Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3105

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

бац вай хIора а

шен аьтто хилчахьана тоам беш хуьлу. 4) Берриш хила беза тIеман говзалла хууш оха пхийтта шаре гIоьртина бераш тIеман говзаллина Iамадо. (А. А.) 5) Деккъа цхьа хума дара цунна маслаIат дийриг цунна шена а ма ца хаьара хIара хьал кхузахь хIуттур дуй. (А. А.).

6) Харачошкара хIор кIуьран цIарах цхьацца туьма гIуда даьккхи элистанжахой Теркайисте кхалхий. 7) Сулейманна ша цхьана юкъана ткъе итт шо хьалхалерчу замане юхавирзича санна хетара хIетахь санна сирла дара кхунна дуьне гар гонаха тIамо дакъаза- даьккхина Iалам. (Ахм. М.) 8) Нохчийн мотт хьо биц а бина хаа безаш белахь со цхьа а мотт ца хууш вуьсийла Нохчийчоь хьо кIезга а лоха а хетта кхочуш делахь со дуьне дааза вуьсийла. (Ав. Л.)

9) Цхьаьнггара юхалург баьккхина бацара кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь. (К. М.)

        1. 1   ...   76   77   78   79   80   81   82   83   ...   91

Синтаксически къастае предложенеш





  1. Къам ца кхиъча – мотт ца кхуьу, матто кхуллу Даймохк а. (Бекс. М.)

  2. Аса дешдерг нехан дуьхьа ду, цундела хаьа суна суо нийсачу новкъахь вуйла. ( Кад. А.-Хь.)

  3. Айкхаша биначу хаамах овкъаран басахьчу динахь хилла бере–Дубин доттагI, цIеяххана наиб СаIдулла вара. (Эльс. И.)

  4. Амма пхи минот а ялале, говрахь веаначу эпсаро хаам бира, шаьш долучохь нохчаша деккъа шаьлтанашца-таррашца даккхий зенаш дина аьлла. (Эльс. И.)


КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)



Хаттарш:

  1. Синтаксис грамматикин дакъа дуй?

  2. Къастам предложенин коьрта меже юй?

  3. Подлежащи коьртаза меже юй?

  4. Инфинитив предложенин муьлхха а меже хила йиш юй?

  5. Подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йилла мегий?

  6. Цхьалхе цIеран сказуеми хуьлий?

  7. Цхьалхе хандешан сказуеми хуьлий?

  8. Подлежащи билгалдашах хила мегий?

  9. Кхачам предложенин коьртаза меже юй?

  10. Сказуеми предложенин коьртаза меже хила йиш юй?

  11. Хуттурган гIоьнца тIетухучу предложенин кеп билгалъ- яккхалой?

  12. Муха къаьста хуттург хуттурган дашах?

  13. Хуттургаш йоцучу предложенех хуттургаш йолу чолхе предложени ялой ?

  14. Терахьдош сказуеми хила мегий?

  15. Йишин йовлакх берта къастам буй?

  16. ЦIердош сказуеми хила мегий?

  17. Дийцаран предложенин чаккхенга тIадам буьллий?

  18. Сказуемина кIел ши сиз хокхий?

  19. Кхачамо дожарийн хаттаршна жоп лой?

  20. Маца? бохучу хаттарна жоп къастамо лой?

  21. Юххедиллар къастаман кеп юй?

  22. Кхачам къастаман кеп юй?

  23. Кхачам лач хуьлуш хуьлий?

  24. Подлежащи дийриг дожарехь хила тарлой?

  25. ШинахIоттаман предложенехь цхьа коьрта меже юй?

  26. ТIедожаран предложенин чаккхенга тIадам буьллий?

  27. Предложенехь коьртаза меженаш яцахь, иза яьржина юй?

  28. Урхалла цхьаьнакхетаран уьйран кеп юй?

  29. Юххедилларна къастамна санна хьокхий кIел сиз?

  30. Нийса кхачам хуьлу ала мегар дуй?

  31. Цхьалхечу предложенехь тире юьллуш хуьлий?

  32. Цхьалхечу предложенехь пхи запятой хила тарлой?

  33. Бехкаман латтам хуьлий?

  34. ЦIердош предложенин меже юй?

  35. Морфологи синтаксисан дакъа дуй?

  36. Къастам коьртаза меже юй?

  37. «Шалха» терахьдош дуй?

  38. ТIедерзар предложенин меже хуьлий?

  39. Къастамо «хIунда?» бохучу хаттарна жоп лой?

  40. Кхачамна кIел хедийна сиз хьокхий?

  41. «Малх чубуьзира» предложенехь малх кхачам буй?

  42. «Сийна бIаьргаш болу йоI» предложени яьржина юй?

  43. «Ловза ваха» предложени цхьанахIоттаман юй?

  44. Айдардош подлежащи хила мегий?

  45. Сказуеми хандешан хIоттаман хила тарлой?

  46. «Тахана хIун де ду?» предложени дийцаран юй?

  47. «Къегина» боху дош сказуеми хила мегий?

  48. «Бодане» боху дош латтам хила мегий?

  49. Дош «мIаьв» подлежащи хила тарлой?

  50. Дийцаран предложенин чаккхенга хаттаран хьаьрк хIотто тарлой?

  51. Предложенин чаккхенга ши сацаран хьаьрк дилла мегий?

  52. Хенан а, меттиган а дурсаш йозанехь стенца къестадо?

  53. Предложенин шакъаьстина меженаш йозанехь стенца къестайо?

  54. ТIетуху предложенеш коьртачу предложенин цхьана дашах йозуш хуьлий?

  55. ЦхьанахIоттаман предложенехь ши коьрта меже хила мегий?

  56. Цхьалхе предложени юкъадалочу дешнашца бен чол- хейолий?




ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2





  1. ХIун тайпа чолхе предложенеш ю текстехь?




  1. чолхе-цхьаьнакхетта а, хуттургаш йоцу а чолхе предложе- неш;

  2. еккъа цхьа чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;

  3. чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а;

  4. хуттургаш йоцу чолхе, чолхе-карара, чолхе-цхьаьнакхетта


Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лач- къало, ткъа гуш доцучу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шаха кхуьу церан къайленах. Бер мел генахь делахь

а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, ненан даг чу лазаман ов хьаьвза. Нагахь дуьненан шайхаш белахь, ненан дог – шайх ду.

Декъаза дара нохчочун ненан дог. Берех самукъадаьлла то- хадалар кIезиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь къаьсттина. КIант вича, цунна хаьара иза шен воцийла. Цунна лаахь а, ца лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза: халкъан вара. ХIетта кога ваьлла кIант, гIаш юккъе сара а боьллина, маргIал лестош, волавелча, нанна хаьара цхьа пхийтта шо даьлча, иза хал- къан гIуллакхан дуьхьа кех вер вуйла. ТIаккха дуьйна дIадолалора ненан Iазап. Iуьйранна цунна тIаьхьа хьоьжура, Деле воьхура, доIанаш деш. Миччахь а цхьанхьа говрийн, я чехкка вогIучу стеган когийн тата хезча, я лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегIе зуз хьодура, хIинца-м вийна валош ву хьуна иза, Везан Дела, хIара де тIекхачале суна Iожалла ца ели-кх ахьа бохуш. Иштта дIаоьхура шераш, иттаннаш шераш, хIор денна нана юьйш
, денъеш, хеназа къежъеш. Оцу халачу, кхерамечу шераша дахчийнера ненан дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана я лама эххар а иза шен луьрачу чевнашца, цIеша а вуьзна, вертанна юккъе а хьарчийна, цIа валор вуйла. Цуьнан хIинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, я къоьжа корта, хебарша аьхна юьхь ша цкъа тIаьххьара а хьостур юйла.

И де кхана кхочур я лама кхочур, хаац. Амма хIор нанна тIе кхача герга дара иза. (Айдамиров А.)

  1. Грамматически гIалат шеца долу предложени гайта





  1. ЧIагIо лорура ялх аьрша лекхачу тIулган пенийн гIап биъ са болучу кепехь йина. (Ош. Х.)

  2. Хьалха заманахь, оьрсийн паччахьа Шемалца бен тIом дIабаьлча, паччахьан кIант веана хилла Веданахула Къоьзан-Iам тIе. (Ош. Х.)

  3. Иштта нисделира: ламанхойн баьчча Таймин Биболат Ер- моловс бертахь эпсар вина шен эскаре ваьккхира. (Ош.Х.)

4). Дитташна а, коьллашна а юккъехь чанан лараш яра хаалуш ког баькх-баьккхиначохь.
  1. 1   ...   78   79   80   81   82   83   84   85   ...   91