Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3112
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
ТАЛЛАМАН БОЛХ
ТIедахкарш: 1. Цатоьаш долу элпаш а, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. 2. Чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенийн грамматически баххашна кIел сиз хьакха. 3. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенийн кеп билгалъе, церан дакъош вовшахдузучу гIирсашка хьажжий.
-
Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенийн схемаш хIиттае. -
Билгалйина предложени синтаксически къастае.
Малх тоххарехь дIа а буьзнера дерриг латта IиндагIо дIа а лаь- цнера. ЦIеначу хIаваэхь хаалора тайп-тайпанчу бецийн а, зезагийн а хаза хьожанаш.
Тхан некъ дIабоьдура я нисса тай тоьхча санна болучу я тIе хIума кхоьллинчу стагах терачу некъаца. Ши-кхо чак..арма дIавахча дIабузучу маьлхан цIоьллехь цхьаъ вукхунна тIаьхьа гучудийла дуьйладелира лекха акхтаргаш. Царна тIаьххье къега доладелира хи т..къа суна хьалха туьйранахь санна исбаьхьа сурт хIоь..тира. Говр-ворда Iадда йита дезара хIунда аьлча тхан кхидIа болу некъ кIоргачу басехула а, коьл..аш юк..ехула а дIабоьдура. Лекхачу гу тIехь лаь..тара тхо т..къа тхуна лахахьа чохь кIорга Iин дара, маьI- маьI..ехь евл..а кондаргаш а йолуш. Цу Iин чохь шерачу экъан тIехь акхтаргаша лар а еш хино шен лепарца хьеста а хьоьстуш дIатаръе.. лера юрт. Иза хIинца йижина яра. Цуьнан цIенош момсар йолу лек- ха маьждиг а дит…аш а боьл..ачу боданехь халла къаьстара
делахь
а хинан шерачу акъари тIехь гуш дара церан гIаларташ. Лаха чохь хи ю..хехь хиларна тIуьна а шийла а яра чуьркийн а сагалматийн а вой дара гIаьт..ина хьийзаш хIаваэхь. ЦIе лато дийзира тхан хIе.. те а чуьркаша садаIа ца дуьтура тхо, чиркхана тIегу..ло пол..арчий санна тхуна гонах хьийзара уьш. Холчохь дара тхо я юьрта чу даха дезара тхан я кхин цхьа сацам тIеэца дезара.
ЦIех..ана хьаькхначу махо де..риг а дIанисдира бакъду тхо башха тешаш-м дацара тхайн баьл..ачу аьтто..на. Кхузахь буьйса як..а севцира тхо, амма гIолениг хоьржучохь дацара гIул..лакх.
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Синтаксически къасторан план
-
Предложенин тайпа, аларан Iалашоне хьаьжжина. -
Чолхечу предложенина юкъа йогIу цхьалхе предложенеш, церан грамматически баххаш. -
Чолхечу предложенера цхьалхечу предложенешна юккъера уьйран тайпа. (хуттургийн, хуттургаш йоцу). -
Цхьаьнакхетаран хуттургаш (дозаран, духьалара, къасто- ран), чолхечу предложенехь цхьалхе предложенеш вовшахтосуш йолу. -
Чолхечу предложенин маьIнин мехалла (дагардар, дуьхьа- лара, хиламаш цхьаъ вукхунна тIаьхьа хилар). -
Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш къастор (хьажа юххедилларе).
Синтаксически къасторан кеп
Талорхой гIала юхахьаьвдира, амма ткъех дол гена бовлале, цигара некъ бихкира дошлоша. (Гайс. I.)
Барта къастор
Предложени дийцаран ю, айдаран я хьадаран яц. Шина цхьал- хечу предложених лаьтта. Хьалхарчу предложенехь грамматически бух бу талорхой юхахьаьвдира, шолгIачу–некъ бихкира дошлоша.
Предложенешна юккъера уьйр–хуттургийн. Уьйран гIирс–дуьхьа- лара хуттург амма. Предложенийн вовшашца йолу юкъаметтиг– дуьхьалара.
Йозанца къастор
Талорхой гIала юхахьаьвдира, амма ткъех дол гена бовлале, цигара некъ бихкира дошлоша. (Гайс. I.)
===== , амма=======
Дийцаран, айдаран, хьадаран яц, хуттурган уьйр, юкъаметтиг дуьхьалара.
Упражнени. Синтаксически къастае барта а, йозанехь а шишша предложени. Муьлха предложени къастор яц аша? ХIунда?
1) Уьш юха а ловза буьйлабелира, ткъа цу шинна вовшийн хьажар хIинца баккъал а сингаттаме хеталора. 2) Цунна езара хIара ша вина юрт а, шайн
дахаран теш хилла лаьмнаш а. 3) ТулгIенаша аьгна хийист лахара кеггийра чукерчара, амма берд тешаме бара.
-
Массарна а гуш сирла-хьаьрса Нурседа цIена шен нана яра, бакъду амал дениг кхаьчнера цунна. (Сул. М.) 5) Я тачанкина хьалха хиъна Iаш стаг а вацара, я цунна тIехь кхераелла, йоьхна, мохь хьоькху зуда йоцург, кхин адам а дацара. 6) Ахьмад воцучу ловзаран башха чам ца кхетара кегийрхойн вовшахкхетарх марзо эца Iеминчу баккхийчу нехан, делахь а юьртахойн шовкъ йоцург а доллура цунах. 7) Важа цIе яьккхича а дика вевзара юьртахь Ахьъяд, хIетте а цуьнцара доттагIаллин юкъаметтигаш шегахула хадо ца лууш, дIакхоьхьуш вара Эдилсолта. (Яс. М.)
Пунктуационни къасторан кеп
-
Предложенин чаккхенгахь чаккхенан сацаран хьаьркаш. -
Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш вовшех къа- стон сацаран хьаьркаш. -
Предложенера къасторан а, билгалъяккхаран а хьаьркаш.
Пунктуационни къасторан кеп
Хазалла дикалле ца хьоьжу, амма адамаш цо дика до.
Барта къастор
Предложенин чаккхенгахь чаккхенан сацаран хьаьрк–тIадам, предложени дийцаран йолу дела. Хьалхарчу предложенина а (ха- залла дикаллле ца хьоьжу), шолгIачу предложенина а (…адамаш цо дика до) юккъе, хуттургана амма хьалха запятой хIоттайо – чолхечу предложенера цхьалхенаш вовшех къасторан хьаьрк.
Йозанца къастор
Хазалла дикалле ца хьоьжу, амма адамаш цо дика до.
===, амма====
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
-
Я дохк дуьжура, я цIеххьана догIа долалора. 2) Вайн къам Казахстанера цIа доьрзур ду кестта, амма шу-м хир дац царна юккъехь. 3) Бодане делахь а, шийло-о дара тоьли чохь. 4) Я массо гIаланашкахула волавелла лела веза со, я массо ярташкахула лаха еза и йоI, милицера жоп даллалц. 5) Иванан зудчо къахетта, доггах тIе а ийцира шайн лулахо, Наташас Халадна дядя Халит аьлла цIе а тиллира. (Нун. С.-Хь.) 6) Цхьабакъду, кху Iай пальтош а тIехь-м Iара классашкахь, январан денош къаьсттина шийла а даьхкира, ткъа хьалхенгахьлера шорто а яцара дечигна. (Сул. М.)
КАРЛАДАККХАР
Талламан хаттарш
-
Муьлхачу предложенех олу чолхе-цхьаьнакхетта предло- женеш? -
Цхьалхечу предложенешна юккъерчу маьIнийн юкъамет- тигашка хьаьжжина муьлхачу тобанашка екъало уьш? -
Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь маца пайда оьцу дозаран, духьалара, къасторан хуттургех? Масалш даладе. -
Чолхечу предложенешкахь хуттургаш йоцург, кхин хIун уьй- ран гIирс хуьлу дакъалоцуш цхьалхе предложенеш вовшахтосуш? -
Муьлха сацаран хьаьркаш а, маца а хIиттадо чолхе-цхьаь- накхеттачу предложенешкахь?
Упражнени № 1. Исбаьхьаллин произведенеш тIера бархI тайп- тайпанчу хуттургашца а, маьIнашца а йолу чолхе-цхьаьнакхетта предложени схьаязъе.
Упражнени № 2. Сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Грамматически баххашна кIел сиз хьакха. Муьлха чолхе предло- женеш ю текстехь. Синтаксически къастае чолхе-цхьаьнакхетта предложени.