Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3155

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Мирзе Банога хаттийтира, шайн жIаьлеш чудохка меттиг хир яц-те аьлла. (Б. С.) Ма- ретана шена а ца хаьара, шен дахар иштта голатухуш хIунда керчина.
Упражнени № 1. Кхачаман тIетухучу предложенешна тIехула хаттарш а хIиттош, тIера схьаязъе. Дийца, уьш муьлхачу меженех йозуш ю а, коьртачарах муха хоттаелла а.
1) ТIаккха Довтас чIагIо йира (хьалха Деле ша бехке цавар а дехна), шен синна дуьхьал са доцуш цу хIун бу ца хуучу тешнабех- ке ша хIаллаквойтур вац аьлла. (Б. М.) 2) Бийболатана цхьаммо-м дуьйцуш хезнера, пхийттара ваьллачу алдахочо Ушурмас цергашца хин кIудал айъина, хьуьжарна кхо го баьккхина, бохуш. (Мус. М.)

  1. ХIуъа дина а, велла а, висна а Белши ялонза Iийр вац ша аьлла, чIагIо йина Новрас. 4) Оцу ворхIе а гила барзана ницкъ беш цхьа гила борз хилла бохуш, хезна суна. 5) Вукхо цуьнга хаьттира, хьо шех хIунда ца лета аьлла. 6) ЦIеххьана дагадеана цунна, цIийиначу шури чухула кхехкаш лаьтташехь, говрахь чекхвалар къовса деза аьлла. 7) Вайн нанас дуьйцуш хезна суна, лаьтта бухахь «Дур-дур» паччахь ву бохуш. 8) Шайга царна хIума ца даделча, наха кхеташо йина, цу балхана хIун далур дара-те аьлла. 9) Боьха хIума, цунна-м хаа а ца хаьа, ша мел стаг ву! 10) Хаьий хьуна, суна зезагаш мел дукха деза? ( Юнус. М.) 11) Хьанна хаьа, ламанца дIатарделла хIара адам кхузахь деха мел хан ю. 12) Алахьа ахьа соьга, хIун ду хьан сагатдийриг, хIунда ву хьо иштта карзахваьлла хьийзаш. 13) Тхуна дага ца догIура, иза кху генарчу махка, Казахстане, маца веана.



Упражнени № 2. ЙогIучу запятойш а хIиттош, тIера схьаязъе. Кхачаман тIетуху предложенеш билгалъе. Синтаксически талла царах муьлхха а кхо предложени.


    1. Темирхан-Шурерчу совдегаро Асадуллаев Керима Ведана Шемале кехат дахьийтира оьрсий лаьмнашна тIелата кечлуш бу аьлла. 2) Суна хьоьгара хаа лаьа муха хийтира хьуна некъ, нехан гIиллакхаш, дерриг кхуза вогIуш гинарг. 3) ГIайгIане дирзина тIелатар диначул тIаьхьа халкъе дIахаийтинера хIокху шарахь тIелатаран гIуллакхаш имама юьхьарлоцур дац аьлла. 4) Бойса- хар хууш вацара ойлаяр хIун ду шен хуьлуш болу берриг эшамаш бозбуунчалла бахьана долуш хуьлу моьттура цунна. 5. Цхьанне а ца хаьара шаьш Шемала стенна кхайкхина. 6) Суна хаьа хьо мел

генара веана кхуза суна тIе и арз дохьуш. 7) Халкъана гур ду хьо муха ву хуур ду хьенан ву. 8) Закона тIехь яздина дара Шемалан йийсарера веддарг паргIатвоккхур ву аьлла. 9) Хала низам долучу отрядехь и стаг дукха Iийр вац аьлла хетара. 10) ЦIеххьана хезира ГIеза-Молла вийна, Шемал валаза висна аьлла. 11) Цул тIаьхьа хийла дагадогIура Шемална ГIеза-Моллас аьлла и дешнаш шераш дIа мел девли тIеттIа алсам дезалора цунна уьш. 12) Iуьйранна дархошка хьожуш ша лелачу хенахь эла Воронцовс Бебутовга хаьттира цунна дагахь хIун ду. 13) Хьаж-Мурдан четарна чохь бо- даш бара гIаролехь болучара меллаша хоьттура мила стенна веана.

14) Наг-наггахь хан юкъаюлуьйтуш Бойсахаран вордана тIе а вогIий, гIумкийн маттахь прапорщика хоттура хIун хьал ду хьоь- гахь, хIумма а оьший. 15) Инарло йийсаршка хаьттира эвла схьа ца луш мел дукха хенахь дуьйна латто дагахь бу аьлла. 16) Развед- чикаша хаамаш бора кестта ламанхоша т1елатарш дийр ду бохуш.

  1. Хезна суна кхара хьо Клавдия шайн бахаме оьрсичунна юьгу бохуш. 18) Аса делаца дуй боу хьуна кIур гергахь ма бу аьлла бохуш шабарш дора ШуIанта. (Павл. П.)



Упражнени_№_3._ХIара_хуттургаш_(аьлла,_бохуш),_хуттурган_дешнаш_(мел,_хIунда,_маца,_муха,_хIун,_мича)_юкъахь_хуьлуьйтуш,_кхачаман_тIетуху_предложенеш_кхолла.__Упражнени'>Упражнени № 3. ХIара хуттургаш (аьлла, бохуш), хуттурган дешнаш (мел, хIунда, маца, муха, хIун, мича) юкъахь хуьлуьйтуш, кхачаман тIетуху предложенеш кхолла.
Упражнени 4. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе. ТIетухучу предложенино кхетош долу коьртачу предложенера дош я дешнийн цхьаьнакхетар билгалде. Хуттурган дешнаш пред- ложенин меженаш а, къамелан дакъош а санна билгалде.


    1. Хаац суна-м, Жора, хьоьга хIун аьлча бакъахь ду. 2) Хьай- ца ши накъост а вигий хьажа хIун хуьлу дагалаьцначух. 3) Хьанна хаьа иза кехат ца доуьйтуш хIунда Iа. 4) ТIамехь хилла хиларе терра Мухтарпашина дика хаьара фронтана ягориг мел чогIа оьшу. (М. В.)

5) ЖаIуьно хаьттина ишта талор хIунда лов адамаша аьлла. 6) Вуь- шта цкъа хьалха алахьа муха хета хьуна хIара тур? 7) Талорхоша, бевдда боггIушехь барт бира ведда воьдург лацалур вац аьлла.

8) Кху юьртара аша бигиначех лаьцна дийцира уьш акхароша

хIаллакбина аьлла. 9) Шозза-кхузза хьахийра цо, кхечарна кхо гуо а баьккхина, ден цIа дIатаса дагахь ю ша аьлла. 10) Хьовсур ду вай хьоьга хIун дало мотт-м дика болх беш бу хьан. 11) Кхуо кхиош долучу бераша дехарш дира дIабийна мукх шайга хьакхийта бохуш.


  1. Чалас даим а хьехарш деш хезна суна бераша уггар хьалха да- нана лара деза бохуш. 13) Веъна схьаиккхиначу кIанта дийцира юьрта чу богIуш герзашца цхьа нах бу аьлла. 14) ДIахаийта цаьрга, мел боккха бIо тIегIортарх яккхалур яц Болат-гIала. 15) ХIинцца дуьххьара дагатесира Кхокхина хIунда кхоьллина-те деланаша хIара дуьне сел харцо йолуш адамашна. (Г. I.)


Упражнени № 5. ХIара предложенеш чекхъяха.


    1. Цунна ца хаьа….. 2) Тхан накъосташна моттаделира… 3) Тхо тешна ду… 4) Соьга элира… 5) Хьан доттагIчунна моьтту… 6) Оха бартбира… 7) Цул сов, со кхеташ вац… 8) Суна хезна… 9) Цо дош делира… 10) Цунна ца хаьа… 11) Бераша дехарш дира.


Упражнени 6. Предложенеш дIаязъе. Дийца, массо а юй уьш кхачаман тIетухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш. Синтак- сически талла уьш.
ЦIеххьанан дагадеара цунна кхана шен доттагIчун вина де хилар.

ТIаккха цунна дагадеара, ша шен доттагI муха декъалвийр ву.

Шен доттагIчуьнга дIахаийтира цо, ша оцу дийнахь и волучу вогIур ву аьлла.
Упражнени 7. Иштта хаттар а хIоттош, кхачаман тIетухучаьрца чекхъяха хIара чолхе-карара предложенеш:


  1. Селхана суна хиира, (хIун?)

  2. Аса дийцира, (хIун?)

  3. Аса тидам бийр бу, (стенан?)

  4. Оха гойтур ду шуна, (хIун?)

  5. Амма цунна ца хаьара, (хIун?)

  6. ХIан, алахьа, (хIун?)

  7. ТIаккха хуур ду хьуна (хIун?)


Упражнени 8. Цхьалхе предложенеш кхачаман тIетухучу
пред- ложенешка хийца.