Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3123
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Предложенийн тайпанаш
Предложенин коьрта тайпанаш цхьалхе а, чолхе а предложе- неш ю. Цхьалхе предложени цхьана грамматически бухах лаьтта, масала: Юьртан маьждигна хьалха сарахь пхьоьха хIуттура – грам- матически бух пхьоьха хIуттура. Чолхечу предложенин шиъ я цул сов грамматически бух а, цхьалхечу предложенин доллу предика- тивни дакъош а хуьлу: Мархаш дIасаевлира, гучубелира бутт. Шаьш къона, нуьцкъала, хIайт-аьлла мел ду, диканиг дан кIадо ма елаш!
Цхьалхе предложени
Цхьалхе предложени тайп-тайпана дIахIоттам а болуш, грам- матически маьIнашца къаьста. И башхалла шина тайпана пред- ложенешца билгалйолу – шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а.
ШинахIоттаман предложенехь грамматически маьIна довзуьй- ту шина коьрта меженца, масала, Мовсар сингаттаме вара. Майда яссаелира.
ЦхьанахIоттаман предложенехь грамматически маьIна цхьана коьртачу меженца билгалдолу, масала: Чохь бийшаза бара. Арахь дукха сиха Iаржъелира.
Упражнени № 1. Муьлхачу терахьехь ду нийса жоп гайта.
Грамматически баххашка хьаьжжина, предложенеш хуьлу:
-
цхьанахIоттаман -
шинахIоттаман -
цхьалхе -
чолхе.
Упражнени № 2. Муьлхачу чIагIдарца реза хила мегар дара ала.
Шайна чохь коьртаза меженаш хиларе хьаьжжина, предло- женеш хуьлу:
-
яьржина 4) яржаза -
юьззина 5) цхьанахIоттаман -
юьззина йоцу 6) шинахIоттаман
Упражнени № 3. Дийца, стенца реза хила мегар ду? Жоп бакъонца чIагIде.
Предложенин грамматически бухан дIахIоттаме хьаьжжина, предложенеш хуьлу:
-
цхьалхе 4) яьржина -
цхьанахIоттаман 5) чолхе -
шинахIоттаман 6) яржаза
Упражнени № 4. Предложенийн чаккхенга а, вукхузхьа а оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Таблици чу предложенийн номерш хIиттае.
Предложенеш шайца: | I | II |
цхьа хаам берш | | |
хаттар дерш | ||
айдар дерш | ||
тIедиллар, тIедожор, дехар дерш |
-
1) Ламазаш ас кIезиг дира-те хьуна ДоIанаш хьурмате хиланц-те хьуна (Ш.-I.)
-
Ма сацабейша мукъам ма сацабейша БIаьргех хи даллал велха-м дог оьший (Г.Б.) -
Лаахь хьайн ирсе сатийса ахь Нехачуьнга куьг ма кхийдаделахь (М. М.). -
Ма хаза хилла дуьненан дахар
Ма боккха хилла дахаран мах (Х. Я.)
-
Лайлахь йолчу бешах терра Къайле ю-кх дахар дерриге (А. М.) -
ХIун деш Iа хьо.. ХIун деш Iа хьо тIаккха Ца доккхуш дуьне сан багара (Осп. Къ.) -
Iаьржа духар дуьйхина йолаелла буьйса
Хьийзадо цо суьлхьанаш Iаьржа пIелгаш туьйсуш (Б. Х.)
-
Собардел накъостий сацабел пондар а
Ас шуьга ладоьгIуш дикка хан яьккхи (Ц. Ш.)
-
Стенах ю-техьа хьан ойла
ХIай къайле – адаман ойла (А. Л.)
-
1) Со нанас доIанна айинчу куьйгаш тIехь кхиъна Къонахийн кхача ас дуьххьара сайн деца биъна (А. А.).
-
ХIей тулгIенаш шу ма хьаьдда йоьлху (С. М.) -
Декахьа хIай сан аз даима халкъаца (С. Б.) -
ГIаддайна де эшна ягIахь барзах а йийр ю ас хьаша (С. Хь.) -
НеIалт хуьлда тIамна неIалт хуьлда Хийла дахар тIамо сацадо ( Р. Ш.) -
Лулахо ладогIал цкъа цхьа а вац хIинца
Къен-миска, цхьадика шу а бац къийса (Яр. Ю.)
-
Алахьа хIай сан дог хьо хIунда деттало Хазачу кху дийнахь ахь хьанна сагатдо (А. Р.) -
Орцан дукъах дато маIаш туьйсуш батто сагатдо (С. А.) -
Я хийла хелхарехь ловзийна когаш
Хьо ялош бац-техьа йиллиначу метте (М. З.)
Упражнени № 5. Дийца, хIунда ю лахахь ялийна текст еша хала. Предложенийн дозанаш къастаде. ТIера схьаязъе, предложенийн чаккхенга оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош.
-
Iуьйре дохк хIумма а гур дуй-техьа олий хетало амма дохк новкъа дац дохк хилча шело кIеда хуьлу лай тIехь дерг гуш хуь- лу куьзган чохь санна юьртана гена валале хьо кхочу хьамцийн, элхьамчийн коьллаш юккъе кхузахь декаш хеза олхазарш говрахь вогIу стаг гича уьш къаьхкина гена а ца довлуш коьллаш кIел а, тIе а охьаховшу цунах цецвала тарло хьуьнан къайле ца хууш верг хIорш ду вайн махкахь Iа доккхуш долу олхазарш шоршалш ю церан цIе тидам бича коьллаш кIелахь гуш дара хьамцийн а, элхьамчийн а легнаш чкъоьрнаш хьуьн чуьрчу олхазарша «той» динера кхузахь.
-
ХIара-м хьан ю дингадан лар иза тамашена экха ду дегI дут- къа деха жима ду цуьнан даар ду кегий дехкий а наггахь олхазарш а иза Iай ло санна кIайн хуьлу наггахь цIоганан юьхьиг Iаьржа а йолуш оцу гоьрга кIелхьара схьаяьлла шена ижу лаха араяьллера иза хеталуш дара хIокху доккхачу лайлахь хIун карор яра цунна дингадо шен дегI дуьйлина сатта а дина цкъа хьалха ладуьйгIира тIаккха кхос-кхоссалуш чехкачу боларца гена доцчу Iина йистехь боллучу къеначу юьхкан орамашна чу яхара. (Хас. Хь.)
Упражнени № 6. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязъе предложенеш. Дийца, хIун тайпа предложенеш ю уьш.
-
Оцу хенахь коьллаш тIехула гучубелира Iаьржа куй тIаккха – и тиллина корта а
-
Зеламха – хазахетта мохь а болуш дуьхьалхьаьдира Солта- мурд -
ХIун до ахь Iовдал Хьуна мичара хаьа и стенна я хьаьнца вогIу гIам-гIим дира ГIушмазукъас -
Хьо мичара вели Вада-м ца ведда хьо -
Собардехьа Цкъа хи мала ас -
Я аллахI ХIинца цхьаьна ду-кх вай элира гелдаганхочо -
ХIа охьаховший цкъа хIума кхалла со ламаз дина воллушехь -
АIузу биллахIи мина шайтIаниражим
-
«Матка Боска Езус Мария Къинхетам бей кIелхьара ваккха- лахь Матка Боска ХIун де аса – детталора коьртехь
– Чуиккхича ХIан-хIа тIулгаша отур ву Ахча делча дIахоьцур вац-те Ахча делча капитан Хитрово а ма вахийтинера цо дIа Вуьйр ву-те цо Вуьйр ХIан-хIа Чуэккха веза Я.. хIан-хIа Ахча Ахчано хIуъъу а ма до Дош лур ду.. тIаккха ТIаккха ТIаккха аса цунна бан ма-беззара бекхам бийр бу (Сар. Хь.)
Упражнени № 7. ДIаеша. Къастаде, муьлха тайпа предложенеш ю лахахь ялийнарш. Жоп бакъонца чIагIде.
1) Амма Тамара къаръяла а, юхаяла а ца туьгура: «Лойша суна цуьнан адрес! Со гIур ю цунна тIаьхьа». 2) Ма юхъхьара а ву хьо, кIант! 3) ГIатта, хазаниг, самаяла, гIуллакхаш ду вайшинга хьоьжуш! 4) Хьалха цуьнан воцуш цатерг вара иза, ткъа собранехь массарна хьалха хьеставала, мотт хьекха хIоьттира. «ЭхI-хIай, Асвад, муьлш бу ахь хьайн гонаха баьхнарш!» 5) Ма хаза, ма ис- баьхьа дара сан бешара стоьмийн заза! БIаьстенан шелоне дийхира аса: ма кховдадахьара аша цунна тIе шайн Iожаллин куьйгаш! 6) Вала везачу стеган ницкъ кхочурий-техьа царах бакъдерш къасто, харцдерш дохо? 7) Гой хьуна, хIара юрт яккхал долу ловзар кху- нах делош, аьшнаш веш оцу делан мостагIчо лелориг! 8) – ДIа ма яьллахь! – мохь туьйхира Олхазара. Иза волчухьа а йирзина, йоI эсала елаозийра. 9) Ва, нана-бусалбанаш, орца дала. БIо богIу! 10) Суьйранна регIан дукъал тIехьа къайлаболу малх санна, дIаелира бералла. 11) Же, чехка гIой, хи да. Дера бац хьо а моз дутту моза, моз дуу моза бу-кх. Хьажал, сиха юй дукха?.. 12) Аса хоуьйтур ду хьуна со мила ю! – мохь беттара зудчо. – Хьо цунах
дохко ца валахь, со-со яц-кх хьуна! (О. Х.)
Упражнени № 8. ТIедожаран предложенешна кIел сиз хьакха. Къастаде, хIун тайпа тIедожаран кеп ю церан чулацамехь: тIедиллар, дехар, тIедожар.
-
– Яхийта кху чуьра шиммо а! – эххар а мохь белира воккхачу стаге. (Сар. Хь.) 2) – ЛадогIал, нах! – Юьртден ХортIин цIогIане аз даьржира хIаваэхь. 3) – ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу бер-
риг сайн мохк дIалур бара-кх аса оцу динах. ГIой мах бийцахьа цуьнца. 4) – Дуьлойша, цIа гIо вай, Iаьлбаг? – доттагIчун белша тIе куьг туьйхира Къайсара. 5) – Шу ледара ма хилалаш. Хьаькамаша шайга, сийначу цIерга лелха алахь, бIаьрг-негIар ца тухуш, юкъа- лелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла ялийтий цIа ма дерзалаш. 6) Шаьшшиъ тIекхочуш, ша тIаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара. – Хьо хьалхавала, Iаьлбаг. 7) – Шел- луш ву-кх хьо, Берса. Малхе валий вайша? 8) – ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бара царах. 9) – СхьатIехилал, кIентий! Хабар дита. Жимахалла кхечанхьа лелор аша. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, ма Iелаш! 10) Аравала кху чуьра! Яхийта! Юхаерзае!–хиллачух эххара а кхетта, говраш дIаозийра вукху салтичо. 11) – Ахсом мукъане а лохьа, Асвад. Аса кхин а пхи хен бохьур бара хьуна. I2) – ХIан, дIаэца. Амма айхьа тIедохьурш диканаш харжалахь. Хьажал айхьа беанчуьнга. Берриг шеддаш, пIенда санна, гома. 13) – ХьалагIаттал. Схьахьажал соьга. Гой хьуна, со шек а яц. Хьайна паргIат дIахьо. Дала