Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3108

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш



Ший а коьрта меже – подлежащи а, сказуеми а – шена чохь дерг – юьхьан предложени ю. Юьхьан предложени яьржина а, яржаза а, кхечуьнга йолуш а ца йолуш а хила тарло.

ДIо генна мархаш тIехьахула охьаяьхкина маьлхан зIаьнарш регIа басахь ловзуш лаьттара. (М. М.) Аса къамел чIогIа дог ца догIуш дора. (М. М. ) Мох белира.

Оцу кхаа предложених хьалхара шиъ яьржина ю, ткъа царах шолгIаниг кхечуьнга йолуш ерг; кхоалгIа предложени яржаза ю.

Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино маьIница иза билгалдечух билгала-юьхьан предложени олу. Масала: Дийцахьа, хIунда олу кхунах хазачу йоьIан тIулг? (М. М.)

– Ма хаавелахь говра тIе, жима ву иза хIинца а. (М. М. ) Волахьа тхо долчу а.

Вай масаллина ялийначу предложенешкахь дийцахьа, хааве- лахь, ладогIахьа сказуемеша билгалдо подлежащеш (ахьа, хьо). И подлежащеш сказуемех дIа а ийна, дийца ахьа, хааве ахьа, вола хьо меттана, дийцахьа, хаавелахь, волахьа хилла.
Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. ХIокху къепехь схьа- язъе: а) шинахIоттаман предложенеш; б) цхьанахIоттаман предло- женеш. Коьртачу меженашна кIел сиз хьакха.


      1. Ширачу паркера йовха, юькъа зезагийн хьожа схьаетталора.

      2. Гу тIера гIала дика гуш яра. 3) Базар. Чилланан денош. Кетарш- лахь дитташ. 4) Иза хьешан цIа чохь дIатарвира. 5) КIотар хIинца

а йижаза яра. 6) Ахчанах хьекъал эцалур дац. 7) Марха достучу дийнахь делкъанна дуьйна хьошалгIа ваха кечам беш вара. 8) – Со волчу чу хIунда ца вогIу? Кхана ца вогIуш ма Iелахь. 9) Ткъа юха... ГIала. Юрт. Дуккха а ло, ло. 10) ГIамарш юкъара схьакъеда тайнигийн суьрташ. 11) ДIайижинчу
юьртахь маьI-маьIIехь чирк- хийн серлонаш гора. 12) Делла жIаьла тешийла ахьа дуьйцучух!

  1. Сатеснера. Iуьйренан цIемза, шийла мох. 14) Беран хенахь ада- ман хьекъал бIаьргаш чохь хуьлу. 15) Арахь Iаржъяла йолаелира, шийла мох а хьоькхуш. 16) Бешана гонах нилха коьллийн керт, тиша божал, поппаран лоха цIенош, гIийла богучу чиркхан серло.


Упражнени 2. Предложенеш тIера схьаязъе, юьхьан а, билгала юьхьан предложенешна тIехула билгало а еш.


    1. – Собардехьа, сих ма лохьа. Бакъдерг дийцахьа тхуна. 2) Кавказера гIаьттина олхазар а дIакхача сов гена, акха меттиг яра Тянь-Шанан лаьмнашна юкъахь яйна Арпа-тогIе. 3) – Ма хила- хьа баланна сел суждане оьхуш. 4) Ма ахьа ца лоьхуш, беар-кха хIара бала вайн коча хIетахь! 5) – Собарде, сих ма ло, сапаргIат хила! Буьйсанал Iуьйре сирла хуьлу. 6) Лох-Беташа, меллаша шен юкъ а яьстина, вежаршна хьалха шен герз охьадиллира. 7) Тховса цкъа садаIа, дог паргIатдаккхахьа. Кхана Iуьйранна, ладоьгIна, цхьаъ дер.. 8) Дуьне а, Iалам а къонделла хетара цунна хIинца.

9) Охьавижа! Охьавижа, диканиг! Тхоьга ла ма дегIа. 10) Жима- чу йоIана хоийла дацара Нохчийчуьра шайга баьхкинчу хьешаша деана инзаре гIуллакх. (М. Я.) 11) Ма лаха бахам, лаха Iилма.

12) Дича дохковер волу хIума ма де. 13) – Гечде! Гечде цунна! – божарий а, зударий а белхарца дехарш деш, кхойкхура Джанхоте.

  1. ХьалагIатта, маракхета къеначу голашна! 15) Дерриг а дуьнене дIакхайкхаейша ДжанхотгIеран къонахалла, адамалла. (Яс. М.)


Упражнени №3. Предложенешка

хьовса. Билгала-юьхьан пред- ложенешкахь сказуемешна кIел сиз хьакха.


    1. Шийтта долуш бен дIа ца дийшира. 2) Корта агIор а баьк- кхина ладугIура Iусмана, юха элира: « Тергал ма де. Дийцийта

шайна. ХIинццалц дийцина, кхул тIаьхьа а дуьйцур ду». 3) –ХIей! Тховса тхо долчу синкъераме волахьа!–мохь туьйхира Селима.

  1. Пхьор дечу хенахь кIезиг юура, жижиг-галнашка сатуьйсуш.

  2. Кевнаш схьа а диллина, аратеттира машен урамновкъа, лато дагахь. 6) Собардехьа, хIинцца цIа кхочур ду. 7) Хьала ма гIевтти дуьйлийша, чай молуш Iен. 8) Буса хьуьнха чувоьллахь, четарна юххе. Буьйса цигахь йоккхур ю вай. 9) Дийцахьа, муха дара ци- гахь. Дерриг а дуьйцур ду. Ваьлла муха лийлира а, деша дIа муха тасавелира а, хьеха маца волавелира а. 10) Ешахьа, Аслан, хьан стихашка сатийса кIордийна-кх. 11) Сан шерашка валахь капи- танан чине кхача а мега. 13) Iуьйре. Корах арахьажахьа, жимма хьайн самукъадаккхахьа, гонаха бIаьрг тухуш. 14) ТIаккхахула сан шаьлта ма ехкалахь. Нохчийн Iадатехь эхь ду жимачу стага, гIалакх санна, йоккха шаьлта лелош хилча. 15) ТIаккхахула иштта меттиг хилча, соьга я юьртдега хаам белахь. 16) Хьажахьа, Узун-Хьаьжа, оцу гIуллакхна ала хIума дац. ШариIат тхуна массарна а оьшуш ду.

  1. Керстана ма Iотталахь, бусалбанна ма тохалахь бехира карахь шаьлта йолчу кIанте. (Ош. Х.)



Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш



ХIокху шина предложенехь а цхьа коьрта меже бен ца хуьлу сказуеми. Подлежащи ца хуьлу кху предложенешкахь, хила оьшуш а дац. Билгалза-юьхьан предложенехь гIуллакх кхочушдийриг маьIница хаа йиш ю. Масала: Ялташ чудерзадо аьхка. Ялта чу- дерзадо белхалоша.

Билгалзачу юьхьан предложенешкахь коьртаниг дар кхо- чушдийриг а воцуш, ткъа цуьнгахь дуьйцуш долу дар ду. И дар кхочушдийриг билгалза вуьсу, цундела ца оьшу кху предложенеш- кахь подлежащи.

Юкъарчу-юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг милла а хила тарло, амма иза билгал ца во, хIунда аьлча иза милла велахь а, башха а дац. Масала: Бух боцу черма хих дузалур дац. (Кица.)- Цхьаьнгга а.

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенешна юккъе доза тоха хала хуьлу, уьш вовшех тера йолу дела. Уьш къасто хала

хир дац вай тидаме хилахь. Билгалзачу-юьхьан предложенехь юьхь яц коьртаниг – дар ду, ткъа и кхочушдийриг говзалле я доьналле хьаьжжина, билгалво. Масала: Дикачу адамех лаьцна дукха дуьйцу газеташ тIехь.

Ткъа юкъарчу-юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг мил- ла а велахь, башха а дац. Уьш дукхахьолахь кицанаш хуьлу. Масала: Палс ма-ббу хеца ког.
Упражнени 1. ДIаеша предложенеш. Билгала-юьхьан
а, бил- галза-юьхьан а предложенеш тIера схьаязъе.


    1. Декахьа, деган аз, цу стиглан Iаьрчашкахь, даржахьа дол- лучу лаьтта тIехь. (С. Б.) 2) Нохчийчоьнан ламанца йолучу яртех цхьаъ. (А. М.) 3) Ший а доккха, онда дара, хIоранна а шен баш- халла яра. (Д. I.) 4) Хаалахь, хIораннан хуьлу шех ойла, веше а йийца ца хIуттуш. (М. С.). 5) Иштта хIутту-кх хIокху жайни тIехь. (Ц. Я.) 6) Хьада, гIо хьайна Iелица ловза, дукха ма Iелахь. (Б. М.)

7) ДегIах, цициган чоьш хьекхалуш санна, гилгаш уьдура. 8) Юьхь тIехь цецвалар а хааделла, тIетуьйхира: са даьIча, схьадуьйла чай мала. 9) Иштта деношкахь сарралц лаьмнашка хьежарх ца тоьа.

10) Шайна луъъург де! Саьмгалан молханах эккхахьара хIара цIа! Iаьржа поппар хилахьара кхунах! (Х. О.) 11) Ма лаха бахам, лаха Iилма. (Кица.) 12) Садовш лаьттара. Арахь Iаржъяла йолаелира.

  1. – Иштта хуьлу ламанца, башха дохий а ма хьийза. 14) Вочу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде. (Кица.)


Упражнени 2. ДIаязъе лахахь ялийна предложенеш. Юкъара- юьхьан предложенеш билгалъе.


    1. Тахана кхузахь хиллачух лаьцна хьахо диц ма делахь.

    2. – Алахьа, мичара вели, муха кхечи? Муха дагадеа ван? Сехьа хьалавалий, паргIатвала. 3) Хинан гечо а ца хууш, хи чу ма вала. (Кица.) 4) БIаьстенан мукъамашка сема ладогIа. 5) Итон-Кхаьллара ЧIинаха цхьа сахьт некъ бу Органца. (Х. Ош.). 6) – Собарде. ЦIа кхаьчча дуьйцур ду. 7) Комбайнна тIаьхьа маьI-маьIIехь чанан кесарш. Эххар а комбайнах а вулу. 8) Iаьржачух кIайниг ялур яц.

      1. Iуьйре сарахь хастае. 10) Хьуьнах дечиг ца кхоьхьу. (Кица.) 11) Лаам белахь, дерриг а далур ду дахарехь. 12) Жимчохь дуьйна ларде сий. (Кица.). 13) Юучух кIезиг чам боккхура, чIепалгашка сатуьйсура. 14) Сахьт долуш дIадийшира. 15) Дийца а ца оьшу. Кхийсарш мел оьшу а яйта. Уьнашарахь дуьйна иштта схьадогIуш ду. 16) Кевнаш схьа а диллина, аратеттира силам диллинчу некъа тIе. 17) Воьдуш воллушехь хадалур бац стеган мах.