Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3115
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Упражнени № 3. Предложенешка хьовса. Билгалза-юьхьан предложенеш тIера схьаязъе.
-
Аьхка кхаш тIехь асарш до. 2) Сарахь урамновкахь бIогIамаш тIера стогарш латийра. 3) БIаьстенан белхашна кечам бу беш юьр- табахамашкахь. 4) Новкъахь долу кхо де даьллера, амма хIинца а гIалина гена ца девллера. 5) Цкъа мацца а, кхо кIира даьлча, гIалара схьабеара пиллиг-пондар. 6) Тхо долчу меттигашкахь эшаран мах хадо хаьа. 7) КIант малхе бIаьрг тоха араваккха сацам бира.
8) Хьайн ницкъе хьажжий, хададе дитт. 9) ЙоI, хин чами кховда- бехьа, чохь беттан нур даржадай. (С. А.) 10) Сатоссуш, ламазаш диначул тIаьхьа, новкъадевлира лома даха.
Упражнени № 4. ДIаеша. ТIера схьаязъе хIокху рогIаллехь:
-
билгала-юьхьан; 2) билгалза-юьхьан; 3) юкъара-юьхьан.
-
ДоттагI ахчанах эцалуш вац. 2) Iодика йойла. Хьан дий- царшка ладегIалур дац. Новкъабовла кечлуш бу кхана Iуьйранна.
3) ХIей! Собарде цкъа. ХIинцца схьаяхьар ю. 4) Iуьйре. Ша база долучу коран цуьргах арахьожий, хьун ца евзаш вуьсу. 5) Ахчанах хьекъал эцалур дац. 6) Цхьанна а хьеха оьшуш дац. 7) Дуьнен тIехь цкъа бен ца веха. 8) ТIе а гIой, леррина ладогIахь – диттийн а хуьлу, адамийн санна, синош. 9) ЦIадахарх лаьцна дуьйцуш а дацара. 10) Хабарш доцца дуьйцура, буьйсанна кхераме дара тата- нашка ладегIа. 11) Кешнийн керта буса ваха къаьсттина хала дара.
12) Буса хIо-марха цхьанаэшшарехь ца лаьтта: цкъа мох хьокху, юха дIатоь. 13) Декахьа, деган аз, цу стигал Iаьрчашкахь, даржа- хьа, мерза аз. (Б. С.) 14) Алахьа соь, шовда, хIун дайна дека хьо?
(М. М.) 15) Бехкмабиллалахьселхан яьллачухенахь меттахъхьаварна. (С. Хь.) 16) Арахь хаъъал тийна дара. 17) Хина дуьхьал нека ца дало. 18) Халкъан дикачу амалех лаьцна дукха дуьйцу романашна а, повесташна а тIехь. 19) Даьттанца дIа ца йойъу цIе. 20) Iаьржачух кIайниг ца дало.
Упражнени № 5. ТIедуза кицанаш. Муьлха цхьанахIоттаман предложенеш хир ду уьш?
-
Бух боцу черма… -
Хьалха хьажаза…, тIехьа хьажаза… -
Кхузза юста… -
Хьайга далург…. -
Ма лаха бахам… -
Нехан динара…. -
Нах лелхара бохуш… -
Нехан хьаьвди тIехь… -
Бедаре ма хьажа… -
Гали чохь цамза хьуллур бац.
Юьхьза предложенеш
Коьртачу декъана юьхьза предложени я дерзоран, я гIоьнан хандош, я цIеран, я хандешан хIоттаман сказуеми шена юкъа догIуш хуьлу. Дар кхочушдийриг билгалвеш вац кху предложе- нешкахь. Масала: Цу хенахь кертахь дикка Iаржъелира. Арахь паргIат садеIалора. Подлежащи кху предложенехь хуьлуш дац я хила оьшуш а дац. Юьхьза предложени яьржина а, яьржаза а хуьлу. Масала: Арахь Iаржлуш лаьттара. Шелъелла.
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
-
Юьхьза предложенеш – сказуемин тайпана цхьанахIоттаман предложенеш ю. -
Юьхьза предложенеш вукху цхьанахIоттаман предложенех къаьста сказуемин башхаллица. -
Юьхьза предложенешкахь дар кхочушдийриг билгал ца во, амма дагахь хуьлу. -
Юьхьза предложенеш шуьйра яьржина ю хабаран къамелехь. -
Юьхьза предложенин синтаксически синоним хуьлий лела шинахIоттаман предложенеш. -
Юьхьза предложени яьржина а, яьржаза а хуьлу. -
Юьхьза предложени дерзоран я гIоьнан хандош шена юкъадогIуш а, цIеран я хIоттаман сказуеми юкъадогIуш а хуьлу.
Упражнени № 2. Юьхьза йоцу предложенеш билгалъе.
1) Урх хецаелла говр сацалур яц хьоьга. 2) Сагатло, сахьийза, тIетовжа меттиг яц. 3) Сарахь дуьйна наб кхетац, уьйтIахь Iаьржа ю. 4) Стелахаьштиго диттах цIе тесира. 5) ГIенах го, гIенах го дашо малх суна. 6) Са ца даIало, гатто ю кийрахь.
Упражнени № 3. Юьхьза предложенеш билгалъе.
1) Кхо
йоккха топ лаьттачу агIор мелла а тийна дара. 2) Iаьнан хьалхарчу дийнахь чохь сацавала хала дара. 3) ХIаваэхь догIанан хьожа еттало. 4) Олхазаро санна, куьйгаш-тIемаш даржийна, тIомавала дог догIу. 5) Наб дика ялора, бер долучу хенахь санна. 6) Самукъане ду кху лаьттахь ваха. 7) Аьрцнашкахула а, Iаннашкахула а даха дийзира дикка дIа. 8) Хьуна хаьа адамийн самукъадаккха.
9) ХIордо даим а шена тIеийзавора со. 10) ДIаваха дог ца догIура.
11) ХIор буса чубаьхкина нах ган тарлора цигахь. 12) Стоьмийн бешахь буьйсанан шелонан а, тIуьначу гIамаран а хьожа етталора.
-
Йочана йолуш а, хи даьржина долучу а хенахь чIеро муьрг ца туху. 14) Мел генахь болу гу а къаьста шерачу арахь. 15) Юьртахь тийна а, Iаьржа а ду. 16) Буьйсанна беснаш дов. 17) ХIаваэхь догIанан хьожа еттало.
Упражнени № 4. Юьхьан предложенех юьхьза предложенеш а еш, дIаязъе.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Iуьйре тийна яра. Аьхке йовха яра. Суьйре шийла яра. Де декхна дара. Сарахь догIа дан доладелира. Ламанан ярташ денъ- еллера. Буьйса Iаьржа яра цу хенахь. Иза тахана могуш вацара. Массаьрга а бетах хинкиса дехкийтира. Хиэ ор хьаладуьзира. КIуьро бIаьргаш Iийжабора. ТулгIенаш бердех етталора. Мархаша стигал дIалаьцнера.
Упражнени № 5. Юьхьза предложенеш гайта.
-
Садовш дара. 2) Гонаха тийналла яьржира. 3) Вижа ца лора. 4) Седарчий цхьатера догура дитташ тIехула. 5) Чохь сирла а, аьхна а, самукъане а ду. 6) Iалам лардан деза. 7) Малх схьак- хеттий хаалуш дара хIаваэхь. 8) Iай арахь сиха Iаржло. 9) Тахана болх дика ца бало. 10) Арахь шийла а, екхна а яра. 11) ЦIеххьана хIорда йистера мох хьекха болало. 12) Дарц марсадала долало. 13) Гуьйренан хьаннаш хазъеллера. 14) Де декхна деанера. 15) Ломахь цIеххьана догIа доладелира.
Упражнени № 6. МаьIне хьажжий чекхъяха предложенеш.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
-
Арахь тIесерсаш ю… 2) Садовш ду вайна… 3) Сатосуш ду… 4) Тахана арахь малъелла… 5) Тахана екхна ю… 6) Хиъна ца Iало… 7) Чохь бодане ду…
ЦIеран предложенеш
Шена чохь сказуеми а доцуш кхоллало цIеран предложенеш. Коьрта меже подлежащи хуьлу кху предложенешкахь, иза цIерниг дожарехь лаьтташ а хуьлу. Подлежащин хIоттамехь коьртаза меже- наш а хила тарло, цуьнца бартбаран я урхаллин уьйрахь йолу, ма- сала: Йоккхачу гIалин тийналла. ХIуманан цIе яккхар бен, кхидIа хIумма а ца дуьйцу цIеран предложенехь. ЦIеран предложенех пайда оьцу дукхахьолахь исбаьхьаллин литературехь, газетийн, журналийн очеркашкахь, статьяшкахь. ЦIеран