шийлачу тхиша а,
керлачу хIоно а дийнахь аьхке- нан тов мелла а яййо. 7) Диттийн орамашна юккъе охьалахвелира со, диттан гIодана тIетевжира, юьхь бовхачу малхехьа ерзийра.
-
Хинан букъ тIехула, зIаьнарийн асан тIехула кхозаделла деза чуьйнан тIай.
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Хуттургаш йоцуш цхьаьнакхетта къастамаш хила тарло цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцуш а. ХIума цхьана агIор билгалъечу къастамех цхьанатайпанара къастамаш олу. Масала, Нохчийн, гIалгIайн, бацойн меттанаш нахски меттанийн то- банна юкъа догIу предложенехь къастамаш нохчийн, гIалгIайн, бацойн цхьанатайпанара бу: цара меттанаш цхьана агIор билгалдо
-
билггалчу къомаца уьш дозаделла хилар.
Цхьанатайпанара къастамаш дагардаран эшарехь ала а, цар- на юккъе хуттург хIотто йиш а ю, цундела уьш вовшех запятой йилларца къастабо. Масала: Массо меттехь дитташна юккъехь лепара кIайн, цIен, можан зезагаш. Къастамаш цхьанатайпана- ра бу, царна юккъе хуттург хIотто тарло: кIайн а, цIен а, можан а. Цхьанатайпанара къастамаш цхьатерра боьзна хуьлу дозуш долучу дашах: Лекха, товш, куьце йоI ю Седа.
Цхьанатайпанара хила тарло къастамаш, оццу дашах бозуш а, кхечу къастамийн цхьаьнакхетарна духьалхIоттош а болу: Хьал- ха хIара урамаш гаттий, боьха дара, ткъа хIинца – шуьйра, цIена.
Цхьанатайпанарчу къастамийн декхар кхочушдеш лела тарло билгалдош а, цунна тIаьхьа богIу причастин карчам а: Цуьнан Iаьржа, тIехь цхьа а тайпа куй боцу корта, юкъ-юкъа гучубуьйлура хи тIехь.
Дуьххьарлера дашо зIаьнар лаьмнийн баххьаш тIехула дIашершира. Билгалбина къастамаш цхьанатайпанара бац, хIунда аьлча цара цхьа хIума тайп-тайпана билгалйо, царна юккъе хуттург
хIотто а ца мега. Предложенера къастам дуьххьарлера
бозабелла бу дерриге а дашо зIаьнар дешнийн цхьаьнакхетарца.
Цхьанатайпанара боцу къастамаш дукха хьолахь кхоллало мухаллин а, юкъаметтигаллин билгалдешнийн цхьаьнакхетарех: Цуьнан дагалецамаш генарчу казахийн гIамаршла кхаччалц дIабахара. Ламанан сихачу хил дехьа а девлла, юха а шерачу новкъа девлира тхо.
Упражнени № 1. Сизалгийн метта къастамаш хIиттабе, къов- ларш юккъехь хьахийна билгало гойтуш болу. ДIаязъе уьш. Муьлха къастамаш бу царах цхьанатайпанара? Муха хиира шуна иза?
-
ТIай тIехула хахкаелла дIаяхара ---- машен (барам). -
Суна совгIатана елира---- суьрташ тIехь долу книга (барам). -
Хийистехь а, керта юххехь а кхуьш дара --- даккхий дитташ (хан). -
Берийн туьканахь юхкуш яра тайп-тайпана---- ловзоргаш (коь- чал). 5) ХIара--- кисана юьллу фонарик туристана лело аьтто болуш ю. 6) Кхин кхоъ а доккха ---- цIа доьгIна гIалахь Соьлжин берда йистехь. 7) Кегийрхойн цхьаьнакхетарехь лийкхира нохчийн--- эшарш (къоман тайпа).
Упражнени № 2. Яржае предложенеш шина кепара:
- 1 ... 32 33 34 35 36 37 38 39 ... 91