Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3106
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
– дакъалг;
– шеца чIагIдар, шеко, дацаралла долу дош. 3 – айдардош я азтардаран дош.
1) – Цаьрца воьдий хьо? 2) Хазахийтира…
– ХIан-хIа. Суо цхьаъ. – ХIаъ. ХIинца дIатийна.
-
) – ХIа! – хазахетар иккхира цуьнгара. ХIинца хьо цунна хIумма а кхераме вац. -
«ХIов!» – оцу минотехь схьадогIу дуьхьал. -
) – Уьш юхабогIур буй?
– ХIаъ.
-
– Маца хилира и хила мукъана а? Iуьйранний?
– Схьахетарехь.
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин хIоттам чолхеболуш, чолхедолу цуь- нан маьIна а, цу предложенехь гучудолу тIедузаран маьIна. Масала, Хьацарна ешна говраш севцира предложенин дIахIоттамехь бу грамматически бух (коьрта меженаш), ткъа иштта подлежащин хIоттамехь йолу коьртаза меженаш а. Предложенин дешнийн къепе
хийцича, хийцало предложенин дIахIоттам а: Говраш, хьацарна ешна йолу, севцира. ТIедузаран маьIна гучудолу: говраш хьацарна ешна яра, ша аьлча, кIадъелла яра. Дуста: Говраш хьацаро яший- нера, цундела севцира уьш.
Цхьалхечу предложенийн чолхеялар а нисло цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца, юкъадалочу дешнашца а, юкъая- лочу предложенешца а, тIедерзарца а, айдардешнашца а.
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Чолхеяларан кеп | масалш |
Предложенин цхьанатайпанара меженаш | Гучудевлира божалш, доьрчий, рагIуш, боккха Iам, беш, тIаьххьара, церан цIа а. |
Шакъаьстина меженаш (къастамаш, кхачамаш, юххедиллар, латтамаш) |
|
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а |
елахь) доккха салам-маршалла а, дика мел дерш а. |
ТIедерзар | Сийлахь Даймохк! Иштта латта хьайна! ЧIогIа лат- та машар ларбеш вайн! (Сулейманов А.) |
Предложенин цхьанатайпанара меженаш
Предложенин цхьанатайпанара меженаш цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а, хуттургаш йолуш а, йоцуш а хуьлу. Цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш кхаа тайпана хуьлу: дозаран-а, къасторан-я, дуьхьалара-амма, ткъа, делахь а, хIетте а, цундела. Хуттургашца йолу цхьанатайпанара меженаш вовшех
къастайо запятойшца. Масала: Ахчанал деза а, туьрал ира а ду хIума довзар. (кица). Ткъа хIаваъ! Ламанан цIена, дегIана аь- хна, амма тIуьна. Бакъду, къасторан хуттург я цхьанатайпанарчу меженашна юкъахь карлайохуш яцахь, запятой ца юьллу. Масала: Цунна ца хаьара тахана шоьтан де ду я кIиранде ду. Я юьрта гергара нах болчу гIо, я воккхачу стагаца цхьаьна мангал хьакха.
Иштта запятой юьллу къасторан хуттург я довзийтаран маьIнехь елахь а: Ламанца ежаш шу, я акха газа яра.
Цхьанатайпанара меженаш цхьанатайпанарчу а, тайп- тайпанчу а къамелан дакъойх лаьтташ хила тарло. Масала: Ба- хархоша ярташкара базара йохка кхоьхьура кIалд, даьтта, нехча, дакъийна жижиг, моз. (нийса кхачам). Уьш дара андий, лекха, майра, самукъане адамаш. (къастам). Беза суна хьо, Даймохк, чIогIа, даим, доггаха. (латтам). Декхнаш, нежнаш, пепнаш ду гуш хьуьнан йистошкахь. (подлежащи). Олхазарш стоьла тIе а гуллора, цу тIера баьпкийн цуьргаш а дуура. (сказуеми).
Цхьанатайпанара меженаш хила тарло яьржина а (шайца до- зуш долу дешнаш долуш), яржаза а. Масала: Голаш а, настарш а еста а йистина кхо кIира гергга хан яьккхира аса. Сан ойланаш, сан цIе, сан белхаш Нохчийчоьнна лерина
аса.
Цхьанатайпанарчу меженашца чолхеевллачу предложенеш- кахь сацаран хьаьркаш.
№ | Запятой юьллу, нагахь: | масалш |
1. | Ц, Ц | Нохчийн проза кхоьллина «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц». |
2. | Ц, ткъа Ц | Хьуна хиира хьайн халкъ, гонахара къаьмнаш довза, ткъа иштта цаьрца мотт бийца а. |
3. | Ц а, Ц а, Ц а | Шело а, йовхо а, хало а цхьатерра ловра цо. |
4. | я Ц, я Ц, я Ц | Я Iелас, я Мухтара, я Авалис баккха тарло толам рогIерчу къийсадаларшкахь. |
5. | Ц, амма Ц | Лойша суна шийла шовда, амма цIена шовда ло. |
6. | Ц, аьлча а Ц | Цуьнан куьйгаш шога, аьлча а тIехь дерташ долуш дара. |
7. | Ц а, Ц а | Жима а, воккха а цхьабосса дуьхьало ян вуьйлира мостагIна. |
8. | Ц, делахь а Ц | Чоь жима, делахь а Iен мегар долуш яра. |
9. | Ц, хIетте а Ц | Дарцо бIаьрг ца боьллуьйтура, хIетте а некъ бора цо. |
10. | Ц, я Ц | Шовдана йисте яжа еанера шу, я акха газа. |
| Запятой ца юьллу, нагахь: | |
11. | Ц я Ц | Де дохделча, бежнаш хийисте я дитташ кIел доьлху. |
Упражнени № 1. Таблицех пайда а оьцуш, цхьанатайпанара ме- женаш шайца йолучу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца, кхин масалш а далош.
Упражнени № 2. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна шайна хуург дагадаийта, хаттаршна жоьпаш ло. Жоп масалшца чIагIде.
-
Цхьанатайпанара меженаш предложенин цхьа меженаш хуьлу я тайп-тайпана? -
Цхьана хаттарна жоп ло цхьанатайпанарчу меженаша я тайп-тайпанчу? -
Цхьана меженах я тайп-тайпанчу меженех йозуш хуьлу цхьанатайпанара меженаш? -
Предложенин массо а меженаш хила йиш юй цхьанатай- панара? -
Цхьанатайпанара меженаш маьIнашца а, грамматически а вовшех йозаелла хуьлий? -
Меттан муьлхачу гIирсашца билгалйо цхьанатайпанарчу меженашна юккъера уьйр?
Упражнени № 3. Дерриг а аларш дуй нийса? Жоп бакъонца чIагIде.
-
Чолхе евлла предложенеш ю шайн структура юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу предложенешца а чолхейинарш. -
Цхьанатайпанара меженаш тайп-тайпанчу дешнех йозуш хуьлу. -
Цхьанатайпанарчу меженаша цхьана хаттарна жоп ло. -
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш хила тарло. -
Цхьанатайпанара меженаш вошахйоза тарло карарчу хут- тургашца.
Упражнени № 4. Хьовса предложенешка. Предложенин цхьана- тайпанара меженаш схьалаха. Къастаде, муьлхачу дашах йозуш ю уьш, муьлхачу хуттургашца вовшахйозаелла. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана дийца.
Шайн совгIатех баккхийбен Мохьмаддий, Iумаррий, Iусманний адам кIезиг лела некъ къастийна, Iаьлбигца регIа хьала волавелира. Толамца ша яьккхина кIайчу маьIан мукъ болу шаьлта а, дети-
ца кхелина тапча а Мохьмадна елира Болата. Доза дацара кIентан воккхаверан. Детица кхолуш, кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIехула тIе, тайниг санна, хаза тапча а.
Элхьамчан, хьаьмцан, стовн диттийн юькъачу хьуьна чухула басех хьалабоьдучу готтачу новкъа, тIаьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, юккъехь
Iаьлбиг, тIаьхьа Болат.
Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйиначу бес- бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кIайчу, стовн дитташна тIерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хIаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, хIорш герга кхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къай- ладуьйлура. Баьццара холхаз хилла, регIа тIе йижинчу варшахь вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш еттара олхазарша, амма берешна ца гора бIаьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхаза- рийн и даккхийдер. ДIадахана 12 шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. (АйдамировА.)
Упражнени № 5. Текстехь цхьанатайпанарчу меженаша чол- хеяьхна цхьалхе предложенеш схьалаха. Къастаде, предложенин муьлха меженаш ю уьш.
Мох белира. Цо лестадора дитташ, дIасаидадора декъа гIаш. Сийначу басахь хьоькху мох бу и. И ца хилча, хIордех колдаш хир яра, ялташ хьийкъар дацара, Iежийн дитташ тIе Iежаш латор бацара. Оцу махца къуьйсуш, тIомаюьйлу аьрзунаш, леккха сти- гала хьалаоьху кеманаш. Сийна мох–иза дахаре болу кхайкхам а, малхехьа, безамехьа, зезагашкахьа бен къийсам а бу. Сийначу махо хедабо маша, цIиндо хIаваъ, иракарахIоттаво стаг. ХIара латта мел деха а, даимна а хир ду и сийна мехаш.
Упражнени № 6. Цхьанатайпанара меженаш билгал а еш, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Предложенехь цара кхочушден синтаксически гIуллакх къастаде.
1) Ткъа нохчий а гIалгIай а кхин масех а халкъ орамаш бух- дохуш шайн даймахках даьхна казахийн аренашка гIиргIазойн, алтайн лаьмнашка даржийна. 2) Дуьненахь нохчийн гIалгIайн гIалмакхойн балкхаройн кхарачойн гIирмерчу гIезалойн а халкъаш хуьллийла хууш цхьа кIеззиг Iилманчаш хир бу. 3) Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта дIа ца лаьцнийла а кхечу халкъан махка тIе а бевлла цхьана стеган цIий ца