Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3128
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латто- чу гIебартойн гIумкийн феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш и шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. (Айд. А.)
Упражнени № 4. Лахарчу предложенех хуттургаш йоцу предло- женеш а еш, схьаязъе. Шайн предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций дийца. Бакъонца чIагIде шаьш олург.
-
Сайн йоккхачу стагах а, вирах а теша со, хIунда аьлча хIор шарахь сайн урд цо дуьйр, чудерзор дуй а, виро и ялта цIа
дохьур дуй а суна хаьа дела. 2) Адамашна чолхе доцу тарикъат дезара, цундела лорура Шемала и нийса. 3) Хьешана реза вара имам, хIунда аьлча иза къона а, хаза а хиларна, коьрта долучу декъана иза гIалгIа а, Шемална гIо вон дечу халкъан векал а хи- ларна. 4) Бурина къилбехьа йолучу Архин тогIера вара, иза а дара дагна тамехь, хIунда аьлча тIеман хьесап деш лерича, мехала а, тамашена а меттиг яра иза. 5) Ахтара лаьзги Мамед-Ивани къена, хIума хууш, говаьлла волу къонах вара, шен ден мотт дика хууш, цундела Iаламат пайдехь вара иза. 6) Нагахь тIехьашха имамана иза тIелатахь, хьалдIашхула тIелетар ду вай. 7) Нагахь ахьа иза ор чохь дукха валлавой, цунах бала пайда бац вайна. 8) Ламчохь ву со Iаш, цундела шучарна со имамана вохкавелла моьтту. 9) Хьаннаш евзаш вацара Аргутинский, цундела цигахь тIеман гIуллакхаш таро ма ю ца дан гIертара иза. 10) Аргутинский къамел
деш массарна а белам хуьлура, хIунда аьлча цунна оьрсийн мотт вон хууш хиларна.
-
ХIоьттина а, кIадвелла а вара Идрис, хIунда аьлча цо наб ен кхоалгIа буьйса яра. 12) Цунна девзара шен халкъ а, девзара шен гIуллакх а, цундела массарна а бала кхочушверг хила хьакъ вара иза. 13) Бойсахар схьалоцуш кхуо бакъонца дакъа а лаьцнера, цундела йийсархочуьнан къаьсттина терго еш вара иза. (П. П. ) 14) Бераш даккхий хилла, цундела церан деша деза.
Упражнени № 5. ДIаеша предложенеш. ТIера схьаязъе. Пред- ложенешкахь тIадамца запятой йилларан бахьана довзийта.
-
Делкъал тIаьхьа ялх сахьт даьлла хан яра; Iимран хьуь- жаре ваха кечлуш вара. 2) Бодано шен йийсаре лаьцна йолучу, бIаьлланган юькъачу коьллашна юккъехула дIа дара некъан тача; со халла дIагIертара хьалхахьа. 3) ЦIенойн пенаш лоха а, цхьац- цанхьа доьхна а дара; дукхахдолу тхевнаш, цецах санна, чекх са а гуш дара. 4) Цуьнан жимачу мера кIелхьара Iаьржа мекх къоламца диллича санна дара, цуьнан горгачу юьхьа тIерачу аьрру агIорчу бесни тIе хьаьжча, хьанна а шаьлта кхетта буйла хуур долуш пурх муо бара. (Бад. С.) 5) Тийна беш ю шовданаш лаьтта бухара хьаладуьйлучохь; дийнахь а, буса а зарзар ека цигахь; цигахь цIен зезагаш, хазаллех даккхийдеш, кхуьу. 6) Суьйренца гIала шелонан
бодано дIалоцура; цхьанххьа догуш чиркхаш дацара, корашкахь гуш серло а ца хаалора. 7) Дагаро сахьийзадора сан; набарза бу- ьйса яккха езар юй а хаьара суна, дикачу стагаца къамеле вала кийча а вара со. 8) Церан дIасалелар а гIаддайна дара, хIумма а дан карахдолуш бацара уьш; гIан-набарха санна
дара церан лелар, хIор минотехь а бохург санна дицлора царна шаьш стенга, хIунда дехи новкъа бохург. 9) Кхузахь цхьа кхерам хир бу бохург дагахь дацара царна; цу агIор, царна хетарехь, къаьсттина тешаме, чIогIа, бохалур боцуш бара тIулган пен. (К. А.)
Упражнени № 6. Къастаде, муьлха сацаран хьаьрк хIотто деза предложенехь: запятой, тIадамца запятой, тире, шитIадам.
-
Тов лах ца лахь некъ бан хала хир ду. 2) Суна хьалха масех мина иккхира цул тIаьхьа латта дегийра. 3) СхьавогIий хьо хьоьга хьоьжуш Iийр ву со. 4) Цхьаъ ду нохчийн вуо барт ца хуьлу церан цкъа а. 5) Суна цуьнан бIаьргаш муьлхачу басахь ду ца хаьара цо уьш схьа ца доьллура. 6) Зударий маьхьаршца шайн бахам кIелхьарабаккха гIертара бераш кхиссалора йогучу цIаре а хьоь- жуш. 7) Эццахь буьйсанан хьоза сингаттаме дека долало коьллаш- лахь пхьид тохало пхьагал кхоссало, боданечу коьллех кхералой.
8) Куьйгаш гIорийнера салоьцура кийрано «харр» дора. 9) Iуьйранна сарралц шена юучунна гIайгIабеш ца хиллехь мацалла велла хир вара сан кIант. 10) Со ирс долуш стаг ву хIор дийнахь хьеший богIу тхоьга. 11) Дечиг суна ца оьшура аьхка оха пеш ца латайо. 12) Цхьаъ ду цуьнца вуо ахча дукха дезаш ву иза. 13) Юхадовлар дихкина дара тIехьа церан лорах тIегIертара буьйса.
-
Кхуо неI тоьхча, жоп дацара хIусамда цIахь вацара. 15) Корта хьаьвзира дерриг дуьне тахка доладелира. 16) Юьртахь электоро- серло яра иза 60-чу шерашкахь ялийнера Гуьржехара.
Упражнени № 7. Муьлхачу предложенийн дозанашкахь церан дакъошна юккъе кхин хьаьрк дилла мегар дара? Гайта, муьлхачун
.
-
Кхунна гонаха мел волучунна мидалш лора, кхунна хIумма а ца лора. -
Иза ламарочух тера вара: аьрзунан зIакарх тера мара, таьIначу басахь юьхь-марш, Iаьржа месаш. -
Кег-кегийра догIа серса стиглара чу Iуьйранна дуьйна: аравала дог ца догIу. -
Даьтта эца дезаш вара иза–нанас дехнера. -
ХIинца ахьа мохь беттахь а, ца беттахь а, мохь хьекхахь а, ца хьекхахь а– цхьанна а хезар дац. -
ХIумма а ца малало соьга – корта лозу. -
Хан-хIа, цо зуда ца ялийра: хьалха цунна шега доьзал кха- балур бац моьттура, ткъа хIинца тIаьхьа ду. -
Сан ладегIар эрна дара–дерриг а довра чкъургийн татанехь а, хар деш бийшиначийн гIаранехь. -
Царах цхьаъ хIара шегахьа верзо гIоьртира–цо иза шен кхиэлаца ор чу йоьллира. -
Маяк йогуш яцара: Iай иза оьшуш яцара. -
Кехат схьадаьккхина, юха а дийшира–дог тохаделира сан. -
Оцу жIаьлин амал цIеххьана хийцаелира: эсалчу, хьеста- лучу уьйригах дера акхаро хилира.
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Къасторан кеп
-
Аларан Iалашонца йоьзна предложенин кеп. -
Чолхечу предложенин хIоттамера цхьалхе предложенеш, церан грамматически баххаш. -
Чолхечу предложенехь цхьалхе предложенеш вовшахта- саран уьйран гIирсаш. -
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенийн дакъойн вовшашца йолу маьIнин юкъаметтигаш; интонацин башхаллаш. -
VI. VII. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш къа- стор.
Синтаксически къасторан кеп
Лаьмнашкахь дарц цIеххьана дIатийра – тхо юха а бIаьвнаш йолучухьа дIадуьйладелира.
Барта къастор
Айдаран йоцу, дийцаран предложени ю. Шина цхьалхечу пред- ложених лаьтта и. Хьалхарчу предложенин грамматически бух – дарц дIатийра, шолгIачун – тхо дIадуьйладелира. Цхьалхечу пред- ложенешна юккъехь хуттургаш йоцу уьйр ю; уьйран гIирс–инто- наци. Чолхечу предложени юкъа йогIучу цхьалхечу предложенийн вовшашца йолу юкъаметтиг хенан маьIнехь ю. Цхьанаэшшарехь еша еза предложени, юккъехь соцунгIа а еш.
Йозанца къастор
Лаьмнашкахь (мет. латтам) дарц (подл.) цIеххьана (хен. латтам) дIатийра (сказ.) – тхо (подл.) юха (хен. лат.) а бIаьвнаш йолучухьа (мет. лат.) дIадуьйладелира(сказ.).
Айдаран йоцу, дийцаран предложени ю, чолхе, хуттургаш йоцу.
Упражнени. Синтаксически талла хуттургаш йоцу предложе- неш.
-
Оцу хенахь вайнехан муьлххачу а юьртахь жахар бааза стаг каро атта-м хир дацара: мискачу нехан Iа дIадолучу хенахь коьрта кхача бу иза. (Юнусов М.) -
Сту бели – жижиг, ворда юьйхи – дечиг. (Кица.) -
ХIинца хьо тхох къастахь – хьо ямартхо ву. -
ХIеттахь стиглахь кхо седа къегира: тхоьга тIелата боху буьйр дара иза. (Ам. В-Хь.) -
Воккхавера Мовсар, башха Iалам дара гонаха бIаьрго схьа ма-лоццу. -
Сан болх кхечу кепара бара: со нохчийн мотт толлуш вара.