Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3121

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.



1) Аса тидам бира цо дечу къамелан. 2) Тхо хьовсур ду цо дечу гIуллакхе. 3) Тхо самукъадолуш хьуьйсура силам буьллучу маше- но бечу балхе. 4) Аса дийцира цунна тхайн кхеташоно тIеэцначу сацамех лаьцна. 5) А. Айдамировн «Еха буьйсанаш» романехь дуьйцу нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийначу къийсаман хьокъехь. 6) Со шеквелира новкъа богIурш сан накъостий хиларх.

  1. Бештох лаьцна дийцира цо суна. 8) Оха хоттур ду иза цIа варах лаьцна. 9) Цунна гучуделира Бексолта ледара стаг хилар.


КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ



Муха? муьлха? хIун? бохучу хаттаршна жоп а луш, коьртачу предложенера цIердош я цуьнан маьIнехь долу кхин дош билгалден предложени къастаман тIетуху предложени ю.

ХIара предложенеш герга ю коьртачу предложенина луш долучу хаттарца а, коьртачух йозалучу гIирсаца а (аьлла, бохуш- хуттургаш) кхачаман тIетухучу предложенешна. Амма къастаман тIетуху предложени йозуш хуьлу коьртачу предложени чохь долучу цIердашах, цуьнан маьIнехь долучу кхечу дашах, ткъа кхачаман тIетуху предложени – хандашах, хандешан форманах. Масала: Нохчийчохь хабар даьржина, оьрсий тIелата дагахь бу бохуш. Воронцовс буьйр дира, ламанан ДегIастанан Гергебиль а, Салты а схьаяккха лаьмнашка кIеззиг эскар дахийта аьлла. (П. П.)

Ала деза, нохчийн маттахь хIун? боху хаттар муха? бохучу хаттаран маьIнехь а хуьлу.

Упражнени 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, цкъа хьалха кхачаман, тIаккха къастаман
тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, уьш муьлхачу меженех йозуш ю а, коьртачарах муха хоттаелла а.


    1. КIант цIа кхаьчча Курпале хаам бина дуьненахь хаза ши йоI ялош веана хьан кIант аьлла. (Н. Ф.) 2) Аказна билггал ца хаьара кху маьлхан дуьненахь хуьлуш дерг хIун ду. 3) Даго къайлахахь хезаш доцучу озаца хьоьхура цунна ша хIун дича нийса хир ду. (А. М.)

4) Пьерина омра деллера ламанхой юха а карзахбевлла богIу, нох- чийн Алда-юрт дIатабае аьлла. 5) Нохчаша хIетахь дуй биънера кхин цкъа а оьрсашна дуьхьал герз ойур дац шаьш аьлла. (А. Л)

6) И гIан гина, самаваьлча, ИбрахIимна ца хаьа ша мел Iиллина наб кхетта. (А. М.) 7) Цул тIаьхьа дукха хан ялале кху юьртахь хабарш делира Альбика шена тIе биссина баланаш ла ца белла, дог иккхина, елла аьлла. 8) Баккхийчу наха Iумаре дехар дира Iумар цIа вита аьлла вайн нохчийн Iедалехь куьг бехкен воцург цIа вуьтуш долу дела. 9) Суна ца хаьара иза сайна оьгIаз хIунда вахана. (Киб. М.)

10) Цу сарахь гулбеллачу баккхийчу наха БайсагIур ву хIара аь- лла цIе тиллира кIантана. (О. Ш.) 11) Салташа дуьйцура хIокху деношкахь и туркойн карахь йолу лакхе схьаяккха тIелатар дийр ду бохуш. (О. Х.) 12) ТIаккха хаам хилла паччахьера ка схьабак- кхар дIадоладе аьлла. 13) Юха хаттар дира мила ву дийца аьлла.

  1. УьйтIахь гIовгIа гIаттийра цара шаьш Потемкинна тIедита бо- хуш. 15) Эццахь сацам бира цо бакъдолчу таррашца ши кIант Iамор ву ша аьлла. (Г. I.) 16) Юхабаьхкинчу Iуша дуьйцура цигахь акха кой а, лунаш а хуьлу бохуш. (С. М.) 17) Баянта шен дагахь чIагIо йира кхин цуьнца Iийр ма яц ша аьлла. 18) Баянта ойла йира, кхо хIун до хьажа еза ша аьлла. (Хам. I.-Хь.) 19) Хеталора, Iелин карахь пондар денло, цунна чохь дерриг вайн халкъан дог, са а ду, аьлла.



Упражнени № 2. ТIадамийн метта къастаман тIетуху предло- женеш ялае.


    1. Органца йолучу ярташкахь хабар даьржира……. аьлла.

    2. ……аьлла, бахьана а хIоттийна, шен деца юьйцина керт ян ца вахара Хожа.

    3. Францехь бехачу гергарчу нахера кехат кхечира…… бохуш.

    4. Вовшашца бина барт бу тхан…… аьлла.

    5. Шен дагахь лелош ойла яра цо ….. бохуш.

    6. Наха суна цхьацца хабарш дуьйцу … бохуш.

    7. Суна дош делира цо….. аьлла.

    8. ЧIагIо йина цо…… аьлла.

    9. Суна хьехарш дора Ахьмада….. бохуш.

    10. Кица ду вайн нохчийн..... бохуш.


Упраженин № 3. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе цкъа хьалха къастамашца йолу цхьалхе предложенеш, цул тIаьхьа– къастаман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложе- неш. Синтаксически талла царах шишша предложени.
1) Цу орца гонахарчу наха вовшашка хаам бира тхьамданаш- ций молланашций баккхийчу нахе цу цIе яьллачу арца тIе гулло аьлла. (Бад. С.) 2) Церан юьртахь ши шо хьалха йиллиначу школе вахана Абухьаьжа шен бархI шо кхаьчча. (О.Х.) 3) Йишйоьхна хьийзачу Хьасимата орца даьккхира лулахошка а, гергарчу нахе а цIийнда цомгуш хилла шен аьлла. 4) Мохьмад цIа кхаьчча аьлла кхаъ хезна баьхкиначу зударшца Рукъият а яра. 5) Шегара а шен хIусамненера а хьоьга а хьан йижаршка а довха маршалла ло аьлла яздина цо кехат. (Б. Х.-А.) 6) Талорхоша бевдда боггIушехь барт бира ведда воьдург лацалур вац аьлла. Чалас даим а хьоьхург дара иза бераша уггар хьалха да-нана лара деза бохуш. (Г. I.) 7) ЦIа даха бакъо елла бохура амма и бакъо схьалуш цхьа а вацара. (Яш. С.) 8) Доккхачу дегIахь ондда ког буьллу борз Баймарзина тIехъиккхича, хIара вистхилира. (Мут. М.) 9) Суна а хезна
и тайпа къамелаш вайн баккхийчу наха деш. (О. Ш.) 10) Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву, МIаьчиг. (А. А.) 11) И вирд доккхуш бIозза остопируллахI а аьлла тIаккха эзарзза АллахI а аьлла бIе салават а диллина тIаккха мел кхайкхо беза бохуш хьехарш дора цо. 12) Хьуна пайдехь гIуллакх муха карор дара бохуш чогIа ойла йина аса. (Юнус.М.) 13) Цхьалха тийна меттиг лоьху даго шена диса.

  1. ХIетахь суна тIе веара комбат а, тхан батальонера воцу цхьа капитан а, суна ца вевза ши тIемало. (Ам. В.-Хь.)

Упражнени 4. Къастаман тIетухучу предложенеша билгалдечу дешнашна кIел сиз а хьокхуш, царна тIехула хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. КIел сиз хьакха хуттурган гIирсашна.


    1. Олхазара хьехар дира, лома хьала а бигий, хьайн ши сту барстабе аьлла. 2) ШахIида доцца жоп делира, Зулай шена луъу- чу деша йохуьйтур ю ша аьлла. 3) Абубакара тIаьххьарчу хенахь гуттар а ойла йора, Зулай шега ягIахь, и мича хьола тIе ялор ша бохуш. 4) Шуна юккъе питана таса цхьаммо хьехар дина цун- на, етт ма бохка аьлла. 5) Стундас хаза къамел дира невце, кхул тIаьхьа и тайпа Iесалла ма лелае аьлла. 6) ТIаьххьара а сацам бира аса, сайн дегIехь ницкъ IаIо беза аьлла. 7) Цул тIаьхьа «кIилло» бохург дижира, мелхо а тхан юьртахь къонах хир ву цу кIантах аьлла, цIе яхара сан. 8) Газеташа хаам бира, чоьхьарчу кхерамна тIе а доьгIна, Желтойчохь Iедал шайн караоьцу тIемалоша аьлла.

9) ЛадогIал цкъа, зударша орца доьху, туркойн Iазапах кIелхьарадаха шаьш бохуш. 10) Лекхачу тIулга тIера мохь туьйхира цо, тарраш тIе рагI ца кхаьчна хIинца а, топ нийса кхосса аша аьлла. 11) ХIета синкъерам биначул тIаьхьа Мамеде Тасоса кехат даийтира, шаьш долучохь дикка хийцамаш хилла, Желтойчохь фашистийн Iедал доьхна аьлла. 12) Суна нийса хеташ кица ду вайн, цхьа дика до- цуш
вуон хир дац бохуш. 13) Сайдас ойла йора, массарна а юккъера хаьржина Румисас Шабазов коьртах хIунда ваьккхина бохуш.

  1. Тайп-тайпанчу газеташ тIехь хаамаш бара, Къилба Iаьмиркехь лам а Iеттийна, хиш а дистина, адамашна даккхий зенаш дина бохуш. (Дугин Iаьрби).


Упражнени № 5. Лахахь ялийначу предложенешна юккъера къастаман тIетуху предложенеш схьа а лахий, схьаязъе уьш. Дийца, хIунда ю уьш къастаман тIетуху предложенеш.


    1. Дийца долийнарг чекхдоккхуш, Марья Васильевнан деш- нашна дуьхьал жоп делира, хIуъу елахь а, хьешанна хазъелларг хьешана дIаяла езаш ю аьлла. 2) ХIинца, жимахволу кIант цо хьахош а хезна, йоккхачу стеган ойла хилира, сула дIадоьхкича, цхьа сом мукъана а кIантана тIаьхьа ахча дахьийта деза аьлла.

3) И кехат а, и ахча а юхадеара, «паччахь а, даймохк а, керстан дин лардарехьа» болучу тIамехь Петруха вийна аьлла болучу хаамца цхьаьний. 4) Аса дош ло, тIаьххьара цIийн тIадам сайна чуьра дIабаллалц кIайчу паччахьана хьанал гIуллакх дан, сайн а, шун а мостагIчуьнца Шемалца болучу тIамехь пайдехь хир ву аьлла.

  1. ГIо дийр ду ша, аьлла, хабар-м даийтира, амма хIумма а ца дира.

  2. Йийриг ямартло юйла хууш, Ханийн нене аса элира, кIан ма вахийта аьлла. 7) Ткъа оццу хенахь нисделира соьга хаттар, Шемал дIаваьлча имам мила хир ву аьлла. 8) Къеначу фельдфебело, бIаьрса дика доцучу Бутлера хаам бира, иза ша Шемал хила там бу аьлла.

  1. Жимачу дегIахь волучу инарлас, шен йоргIачу динахь Бутлеран ротина тIе а веана, цунна буьйр дира, аьтту агIорхула чубуьссучу дошлошна дуьхьал гIо аьлла. 10) Баккхийчу наха доIанаш а дина, массеран а цхьабарт болуш сацам бира, Шемална тIе векалш ба- хийта. 11) Суна хеза, оьрсаша шу хьеста а хьоьстуш, шуьга шайна кIелсовцаре кхойкху бохуш. 12) Кхиэлахошна хаьара, иштта цуьнан Iеран маьIна элчанан озо бохучуьнга ладоьгIуш иза хилар дуйла, дан дезарг цунна гойтуш волу. (Т. Л.)