Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3117

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе.


          1. – Дика ойла еш, ладогIалахь, Ахьмад, тховса оха хьайна тIедеанчу гIуллакхе. 2) И хабар хIокху Сепиятан бертахь ду мотта- делира суна. 3) Шуна девзаш ма дуй вайн нехан оьзда гIиллакхаш: нагахь, тIекхуьуш бохкуш мостагIий а болуш, царах ведда вогIу лурвоьлла стаг, шен кхин волийла ца хилча, тIекхаьчначу зудчунна хьошалгIа эккхаш меттигаш лелла хилар. ТIаккха, оцу зудчо шен коьртарчу йовлакхан тIома кIел и лаьцнехь, мостагIашна эхь ду цу стагана тIекхевдича. 4) Шун къамелашна новкъа делахь, шу паргIат а дуьтур ду оха. 5) Шун дахар ирсе хуьлда, Iодика йойла…

  1. Бакъахьа даьхкина, баркалла, охьаховшал шу. 7) И иштта ца хил- лехьара, кIелдIахула суна тешнабехк бийр бацара цо. 8) ХIинццалц забаршца а, бегашца а хIара гIуллакх бертахь, эсала схьадеанехь, хIинца нус кхераеллера, хIара баккъаллина тIедаьлча. 9) И йоI хал- лакьхуьлучура кIелхьараяьккхинарг ша вацахьара, хецца цуьнца шен къамел дийр долуш вара Iабдулла.10) – ХьалагIатта! Жоп ло айхьа диначунна, аьлла, вистхилира Iабдулла. 11) Же, валолахь, Ахьмад, путевка язъел! Аса хIинцца вахана, автобуса тIехь билеташ дохка цхьа чIегIардиг кечдо кхунна. (М. Яс.)


Упражнени № 3. Лааран саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе.


    1. Къиг сийначу стигала ялахь а, лечане кхачалур яц. 2) НIаьна кхойкхуш яцахьара сатосур дацара-те? 3) Хинан гечо ца довзахь,


цу чу ма вала. 4) Маттаца ма сихло, деш долу гIуллакх сихде.

5) Хьайна хезнарг ахьа хьалххе схьадийцинехьара, кху хьола тIе дер дацара хIара гIуллакх. 6) Вайн илланчаша олуш хезний хьуна:

«Элан кIеза аганара ма гIоттийла, берзан кIеза Iуьргара ма долий- ла». 7) – Бехира соьга эвлахь: «Дукха ма дешийта кIанте. Тоьур ду писар хиллал йоза Iамийча». 8) Шаьш гуллуш ду аьлла соьга хаам бан стаг ваийтина велара ахьа. 9) Топ шен долахь хилар уггар доккха дезар дара кхиъна вогIучу кIентан а, воккхачу стеган а.

  1. ХIора шарахь а дагIахьара шу тхо долчу садаIа. ВогIу лурвоьлла стаг, шен кхин волийла ца хилча, тIекхаьчначу зудчунна хьошалгIа

  2. Хьоме хьеший! Аса веза лоручу Узун-Хьаьжина лаьа Шеми- лан заманаш юхахIуьттийла. 12) – Ма кхералахь, Амади! ТIе вала тIулгана. (Х. Ошаев.)


Упражнени 4. ТIедожаран саттаман хандешнех хилла цхьалхе сказуемеш шайца долу предложенеш тIера схьаязъе.


    1. ЛадогIалаш хьоме хьеший! Тоьпаш тхуна карор ю, амма вежарийн цIий Iано лохур яц оха уьш. 2) Маршалла хийла хьуна а, Амади! Сил хьалхе стенга ваха кечвелла хьо? 3) Лула хьеший баьхкинчохь синкъерам бара, цига ягIахьара хьо. 4) Нагахь имам ву аьлла ша къобал а вахь, шен кхачанан лаьжгаш а эцна, кхуза схьагIортаза Iийр ма вац Нажмуддин. 5) Нохчашний, слободкерчу оьрсашний юккъехь цхьа цатам балале дIагIахьара шу кхузара.


6) Шаьлтана пхьеро ша шаьлта юхкуш олура: «Керстана ма Iуттийла ахьа, бусалбанна ма тухийла ахьа» 7) Со цкъа дIаволла, тIаккха мукъ бу шуна, шайна лаахь бев довла. Ши хаьштиг догу, ша цхьана хаьштигах кIур туьйсу. 8) ГIалат ма волийла хьо, воккха стаг! 9) – И кафир гой хьуна? Дика хьажалахь… мила ву, хьенан ву..Виц ма лолахь... элира Нажмуддис. 10) ЛадогIалаш! Нохчийн кица ду: «Буй тоьхча гIаж тоха, тIара тоьхча герз тоха» бохуш.

  1. Бата! И-х Iаьржа Леча ву! Хьажахьа, цо хIун боху. 12) Нагахь арахь, кхаш тIехь Iажаркх яьлча, ялташ кхиа ца дуьту цо. 13) Вай- на тIаьхьа дукха адам хIоттахь, вайга уьш эшалур бу. 14) – Дика ладогIалахь цара дуьйцучуьнга, вайна цхьа тешнабехк бан кечлуш бу хьуна уьш. (Х. Ош.)

Упражнени № 5. ТIера схьаязъе. Предложенешкахь цхьалхе сказуемеш билгалде.
Къилбседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу махо лоьк- хура дерзина дитташ. Дошан баса йирзина, кхоьлина догIанан мархаш Iаьржа сомалкхаш охкийна, кхохкийна кхозура. Дагна хийра, оьгIазе хеталора тIера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьм- нийн Чатлакхан даккъаш. Юткъа шок етташ лай тIера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш кхерстара. Адамийн дегнашна тIе сингаттам туьйсуш маьхьарий хьоькхура тIехула хьийзачу къийгаша. Дерриге а Iаламехь хила ма деззара хуьлуш, шена ма тов чекхдолура и шийла Iа. ТIедогIучу бIаьстенан
меттиг мукъа а боккхуш и Iа кхин цкъа юха а ца дан дIадерза дукха хан ца йисинера. (Айд. А.)


ХIоттаман сказуеми



ХIоттаман сказуеми шина декъах лаьтта коьрта а, гIоьналлин а. Коьртачу декъо дар, хилар билгалдо, ткъа гIоьналлинчо хенан, саттаман грамматически маьIна довзуьйту, ткъа иштта, подлежа- щица уьйр а тосу. Масала: Цуьнан корта хIинцале а къежбала болабеллера.

ХIоттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитивах я цIеран декъ- ах лаьтташ хуьлу. Цуьнга хьаьжжина къаьста цIеран хIоттаман а, хандешан хIоттаман а сказумеш.

ЦIеран хIоттаман сказуеми цIеран декъах а, гIоьнан ханде- шан хоттамах а лаьтташ хуьлу. Масала: ЦIенош даккхий дара. Майрбек тахана оьгIазе вара.

ГIоьнан декъо грамматически декхарш бен кхочуш ца до. ХIокху сказуемехь хIоттам хилла ву, хуьлу гIоьнан хандешнаш лелла ца Iа, хета, ган, ларадан, каро боху хандешнаш а лела тар- ло. Масала: Суна цо динарг хьекъале хета. Цо даим а шен кIант бакъво. Мамакаев Мохьмад аса дика поэт лору.

ЦIеран хIоттаман сказуемина хIара хаттарш хIиттадо: мила ву? хIун ю? муха ю? стенан ю? маса ду? мосалгIа ю? хIун деш ю? Масала: И хас тхан ду. Аманды Асуханов художник ву.

Арахь екхна ю. Юьртара бераш майданахь ловзуш ду. ЦIаста

металл ду.


Сказуемин цIеран декъо грамматически маьIнаш билгалдеш дакъа ца лоцу. ХIуманан тайп-тайпана билгалонаш йовзуьйту цо – дикалла, дукхалла, хьал, долахь хилар и дI. кх. а. Масала: Iаьнан чилланахь Iуьйренаш цIевзина хуьлу. Iаднан Шахбулатов ком- позитор ву.

ЦIеран хIоттаман сказуемин дакъа коьртачу декъана хуьлу:

    1. цIердашах: Сан нана хьехархо ю.

    2. билгалдашах: Генарчу ломан баххьаш шекаран кортош хеталора.

    3. терахьдашах: Кхузза кхоъ исс ду.

    4. цIерметдашах: И коч цуьнан ю.

    5. причастих: Говраш йожаза яра.

    6. деепричастих: Мовсар суна вевзаш ву.

    7. куцдашах: Ахьмадан кроссовкаш хаза ю.