Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3144
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Цхьана юккъехь хезна царна, АтагIахь цхьа исбаьхьа хаза, кхе- таш, оьзда йоI ю аьлла. 12) Малх кхеттачу цхьана гуьйренан дийнахь аса сацам бира леррина оцу шина бежанца и шиъ доьддучу дIаваха цу шиммо хIун леладо хьажа. 13) ХIара картолаш а, керстанийн даар ду бохуш тIе ца лоцуш хилла вайн наха мацах заманчохь. 14) Я стигал а ца кхоьлаш я догIа а ца догIуш цхьа бутт гергга хан ю хIара йокъа лаьтташ. 15) Юткъачу мархашна тIехьара наг-наггахь гучукъ- едачу малхо йовхо ца лора, хIетте а ИбрахIима хIумма а и тергал ца дора. 16) Аз воккхачу стеган дера делахь а ИбрахIим дуьхьал вист ца хилира. 17) Борз юха а угIа хIоьттира ИбрахIима говра тIера чу а кхоссавелла юха а цуьнан юьхь лецира. 18) Ден вашас хатта а ца хаьттира, говр стенна хьаштхилла аьлла. (Нун. С.-Хь.)
Упражнени № 6.
- ТIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предло- женеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш. Дийца, хIунда хIиттийна запятойш.
Дуьненахь массанхьа а дIахезна, ……..аьлла. Аса кога мачаш юьйхира, хIунда аьлча ….
Дадас дийцира суна, ….. бохуш. Шина кIанта барт бира, …. аьлла.
Ломара схьа цхьа хабар деара, ….бохуш. Iелас Ахьмаде дийцинера,….. аьлла.
- 1 ... 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 91
МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.
а) …бохуш, дуьйцуш дара берриг юьртахоша.
б) …бохуш, хабарш а дара хезаш ламанан ярташца.
в) Нагахь санна……, тхо тIедогIучу кIирандийнахь эсашна буц яккха гIур ду.
г) ….аьлла, хийтира суна. д) хезна суна, ….. бохуш.
е) ………. цхьанна а ца хаьара.
-
ДIакъастае коьртачу предложенех тIетухурш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.
а) ХIун хан ю цхьанне а ца хаьара.
б) Хьо стенга ваханера дийцахьа тхуна.
в) И къамел дIа муха доьрзур ду хууш дацара.
г) Цхьанна а ца хаьара шаьш муьлхачу юьрта кхаьчна.
-
Коьртачу предложенина юккъе ялае билгалъяьккхи- начу карарчу хуттургаца тIетуху предложени, хIитто еззачу запятойш хIиттае. Билгалъяха коьрта а, тIетуху а предло- женеш.
а) Суна, ….. бохуш, хезна.
б) Шен накъосташна юккъехь, ….аьлла, хьахийра цо. в) Дикка къахьегча, …. аьлла, хийтира суна.
г) Наха дуьйцучуьнга ладоьгIча, … аьлла, дагатесира суна.
Упражнени № 7. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.
ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш:
-
коьртачу предложени чохь долучу дашах я ерриг предло- жених йозу; -
муьлхачу хаттарна жоп ло; -
хIун маьIна ло? -
тIетухучу предложенин муьлха кеп ю; -
муьлхачу хуттурго я хуттурган дашо хутту коьртачух; -
сказуемин кеп.
Ахьмаде хIинцца лулахочо дийцинера, шайн юьрта керла лор яийтина аьлла.
-
Кхузахь тIетуху предложени (шайн юьрта керла лор яийтина аьлла) коьртачу предложенин дийцинера бохучу сказуемих йозу. -
Цо хIун? бохучу хаттарна жоп ло (хIун дийцинера?). -
Цо кхачаман (кхачам кхеторан) маьIна ло. -
Иза кхачаман тIетухучу предложенин кеп ю. -
Иза коьртачух дIахутту аьлла бохучу кхеторан хуттурго. -
Коьртачу предложенехь хьалх-яханчу хенан хандашах хилла сказуеми ду (дийцинера), иза билгалчу саттамехь ду, тIетухучу предложенехь яханчу хенан хандашах хилла цхьалхе сказуеми ду (яийтина).
1) Со неIар тIехьа, меттах а ца волуш, лаьттара, хIун дича бакъ- ахьа дара теша бохуш. 2) Бисолтина ца хаьара, котамна туьха мел таса деза. 3) ШаIрани вела мосазза вели, корехь дижина Iуьллучу цициго ши бIаьрг схьабоьллура. 4) Сацамбина шена а ца хаьара, ша эткашна чотка масозлагIа хьокху. 5) Нана кхийтира, со шега хIун ала гIерта. 6) Нагахь санна гIо оьшуш хIума хуьлу-кх, кхоавала ца веза хьо. 7) Сацамби массарна а вевзара, дечу гIуллакхах къехкаш вац бохуш. (Дак. С.)
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
ТIетухучу предложенийн тайпа | ТIетухучу предложенин характеристика | Масалш |
Кхачаман тIетуху предложени | а) коьрта предложени чохь долу хандош я хандешан форма кхетош хуьлу. б) хоттало хуттургашца (аь- лла, бохуш), хуттурган деш- нашца: хIунда, маца, мел. ХIун? бохучу хаттарна жоп ло. | Иза ца кхийтира, ша кхуза хIунда веана а, ша хIун дийр ду а. Хезна суна, хьо тхо долучу хьошалгIа ван дагахь ву бохуш. Iелина ца хаьара, ша тIеваьлла гу мел лекха бу. |
Къастаман тIетуху предложени | Коьртачу предложенера цIердош я цуьнан маьIнехь долу дош билгалдо. Коьртачух хоттало аьлла, бохуш хуттургашца. Муха? Муьлха? ХIун? боху- чу хаттаршна жоп ло. | Соьга дехарш дора цомгаш- чо, дарба дан молханаш дан шена бохуш. Дукха ца Iаш хабар даьржира юьртахь, Ахьмсолта шен доь- залца Германе дIавоьду аьлла. Буьйсанна цхьайтта сахьт даьлча, некъа тIехь ха деш болучара хаам бира, эвлана пхи чаккхарма дехьа оьрсийн гIашлойн тоба гучуяьлла аьлла. |
КХАЧАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Коьртачу предложени чуьра сказуеми я хандешан форманах кхоллаелла кхин меже кхета а еш, цIерниг дожаран хаттарна жоп а луш йолучу тIетухучу предложених кхачаман тIетуху предложе- ни олу. Коьртачу предложених иза дIахутту хуттурган дешнаша (юкъаметтигаллин цIерметдешнаш (хIун, мел, маца, муха, хIунда) а, аьлла, бохуш карарчу хуттургаша а.
Масала: Шуьга дийца лаьа суна, хIун хийцамаш хилла сайца хIокху тIаьхьарчу миноташкахь. ТIаккха Кулдевича