Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3114
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Упражнени № 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Уьш хIитор бакъонца чIагIде.
-
Метафора кхечу маьIнехь дош далош, исбаьхьаллин суртхIотторан гIирс бу. 2) Поп, наж, пха вайн мехкан хьуьнан ба- хаман мехала дитташ ду хIорш. 3) Поп уггар а доккха дитт ду вайн лаьмнашкарчу хьаннашкахь. 4) Вайн хьаннашкахь долу дерриг а бохург санна дитташ гIа долуш ду. 5) Къоман мотт цкъа а гIел ца лун, юх-юха а задоккху халкъан синкхача бу. 6) Мохк безарехь вай цхьана а къомал эшна дац, дерриге дуьненна иза дIа а гайтина.
-
Зеделларг уггар а тоьлла хьехархо. 8) Ма ирс ду иза массо а хIума дан хууш хилар! 9) Дахар хийцар иза ша а хийцавалар ду. 10) ХатI доцучу духарехь вар хIусамда цаларар санна ду. 11) Яздар адаман къинхьегаман цхьа тайпа. 12) ХIаъ, адаман баккхийчех къийсам иза деган кураллица бен къийсам бу.
Хандешан хIоттаман сказуеми
Хандешан хIоттаман сказуеми шина декъах лаьтта – коьрта а, дозуш а долчух. Цуьнан коьрта дакъа инфинитив ю, гIоьнан дакъа хандош ду. Инфинитиво сказуемин лексически маьIна гойту, ткъа гIоьнан хандашо – грамматически маьIна. Масала: Дукха хан а ялале сан сагатдала доладелира.
Хандешан хIоттаман сказуемина хIара хаттарш хIитто тарло: хIун дан лаьа? хIун дан хаьа? хIун дан юьйлира? хIун дан кечве- лира? хIун хила мега? хIун хила тарло? хIун хила дулу? хIун дан вулу? и дI. кх. а. Масала: Суна университете деша ваха лаьа. Арахь шелъяла йолало. Со хьаьжкIаш тило йолаелира.
Хандешан хIоттаман сказуемехь инфинитивца цхьаьна лиела тарло хIара гIоьнан хандешнаш: лаа, дола, гIерта, тара, кечвала, хаа, хIотта, мага, хьажа, волавала, тардала, тохавала, тига, сихвала, ялла, озо, хьаха, эша, деза, кхиавала, кхиа и дI. кх. а.
Масала: Хьуна цхьа а тайпа цатам бан ца лаьа суна. Са- рахь майда яссаяла йолаелира. Кестта стихаш язъяр дитира аса. Iуьйранна малх схьакхетаре хьажа лаьара цунна. Цара боххург дан кийча бара уьш.
Упражнени № 1. Сказуемин тайпанаш а, хилар а. Таблицех пайда а оьцуш, сказуемин тайпанех лаций дийца. Шайн масалш даладе цу чохь долчийн метта.
Цхьалхе сказуеми | ЦIеран хIоттаман сказуеми | Хандешан хIоттаман сказуеми | ||
Цхьа хандош муьлххачу а цхьана сатта- мехь | ГIоьналлин дакъа | Коьрта дакъа | ГIоьналлин дакъа | Коьрта дакъа |
Билгала лааран тIедожоран бехкаман |
|
| ГIоьнан хандош цхьана саттамехь | Инфинитив 2. деш- наш: лаа, доло, дола, гIерта, тара, хаа, хIотта, мага, деза, кхиа, хьа- жа, озо, эша, тига. |
Аса хастам бо вайн Далла. Дийцахьара ахьа бакъдерг. Схьадийцал, хIун гуллакх дохьуш веана хьо. Аса хьан декхар чулоцур дара. | Шозза шиъ – диъ ду. ХIара а дерриг а дац. Со цу гIуллакх тIехь цIена ву. ГIала йижина яра. ХIадет суна евзаш ю. Гадаев вайн къоман поэт ву | Иза бешахь болх бан во- лавелира. Суна деша ваха лаьа. Дукха ца Iаш кIант вел- ха озийра. Вешин кIант сацо ца кхиира воккха стаг. |
Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш. Подлежащи а, сказуеми а схьалаха. Дийца, муьлха сказуемеш ду царах цхьалхе, муьлха – хIоттаман.
-
Суьйре герга гIоьртича, цхьацца-шишша вогIу-уш, дук- кха а адам гулделира рузбанан маьждиган майдане. 2) Махкахь хIоьттиначу хьовр-зIоврана мелла а юьстаха лаьттинчу хIокху юьрта а кхаьчнера хIинца ерриг а ДегIастанах кхетта уьнан ов.
3) Бале дала гIертачу хIуманан бала хиллал хIораннан а сагат- динера оцу хьоло. 4) Маьждиган пенаца хIиттийначу гIанташ тIе охьахевшира уьш. 5) ГIаж таккхолверг верриг а схьавеана, юьзира майда. 6) Амма гулбеллачех дукхахберш баккъал саготта бара юьртахь хиллачунна. 7) Цхьаъ ца дича ца долура, динарг дуьтийла-м муххале а яцара. 8) Зулам динарг мила ву а хуур дара, цунна бекхам а бийр бара. 9) Иза-м хала а дера ма дацара, кхин тIаьхье йоцуш хIара дуьсург хилча. 10) Ца дисахь? ТIаккха хилларг диц а деш зулам хила тарлора юьртана а, юьртахошна а.
11) «Дала диканца дерзадойла хIара» –
бохуш, кортош техкадора баккхийчара. 12) Ткъа кегийнаш деро-о гора, лата а, тоха а, Iотта а кийчча.
(Юсупов Iусман.)
Упражнени № 3. ТIера схьаязъе предложенеш. Сказуемин кеп билгалъе: 1) хандешан цхьалхе сказуеми; 2) цIеран хIоттаман ска- зуеми; 3) хандешан хIоттаман сказуеми.
1). Оцу хаттарна жоп соьга далалур ду. 2) Сан кечвалар деха дацара. 3) Сингаттаме хьоьжу со кегийрхойн хиндолче. 4) Иза а вара оццу факультете деша ваха дагахь. 5) Де сирла а, декхна а дара.
6) Шина а агIор дитташ долчу некъаца догIура тхо. 7) Воккхачу ста- га дина хьехар чIогIа хьекъале карийра суна. 8) Когийн, куьйгийн пIелгаш цхьабосса дац. (кица). 9) М. Гадаевн поэзи – вайн халкъах, Даймахках лаьцна ю. 10) Юьртан йистерчу майданахь тийна ду.
11) Цкъа Iалавдина тIекхача хьожур ву со, тIаккха беша хи дилла а гIур ву. 12) Вайн уггар а нуьцкъала герз–дайн оьзда гIиллакхаш ду. 13) Фонетика – иза къамелан аьзнийн хьокъехь Iилма ду.
-
Дас-нанас бохучуьнга ладугIуш хила.
Упражнени № 4. ХIокху хаттаршна жоп луш долу сказуемеш шайна чохь долу предложенеш хIиттае: хIун дан лаьа? хIун дан хаьа? хIун дан юьйлира? хIун дан кечвелира? хIун хила мега? хIун хила тарло? хIун хила дулу? хIун дан вулу?
Упражнени № 5. Хандешан хIоттаман сказуемехь инфинитавца цхьаьна лиела тарло хIара гIоьнан хандешнаш: лаа, дола, гIерта, тара, кечвала,
хаа, хIотта, мага, хьажа, волавала, тардала, тохавала, тига, сихвала, ялла, озо, хьаха, эша, деза, кхиавала, кхиа. Уьш юкъа а далош, предложенеш кхолла.
Упражнени № 6. Хандешан хIоттаман сказуеми шеца долу пред- ложенеш тIера схьаязъе.
-
«Хьайна тIулг тоьхначунна бага пуло тоха!» – цхьа кица ду узбекийн. 2) ХIинца а лаьтташ яра цуьнан гIамарх йина гIала.
3) Нийса-м ду нохчийн кица «кIеда аз хезча, мостагI волу къинтIера» бохург. 4) Даккхийчу хаттаршна жоп дала кечвелла Iеламстаг санна гонах долий, тийначу амалца коьрта тIе дай-н ку- ьйгаш хьоькхуш, ворхI шо долу Шалкет теван гIерта Iалам. 5) Шен хIусамнана чоьхьа яьллачохь сецна шен ойланаш, туьппалга тIера тай санна, дIасалиста волавелира иза. 6) Меллаша ког боккхуш, чухула дIа а, схьа а лела волавелира Шалкет. 7) – Хье тIе дума билла безара цунна, корта дIатуьйр бара! – Хье тIе ма биллийша дума, бага биллийша! – мохь хьовкхура кхетамчуьра ваьллачу ХIарона.
-
ТIаккха арахь йолу котамаш, тIекхетта шаьш харцийначу текха чуьра, дама даа хIиттира. 9) – Делкъ-ламазан хан тIекхаьчна хьуна делахь, – аьлла, молла Мохьмад ламаз дан хIоьттира. 10) ТIаккха Iедал емалдан волавелира иза, маьттаза мел дерг дуьйцуш. 11) Iаь- нан юккъера бутт шийла хуьлу ГIиргIазойн махкахь. 12) Ишттачу шийлачу махо еттачу шакарца цхьа дог-ойла йоьхначу стагах терра гуш дара цIийна тIехьа ша цхьаъ лаьтташ долу акхтарг. 13) Ша- дерриг дуьне хета Баймарзина меца. (Мут. М.).