Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3168

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Латтамаш



Латтамаша гойту дар, хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу: маца? мичахь? хIун Iалашо йолуш? хIунда? муха? Шайн маьIнашка хьаьжжина, латтамаш хуьлу: даран суьртан, хенан, меттиган, Iалашонан, бахьанин, бехкаман, бараман, дуьхьалара.

Даран-суьртан латтам



Муха? мича кепара? бохучу хаттаршна жоп а луш, дар, хилар муха кхочушхуьлу гойту даран-суьртан латтамо.

Стенах кхоллало

масалш

  1. куцдашах

  2. цIердашах

  3. деепричастих а, цуьнан карчамах а

  4. хандешан латтаман форманах а, церан карчамах а

-ча суффикс йолу латтаман форма санна бохучу куцдашца;

-чуха бохучу суффиксаца йолу хан- дешан форма;

-шен лардехь долу мукъаза аз шал- хадолуш йолу лаамечу причастин форма;

-хотталург дожарехь долучу масда- ро а, терра бохучу куцдашца

Чехка догIура догIанаша дестийна хи. Маьхьарца къилбехьа дIадоьлху ол- хазарш.

а) Ловзуш, вогIура кIант урамехула схьа.

б) Хьо новкъа воьдуш, буьйса йолла- чу юьртахь яккха буьйса.

Делча санна, Iуьллура цхьогал.
Шена и ца вевзинчуха, тIехвелира цунна Нохьа.
Цхьанна а ца вевззарг, йиттинера кIантана.
ДIавахаре терра, дIа а кхечира не- къахо.


Къастаммий, даран суьртан латтаммий вовшех эбеш меттигаш нисло, хIунда аьлча цу шингга а луш долу хаттар цхьаъ ду: муха? Цул сов шайн формица а цхьатера хуьлу уьш. Къастамо хIуманан билгало гойту, ткъа даран суьртан латтамо даран-хиларан билгало гойту. Луш долу хаттар а даран суьртан латтам и белахь, хандош- сказуеми тIера ло, къастамна – цIердашна тIера. Масала: Сиха (къастам) амал йолуш стаг вара иза. Сиха
(латтам) йогIура кIанта хаьхкина говр.
Упражнени_№_1._Оьшшучохь_сацаран_хьаьркаш_а_хIиттош,_схьаязъе._Сацаран_хьаьркаш_хIиттор_бакъонца_чIагIде._(Срез).'>Упражнени № 1. Оьшшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. (Срез).


  1. Маса богIура кIентий.

  2. Дешаре терра мах а хадабо оцу дешархойн.

  3. Шабаршца догIура бIаьстенан хиш.

  4. Цхьанне а ца гурриг къайлавелира иза.

  5. Къанвелларг берах тарлой лела.

  6. Шена ца хезачуха Iара кIант.

  7. Хазахеташ вогIу и юьрта хьошалгIа.




  1. Цкъа а ца йиъча санна хьоьжура иза банане.

    1. Гулбеллачеран суьйре дика еш чубаьхкира мехкарий.

    2. Шен гIора ма-дду дIатеттира цо и тIулг.


Упражнени 2. Даран суьртан латтамаш билгал а бохуш, тIера схьаязъе предложенеш. Дийца, уьш муха кхоллабелла.
1) Шена хIумма а ца хуучуха, кег а деш, хIилланца къамел дора БIаьргбаьллачо хIинца. 2) Юха гондахьара массо а хIума схьала- хьо дагахь волучуха, леррана дIасахьаьжира обарг. 3) Цу тийначу арене ладогIа сецча санна, и шиъ вист ца хуьлуш дикка хан елира. (Мам. М.) 4) Шена бан болх лоьхуш, къахьегар марзделла, майра кIант лийлира, кIадвалар ца девзаш. (С. Б.) 5) Хилий вай массаьр- ца дог-мерза, ийна! Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и! (Х. I-Хь.) Оцу хене хоьжуш Iийча санна, вукху шиммо шаьлтанаш баттара ехира. (Г. I.) 6) Сов сиха хьийзара нана, яхьара цаьпцалг я цIоз. (Э. Х-М.)

7) Вайна оьшург кабинет тояр дац, болх бан ма беззара дика ца бича, гIуллакх хир дац. (Хам. I.-Хь. ) 8) ДIаделла салам дIаэца уьш ца

кхуьуш, схьаделла жоп хаза хIара ца кхуьуш, сирачу дино вадийна, тIехъиккхина кIант. (Н. Ф.) 9) ЦIеххьана цхьана хIумано къовзийча санна, чехка хьалаиккхира Зайнди. (Бад. С.) 10) ГIовгIанца иккхина эвла, дистина хи санна, айъалуш гIаьттина. (Мам. М.) 11) Вуьшта хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз воккха стаг шена ца гучуха Iара, корах ара а хьоьжуш. (Каг. Д.) 12) Шен карарчу гIожаца жIаьла хьовзийра кIанта. (А. I.) 13) Балдаш велхарца озаделлера сан, мера чу цхьа муьсталла хьаьдира, бIаьргаш а лаьттара хих дузуш.

14) Аса ха дан хIоттийна ши кIант вогIура шаьш ма-валлу, шай-шай хьалхавала а гIерташ. (Бекс. М.) 15) Ца довззал хийцаделира цу минотехь дерриг а Iалам, дукха сиха дохк хIоьттира тхуна хьалха.

  1. Ахьа дехаре терра ду-кх сан жоп а. 17) Дайчу боларахь вогIура къена Даду шен эвла. (О. Х.)


Упражнени № 3. Фразеологизмаш куцдешнашца хийца.


    1. Ког ма-боллу ведда вогIура кIант.

    2. Са а, бода а къастале веара иза.

    3. Шен пхи пIелг санна бевзара цунна болх.

    4. БIаьрг тIера ца боккхуш, хьуьйсура нах Адам хелхаволуш.

    5. Наха куьйгаш тIехь лелор волуш стаг ву иза.

    6. Цундела уьш лерг диллина ладоьгIуш Iара хуьлуш долу- чуьнга.

    7. Вай са а, пха а ца кхоош, хьанал къахьега деза.

    8. Тховх туйнаш детташ ехийла хьо дуьненан ирсехь.

    9. Деллахь ду хIара ахьа дина гIуллакх – цIена куьг тоьхна.

    10. Шен цIий а, са а доьхкина дина Султана цIенош.

    11. Ахьа чета боьхкина лелийна наибаш мичахь бу хьан?

    12. Ши бIаьрг а хьаббина ца до иштта гIуллакх.

    13. Хиънехьара со ши куьг ластийна хьуна дуьхьал вогIур вацара.




Бараман латтам


Хууш ма-хиллара, бараман латтамо гойту даран, мухаллин дарж а, барам а. Цо жоп ло мел? муьлхачу барамехь? бохучу хат- таршна.


Стенах кхоллало







  1. Куцдашах

  2. Хандешан латтаман форманех:

-лл суффикс йолуш;

-ма дакъалг а йолуш;

Мел?

Мел?
Муьлхачу барамехь?

Хийла бIаьрг биттина цо лома.
Ахьа бепиг диинчулла, аса туьха диъна.

Шега ма-тоххалу, шед туьйхира цо говрана.


-санна бохучу куцдашца цхьаьна;


Мел?


Лекха лаьмнаш шайна тIе шаршу тесча санна, кIайделла дIахIиттира.

3. Инфинитивах я цуьнан карчамах.

Мел?

И цхьогал дIакхалла сан- на, гома хьаьжира цуьнга борз.

Упражнени № 1. Бараман латтамаш кIел сиз хьакхарца бил- галбаха. Ала, уьш стенах кхоллабелла. Оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде. (срез).


      1. И берриг хьокхам цкъа дIакхаллал мацвеллера со. 2) ТIе дама хьаьрсича санна, кIайн яра хьархочун юьхь. 3) БIаьрго схьа ма лоццу генахь яра и шера аре тхуна. 4) Ахьа латта аьхкиначулла аса гIум а кегийна-кха. 5) Вехха Iийра со и цIа варе хоьжуш. 6) Шен ницкъ ма-ббу дIагIертара охуна деш болу сту. 7) Вехха лийлира иза шена девзаш долчу цIенойн юккъешхула. 8) Генна дIа бIаьрг кхарстийра цо-хийлазза дуьхьалтийсина, оцу дехачу шерашкахь самах ган хIара хьегна лаьмнаш дара анаюхехь сенлуш схьагуш.

9) Цуьнан самукъа кийра ца тардаллал доккха дара. ЦIогIа тоха, илли ала, хелхавала