Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3116
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
-
Нагахь кхочушхиллачу предложенешна юккъехь авторан дешнаш нислахь, авторан дешнашна хьалха запятой, тире юьллу, ткъа царна тIехьа – тIадам, тире. «Цо ца дича кхин хьан дийр дара ишттаниг, – элира Аслуддис. – Цул харцахьа лелаш бер вайн юьртахь дан а дац». -
Нагахь ма-дарра къамел авторан дешнашна юккъехь хи- лахь, иза шина агIорхьа запятойшций, тиреций къастадо.
Массарна а хезаш,–«Кхузара ву-кх»,–аьлла, шен юрт йолчухьа дIаведира кIант.
Вайн маттахь муьлхха а ма-дарра къамел лач къамеле дерзало. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, яххьийн а, дерзоран а, до- ладерзоран а цIерметдешнаша шайн яххьаш хуьйцу, хIунда аьлча ма-дарра къамел лач къамеле хуьйцуш, иза 3-чу юьхьера дIаолуш хиларна. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, цIерметдешнийн яххьаш кху кепара хийцало: 1-чух–3-гIа юьхь, 1-ра юьхь; 2-чух- 3-гIа я I-ра юьхь, я 2-гIа юьхь; 3-гIа юьхь ца хийцало.
Масала: 1) Закрис, Iусманна юххе а хилла, элира: «Со кхана хьоьца Ахьмад волчу вогIур ву». – Закрис, Iусманна юххе а хилла, элира, ша кхана цуьнца Ахьмад волчу гIур ву аьлла.
-
Ахьмада соьга элира: «Со сарахь хьоьца синкъераме вогIур ву». – Ахьмада соьга элира, ша сарахь соьца синкъераме вогIур ву аьлла. -
Къосума соьга элира: «Хьо суна хьалха латта декхар вац». – Къосума соьга элира, со шена хьалха латта декхар вац аьлла.
Ма-дарра а, лач а къамелийн кеп цхьаъ хилахь, лач къамелана тIекхета аьлла боху дош.
Оцу меттехь Адама элира: «Аьхка Iиллинарг Iай идда». –
Оцу меттехь Адама элира, аьхка Iиллинарг Iай идда аьлла.
Ма-дарра къамелехь долу ма-дарра хаттар лач къамелехь лач хаттаре доьрзу, тIаккха цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк а ца дуьллу.
Жимачу кIанте аса хаьттира «Хьо хьенан ву? – Жимачу кIанте аса хаьттира, хьо хьенан ву, аьлла.
Упражнени № 1. ХIокху схемашца йогIу предложенеш хIиттае
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
2) «М. Д», - АД 2) «М. КЪ!» - АД. 3) «М КЪ?» - АД.
3) «М.КЪ, -АД, - М. КЪ» . 2) М.КЪ,- АД.- М.КЪ». 3) «М.
КЪ? – АД.- М. КЪ». 4) «М. КЪ! – АД. – М. КЪ!» 5) «М. КЪ, - АД, - М. КЪ!»
5) АД: «М.КЪ», -АД. 2) АД: «М. КЪ!» - АД. 3) АД: «М.КЪ?»-
АД.
Упражнени № 2. Сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.
КIел сиз хьаькхначу предложенийн схемаш хIиттае.
-
Хьо ма цецваьлла нохчочух тера ца хета хьуна ваша элира кхо хьасене хIун дер ца хууш ша волччохь ирахIоьттинчу кIанте. -
Шаьш мича тайпана муьлхачу юьртара ду хаьий хьуна хаьттира кхо аьлла воллушехь ша нийса ца хIоттийначу хаттарна дохко а во- луш. 3) Хаьадера-кх,шамуьлхачутайпанаа,юьртаравуацахууш хуьлустагчIагIдиракIантакхуьнандохковалар. Юха цоб, цоб аьлла сту а човхош тIетуьйхира тхо тайпана хорачой а, Хорача юьртара а ду. 4) Зударий чиркх лато беза вай элира цо хетарехь и лато шена ницкъ а лохуш. Латаел и хьайн цIетуху, дийхира кхуьнга. 5) Уойт маржа-яIХедаэлиракхуокъоралогехьшедасоцушЮхатIоьрмиг чуьра буй буьззина схьаэцна шекаран бIаьлгаш демана улло охьа а дехкина, ши-кхо бIелиг Хедин кара тарбира. 6) Халкъ лийр дац ца аьлла аса хьоьга къамела юкъа веара Далонера гIойтIархо 7) И ца далийта цунна некъ билла бен, хьо стенна ваьлла гIамаран нов- къа резайоцуш хьаьжира Кесират. 8) Адаман дегI-м кхечу адамна дIадала лело декхар дай кIант и да вара и цо мацах хIара новкъаво- луш аьлларг дара, амма дерриг дацара, и декхар дIадала дезачохь, ца луш, лачкъо гIоьртича, юьхьIаьржа хIутту… дегI-м дахкало, и яра ден дешнийн чаккхе. 9) ВашахьажахьаисийнаХорачойнлам ЦутIевалавайшаМалекхабуиваша-а-аюхааберхиллавоьлура Селим.ДеллахьМадакхинвайюхадерзораххIумацахезнахьуна хьуо вогIучохь хаьттира Дикис. (Яшуркаев С.)
Упражнени № 3. Авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а метти- гашца хийца. Ала, хIун хийцадели? Оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.
-
«Кхана исбаьхьа де хир ду», – элира Асвада, екхначу стигала хьала а хьожуш. 2) «ХIара хIун ду, дада? – элира Маржана цецйолуш.
– Хьо астагIа ма лелха? Мичахь ю хьан говр? ХIара алаша хьенан ю?» 3) «ХIинца вай а дIадаха мегар ду моьттуш ву-кх со», – хазий- тира суна юххехь хиъна волучу стага. «Шу хьерадевлла?» – аьлла, Мусина тIечевхира мехкда, берриг хехошн дIа а хьожуш. 4) «Ткъа
хьажахьа, Бакъдуй Бено дадех тера ву бохург ?» – хаттар а деш, вовшашца хабаре елира ши йиша. 5) «Карор ю, сан хазаниг, карор ю, стенга йига еза а цунна шена дика хуур ду», – олура ден нанас. 6) «АхIа, обаргаш къуй бац бах ахьа?» – ша Iачуьра хьалагIаьттира инарла.
-
«Цу гIийлачу говрахь Теркал дехьара дан-м ца воллу хьо и лат- та?» – забаре хаьттира Iалис. 8) «ХIинций-хIинций хьо схьавогIу бохуш, шозза йохйина-кх ас хIара», – схьадаьккхина довха жижиг- гий, галнашший хIоттийра Алпатус майрачунна хьалха.
Упражнени № 4. ДIаязъе предложенеш, ма-дарра къамел лач къамеле а дерзош, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош.
-
«Хьо-м сох тешаш ца хилла, доттагI, – меллаша ша воллучу охьалахвелира Бийсолта. 2) Нана кIанте юха а йистхилира: «Дуьнен чохь хьо дийна мел ву, тхаьшшиъ байлахь хетар яц тхойшинна». (Яс. М.) 2) «Кхи дерг хьайна луъург ло, амма говр ма кхийдае. Дукха безачу механ совгIат ду хIара», – тIе ца дуьтура Коьрас. (А. А.) 3) «Тохарлера Iаьржа чамда йолуш юй, ахьа Аьрзона кхача эцна тIаьхьа кхоьхьуш хилларг?» – хаьттира Байдис. (Мут. М.)
-
«Схьайтал хьайн хьажо-пIелг», – охьалахлуш схьалаьцначу цуьнан иза лога тIе нисбира ворданна уллехь баттана угIуш лаьт- тачу жIаьлина топ хьажийначу Таймас. (Мус. М.) 4) «Суьйре дика хуьлда хьан, Бусана», – элира Бештос, ша Бусанина тIекхаьчча, вела а къежаш, хаьн тIе куьг а хIоттош. (Бад. С.) 5) «Цхьана а хIуманах кхеравала мегар дац, ТIунтIа, – бохура ДунтIас, – Делан кхел йо- цуш хIума хир дац, вешан рицкъ долччу ца кхаьчча девр дац вай. (Мам. I.) 6) «Ма дика ду уьш цIа баьхкина, церан ненан сагатлур ма дара», – сох схьа а хьаьрчаш, доккха са а даьккхина, набарна шен бIаьргаш дIакъевлира Маликас. (Эдильс. I.) 7) «ХIара хIун ю хаьий хьуна?» – хаьттира цо, шен карара баьпкан чкъуьйриг кIантана дIа а гойтуш. (Сар. Хь.) 8) «Нахана гIуллакх дан йиш а йолуш хьан де- шар хилахь, гIуллакх ду иза, ца хилахь, эзар шарахь дешахь а пайда бац», – корта дIаберзийра дас. (Ахм. I.) 9) «Сийлахьчу Турпалхочун Идрисов Абухьаьжин цIарахчу хьукматан дешархой, новкъадовла дIахIитта!» – омра дира цо. (Махм. Ж.)
Упражнени № 5. Нийса сацаран хьаьркаш хIиттийна предло- женеш тIера схьаязъе.
-
«И нах дIабига аьтто бац. Цара некъ ловр бац. Ишттанаш хIаллакбан безаш бу!» – шийла кхоьссира Гвешианис. 2) «Меца муха вац? Ахьа Iуьйранна хIума а ца йиъна, я хьоьгахь ян а яц!– тIейирзира цуьнца ерг. – ХьалагIаттал схьавоьл тхойшинна улло».
-
«ЧIогIа гIайгIа ю суна хьан юха а дуьйцура Рахьима. – Эхь ца хеташ болчара картолаш идийна а, кизяк лечкъийна а, кан лахьо ихна а, гIайгIа бинера. Хьо ма яц хьайн гIайгIа бан хуур долуш а я бийр болуш а. 4) «ТIе хIума юхийта йоккхачу стаге! Иштта муха юьгу аша тхойшиъ хоьттура цо эпсаре. 5) «Доккхачу шина стага вирана тIе ши кIудал а йоьхкий, доккху кху чуьра хьала хи. Гена ду кху чу эха», – дуьйцура Давада. 6) Ой Давад цкъа кхера- елла, юха хазахетта хьаьвзира йоI. 7) «Шу тоьпаш а айъина ца даьхкича а, тхаьш а догIур ма дара тхо тIай а, некъ а тобечу-м – тIетуьйхира Шайхмохьмада хIинццалц а ца лелла юьртан а, мехкан а гIуллакхашна юьстаха лелхаш. 8) Тоийтал! ДIасацаел хIинца и хьайн буржуйски зурма! меттахвелира къона милцо, шу-м Iедалан классови мостагIий дай! 9) «Кулакаш бу-кх новкъа. Царах ког Iитталуш, дIа ца доьду-кх сан хелхар!» – жоп Зайдаша. 10) «Делан дуьхьа, хаац суна-м бехкала вахана хьаьвзира Тимарсолта хIуъа дича а дIадоьрзур дацара-те иза (Нунуев С.-Хь.)
Упражнени № 6. Тетрадан агIо шина декъе екъа; аьрру агIор схьаязъе лач къамелаца йолу предложенеш, аьтту агIор ма-даррачу къамелаца йолу предложенеш. Сацаран хьаьркаш хIиттаде.
-
Стенах лаьцна дуьйцу-те цара ойлайира аса. 2) Селхана воккхачу стага хаийтира тхуна ша лома ваха дагахь ву аьлла.
-
ЦIа чуьра ара а ваьлла, со Баба йолчу дIавигар дийхира аса. -
Со тилавелла элира аса берашка, царна юххе охьа а лахлуш. -
Шен говрана юххе а вахана меллаша вистхилира иза Собарде сан накъост. 6) Кхана хаза де хир ду элира аса серлаяьллачу стигала хьала а хьожуш. 7) Бабе аса хаьттира Муса хIунда воьлху аьлла.