Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3153
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
1) Iаламат яккхийчу чоьнийн тийналла лахара хьаладогIучу мукъамаша наггахь йохош йолу цхьа синхьийзаме яра. 2) Леганийн гIаш акхаройн тIодах тера долу бIаьрла къаьсташ дара можачу гIамар тIехь. 3) Кхо де даьлча чIанадевлира массо а мехашна тIекхочехь долу аьрцнаш. 4) Нанас дов дира йоIана кхоьланчу дийнахь гуьйранна чуьра араяьлла йолаяларна цунна хетарехь йоьIан могашаллина зене йолучу. 5) Хи тIе дуькъа дохк дижира кIайн кхераме. 6) Дийнахь сарралц идда волу со дукха сиха во- жийра набаро. 7) Стигалахь ойлане дIатийра яйн мархаш дIабузучу малхо цIийина йолу. 8) Мох шийла а тIуьна а болу дегIах чекхбо- луш саццаза хьоькху тхан дегнаш шелдеш. 9) Ткъа и питанча шен ямарт гIуллакх динарг шек а вац. 10) Цецваьлла айса хIун эр ду а ца хууш лаьттара со... 11) Жимчохь дуьйна хих кхоам бан Iемина волу Iалман шовданашка чохь садолучу хIумане санна хьоьжура.
-
«Беркат» базарахь оьцучу сурсатех эцархошкара боккхуш болу мах уьш цецбохуш хуьлу дукхахьолахь.
Упражнени № 3. ДIаеша предложенеш. Билгалдина дешнаш муьлха меженаш ю къастаде. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьр- каш хIитторах лаций дийца.
-
Маьлхан дуьххьарлера зIаьнарш, хийрачумархехчекхъев- ллайолу, стигалахь къегира, лаьттахула а, стигалхула а хьалаевдира. -
Тийналла йохайора эшаран мукъамо, хи тIера схьакхочушбо-
лучу. 3) Лахахь, тогIечохь, юьртан чиркхаш къегара, цIарула-цIен цIераш а йогура. 4) Боданечу цIа чохь, кора юххехь, хиъна Iара букара яхна йоккха стаг. 5) Синтем боцуш, дитта тIера дитта тIе кхиссалуш лела тарсал, шенмесалацIогадаржийна. 6) Тхо кестта ткъа чаккхарма сов дIадахара стагцакхочучуIоматIе, амма Гуди ца дигира. 7) Котамелсов, тхан кертахь цхьа а тайпа зIакардаьхни дацара. 8) ДекъачулаьттадийнахIу хьала ца долуш, дикка Iийра.
-
ДукханекъбинакIадделатхо дукха ца Iийра цIера хьалха, хьалх- хе дIадийшира. 10) Шийлачу, дегIах чекхболучу махо ца дуьтура тхо гонаха йолчу исбаьхьчу меттигашка бIаьрг кхарсто, мохтиле- чу ийзадора. 11) Лоха, буто волу иза куьйгашкахь хазанеха санна ницкъ болуш вара. I2) Оцу стоммачу кетар кIелахь детталора дог,йохьах, доьналлех дуьзнадолу.
Упражнени № 4. Билгалдиначу дешнашна тIехьа карчамаш а балош, дIаязъе предложенеш.
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
-
Хин-кема дIатийра тийначу хи тIехь. 2) Хехо виллина корах арахьоьжура. 3) Силаман некъ тхан юьрта юккъехула чекхболуш бара. 4) Некъахочо гали цIера юххе охьахIоттийра. 5) Хи чохь гуш дара къорза тIулгаш. 6) КIант гIожаца цIергара дечигаш кегон вуьйлира. 7) Некъахой цIера юххе дIатарбелира. 8) Ламанхо кхоь- руш вацара. 9) ЦIерпошт дIайолаелира аьчкан некъаш тIехула. 10) Коч цунна тIехь товш яра.
Упражнени № 5. Шакъаьстина къастамаш шакъаьстина боцуш а беш, тIера схьаязъе предложенеш.
1) Тарсал, хьуьнхахь тхаьш лаьцна йолу, оха дукха ца Iаш дIахийцира. 2) Ша тIехь, бIаьстенан малхо таьIначу басе берзийна болучу, некъан тачанаш дара. 3) Дас, аьлларг ца диначу кIантана оьгIазвахана волчу, цунна хьехар дан сацам бира. 4) ТIай, дис- тина деанчу хиэ дIадаьхьна долу, сиха меттахIоттийра. 5) Можа
чайтаIаш, хIинца а тIе мас яланза йолу, бена чуьра хьалакъедара.
-
Къамело карзахваьккхина волу со, наб ца кхеташ, дикка Iийра. -
Нежнаш а, пепнаш а, стелахаьштиго кегдина долу, шайн къена гIодмаш стигала а кховдийна Iара. 8) Хил дехьарчу меттига тIехь, коьллаша а, меънаша а дIаюьзна йолучу, гуш дара берда тIе хьа- ладаьхна хин-кеманаш. 9) Поэма, поэто язъеш йолу, вайн къоман дIадаханчу дахарх лаьцна хир ю. 10) Книга, лулахочуьнга ехна еъна йолу, аса хьалха ешна хиллера. 11) Алкханчаш, бIаьста схьакхочур йолу, керлачу цIаьлгаш чохь дIатарлур ю. 12) Хаттар, аса хьехархо- чуьнга делла долу, жоп доцуш ца дисира. 13) Олхазарш, къилбехьа дIадоьлхуш долу, буса садаIа охьалахло. 14) ЦIа, некъа йистехь долу, жима а, тиша а дара. 15) Сан накъост, кеста новкъавер волу, цхьа бутт баьлча схьавогIур ву.
Упражнени № 6. Грамматически кхачамбацарш нисде.
-
Машинисто шен дахарехь дуьххьара йолаялийтира электро- воз, дукха хан йоццуш курсаш чекхъяьхна йолу. -
ЖаIуьна тхан цIе гира, лаьмнашкахь буьйса йоккхуш йолу. -
Аьрзу ломан бохь тIе охьалахъелира геннара схьаеана йолу.
5) Кема аэродром тIе охьахиира, Москвара схьадеана долу.
Шакъаьстина юххедиллар
Юххедиллар ша билгалдечу дашах схьакъаьста:
а) цIерметдешнашна хьалха, тIехьа латтахь. Масала: Вай, мартанхой, хьанал къахьега декхарийлахь ду махкана а, халкъана а хьалха;
б) даьржина юххедиллар (хьалха а, тIехьа а хилча) дозуш долу дош юкъара дош цIердош делахь. Масала: Тхан махкахь, лор- терапевт, массара а лоруш а, дика тIеоьцуш а яра;
в) дозуш долучу долахьчу цIердашна тIехьа даьржина, даржа- за юххедиллар делахь. Масала: Iаднан Шахбулатов, композитор, шуьйра вевза вайн махкахь.
Упражнени № 1. Билгалдаха шакъаьстина юххедилларш. Йийца сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш.
1) ПохIма долу композитор, пианист Iаднан Шахбулатов, дукха сиха волавелира музыкехь кхиамаш баха. 2) Соьлжа-ГIала, вайн мехкан коьрта шахьар, хаза денлуш схьайогIуш ю. 3) «Бож-Iела», Хамидовн лийрйоцу комеди, тахана а хIиттош ю Нурадиловн цIарахчу театрехь. 4) СаьIид Бадуев, нохчийн литературин бух- биллархо, вайн махкахь цIеяхна яздархо ву. 5) Аманды Асуханов, художник, дика вевза вайн махкахь а, дозанал арахьа а. 6) ХIара шурин кад белла суна лулахочо, тхуна юххехь Iаш йолчу зудчо.
7) Юьртахочун кIант, Муслим, юьртахь а билгалваьллера шен гIиллакхца а, дикачу амалца а. 8) Сан юьртахо, университетан студентка Iайнаъ, билгалъяллера хIинцале а шен дикачу дешарца.
-
Вай, дешархой, декхарийлахь бу дика деша а, махкана пайден хила а. 10) «СтелаIад», берийн журнал, дукха хенахь дуьйна берийн дахарехь шен меттиг дIалаьцна схьадогIу. 11) Юнус Дешериев, гIараваьлла Iилманча, нохчийн мотт талларехь дуккха а белхаш язбиначарах ву. 12) Етт, пекъар, ша бажа лаьллинура цIабогIуш, цкъа цхьаннан кеберта хIуттуш хилла, цара чу ца битича– вукхуз- хьа. (Н. С.-Хь.)