Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3110
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Къастам кхоллало
1) билгалдашах | Жимачу халкъо шен паргIатонехьа къуьйсура. |
2) гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а цIерметдешнех | ХIара кIант хьуна тIе вало лаьа суна. Ерриг а майда адамаша хьалаюьзнера. |
3) рогIаллин терахьдашах | КхоалгIа шо дара хIорш кху махкахь беха. |
4) хандешан билгалзачу кепах | Юьрта ваха сацам бина аса. |
5) причастих | Лоькху пондар дагна там беш бара. |
6) причастин карчамах | Доггах аьлла дош кхача деззачу кхочу. |
Лач кхачам а, бертаза къастам а вовшех иебеш меттигаш нисло, уьш къасто хаа деза. Доланиг дожаран кхачам доланиг дожаран къастамах муха къаьста аьлча, доланиг дожаран къастам шен цIердашна хьалха а хуьлу, цул сов, иза лаамечу формехь ала йиш а
хуьлу шен маьIница. Ткъа доланиг дожаран кхачам шен маьIница лаамечу форме хийца ца мега, цул сов, доланиг дожаран къастамо хIуманан долахь хилар я и хIума стенах йина, я и стенан цIарах ю а къастадо. Иштта доланиг дожаран кхачамо хIума стенах йина а, я долахь хилар а ца гойту, цуьнан форма доланиг дожаран хилар бен, цундела иза лааме форма йоцуш хуьлу.
Масала: ХIаронан книгаш библиотекин книгел кIезиг ю. Лааме форма: книгаш ХIаронанаш, библиотекинаш;
аннийн керт - аннийниг;
кибирчигийн цIенош - кибирчигийнаш...
Аса тидам бира цуьнан. Адама чIогIа терго йира шен вешин.
Сан лома ваха деза. КIант шен ден метта балха вахара.
Юкъара маьIна: кхачаман уьйр хандашца-сказуемица хуьлу, къастаман уьйр цIердашца хуьлу. Сан
чIогIа гIaйгIa ю сайн хьомечу Нохчийчоьнан.
Упражнени № 1. ДIаеша. Къастаде, билгалдаьхначу дешнех муьлхарниг бу къастам, муьлхарниг – кхачам.
1) КIант шен ненан метта балха вахара. 2) ШолгIачу гIатта тIе волучу ламин тIемаш чIогIа схьалецира Асвада. 3) Пеша тIехь экъан чохь йоттучу сискалан гIайгIа йора нанас. 4) Туь- ран-тоьпан чов йирзина, меттан чов ерза тигац. (кица). 5) Мел- лаша цуьнан юьхьа тIехула шершира къоначу акхтарган IиндагI.
-
Къаьсттина чIогIа тидам бора Халида чIерийлецархойн гIирсийн. 7) Стигалан гар, хи ца кхоош йилича санна, цIена а, сийна а дара. 8) ГIезалойн юьртахь совцийра тхо дарцо. 9) Дуьне- нахь массанхьахула а дIахезна, Тимар шен кIант лоьхуш ву аьлла. (Н. Ф). 10) ХIордана тиллинчу аьчкан тIай тIехула дехьа а ваьлла, лаьттах доллучу доккхачу ор чухула лаьтта буха вахара со. (Н. Ф).
Упражнени_№_2._ДIаязъе_предложенеш,_къастамашна_кIел_сиз_а_хьокхуш._Барта_билгалбаха_берта_а,_бертаза_а_къастамаш.'>Упражнени № 2. ДIаязъе предложенеш, къастамашна кIел сиз а хьокхуш. Барта билгалбаха берта а, бертаза а къастамаш.
-
Лекхачу лаьмнийн кура ирхъихна кIайн баххьаш дара гуш таханлерчу хIокху сирлачу дийнахь доккхачу Теркана дехьара
схьа. 2) Жимачу корехула некъан мокхачу асанца дIахьоьжуш, шен ирачу бIаьргашца а, дог-ойланца а уьш тIеуьйзуш Iара хенаро стаг. 3) Иза вара, оьрсийн паччахьо кху махкахь шен олалла дар- жо схьахьажийна веана, Павел Потемкин. 4) Къуръана тIехь долу хIуманаш шена пайдехьчу агIор а хьийзош, Кавказерчу къаьмнашка кхойкхуш ву
боху иза – пайхамаран пачхьалкхе а юьллуш – цхьана къоме дерзаре. 5) ГIийло богура хьакхаран къуьда, жимачу цIа чохь шатайпа хьожа а яржош. 6) Маьнгин сонехь, цициг санна, хьаьрчина Iуьллура жима кIант, Iаьржа бIаьргаш хьеше а хьежош.
-
Кхин а дIанехьа гуш лекха хьун ю, сийначу стигала лаккха ирх- дахана баххьаш а долуш. 8) Тамашена, оьздангаллех вуьзна стаг ву иза! 9) ХIара тIемаш болуш хIинццалц ойла ян ца кхиънера Чеченский. 10) Хьаьжна малх а боцуш, кхоьлина дара тахана де.
11) ТIекхечира шолгIа де. Боларехь говраш йохкуьйтуш вогIучу кху шинна тIеIоттавелира вевза казакийн эпсар. (Гайс. I.)
Упражнени № 3. Бертазчу къастамашца яржийна предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, муьлхачу къамелан дакъойх кхоллабелла уьш.
Июнь чекхболуш бара. Наггахь палати чу кхетара алан а, туьркийн а тамехь хьожа. И хьожа кхетча, пенах корта бетта лаам хуьлура, кхо бIаьргаш дIахьабдешшехь гIенах лекха лаьмнаш дуьхьалтуьйсура. Шена берахь дуьйна гина долу дерриг лаьмнаш гIенах а гора цунна. БойсагIарна гина долучу уггар дикачу денойн суьрташкахь хуьлура гIенаш. Цкъа хьалхахIуттура, Шелана юх- хехь, бай тIехь, бIаьста гIалгIазкхех шаьш майра летар. ТIаккха Салаватехь хьалххе бIаьсте ялар, тIаьххьара лелина хьакхар сан- на, малхехь лепа тIехь ша болу лаьмнаш, лекхачу, месех тилла къеначу аьрзунах терачу акхтаргашна юккъерчу кIотарахь шен а, веллачу Ахверды-Махьмин а хилла цхьаьнакхетар. Ткъа цул тIаьхьа – Терка тIехь эрзашлахь хала яьккхина буьйса, хийистерчу шочана юккъехь тIуьна, тамехь хьожа йолчу хIаваэхь халла са а доьIуш, оьрсийн агIор тIелата кечделла, топ къуьйлучу буйнахь дог деттадалар хаадалар.
Цуьнан шовзткъе кхойтта шо дара, амма цуьнан дахар атта, паргIат дIадахара. Цунна и дерриг а дага а догIура, дерриг довза
а девзара. Говррий, герззий доцург – я бахам а, я доьзал а хIумма а дацара цуьнан. Цундела цунна къаьсттина халахетара, дийна воллушехь дIавоьллича санна, шена дезачу дахарх ша гуттаренна а ваккхар шен вахаран коьртадерг хилла болучу тIаме юхаваха шен цкъа а таро хирг цахилар. (Петр Павленко.)
Упражнени № 4. Къастамаш билгалбе.
-
Диллинчу корах чекхболура мох. -
Пондарчина дезара хIара цIа. -
Баганан хьуьнхахь ирзохь лаьтташ дара цIа. -
Цул гIоле цIа дацара. -
ЦIийна хьалхарчу зезагаша цIен куйнаш дагадохкуьйтура. -
Чутоьхна аннаш когаш кIел цIийзара. -
Яздан деза хан тIекхаьчна. -
Нохчийн пешана пхи гIулч тIеваха дезара. -
ХIинца тамаше дерг дIадолалур ду. -
Тишделла цIа цIийзаш лекхадала долалур ду. -
Сан ирсана, дахарехь таханлера де саннарш а хуьлу. -
Хилира башха, бозбончаллех долу хIума. -
Сихачу боларца нахана тIе вахара иза. -
Иза нохчийн мукъам бара. -
Цуьнга ладугIуш яра пхийтта шо хир долу йоI. -
Сийначу бесан бIаьргаш даккхийдеш хьуьйсура лекхачу лаьмнашка. -
ПохIма долу композитор вара и мукъам баьккхинарг.
Упражнени № 5. Бертахь къастамаш шайца болу предложенеш схьалаха.
-
Гуьйре йовха лаьтташ яра. -
Малх кхетта де даим а тамехь хуьлу. -
ХIаваэхь кхачаме, дурс-аьлла цIеналла яра. -
Олхазарша шайн тIемашца цоьстура и хIаваъ. -
Хьуьнан хаза хьожанаш тулгIенашца схьаоьхура. -
Хи тамашена чIугъеттарца доьдура. -
Стигал кIорга а, цIена а яра. -
Iаламехь исбаьхьа хазалла яра дерригенна урхалла деш. -
ГIаларчу стагана ишттаниг гур ду бохучух ца теша со.
Упражнени № 6. Бертаза къастамаш шайца болу предложенеш схьалаха.
-
Стоьла тIехь малаза йисина шура чохь йолу куршка яра. -
Хьун тIеттIа юкълуш яра. -
Ортханан коьллаш хи йисте кхаччалц яра. -
Со садаIа веfна. -
Дерриг а хьуьнан бодашкахь довра. -
Ден куьйгаш а, белшаш а суна тешаме гIортор яра. -
Жимчохь дуьйна езара суна хIордан гIара. -
Беларийн, забарийн, маьхьарийн оьла. -
Цхьа сахьт даьлча вухавеара иза, канашкахь кампеташ йолуш. -
Массо меттехь хезара берийн деларш. -
Кхузара дIаваха ойла хьалххе кхоллаеллера цуьнан. -
Оцу карзахечу буса белхалойн тобанца бурам тIехь ха деш вара Авалу. -
Цунна тIеюьйхина яра тIергIан кастом. -
Цуьнан вист ца хуьлуш дIавахар цхьанна а ца дезаделира. -
ЦIа чу велира гIеметтахIоьттина буто стаг. -
Оцу къорачу хабаршна, белхаршна, маьхьаршна юккъехула ломан новкъахула лаьнашкахьа дIаюьйлаелира говр-ворданаш.
Упражнени № 7. ХIокху дешнийн цхьаьнакхетаршца предложе- неш хIиттае дозуш долу дош цхьана предложенехь кхачам, латтам хуьлучу кепара, вукху предложенехь цунах къастам беш.
1) Кибарчигех дина цIа; 2) бIаьвнаш тIера байракхаш; 3) жи- жигца чорпа; 4) хинкеманахь некъбар.