Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3154
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
Хьажа-Мурда ца оьзна шечуьнан лаг, мостагIчух лата шена корта оьшу аьлла. 8) Воронцов Санкт-Петербурге воьдуш, цуьнца Нох- чийчуьра нах а бахийтира Кхело бина барт паччахьца а чIагIбайта.
-
Юьртах аравалале, Юнус вахийтинера Шемала, ша вогIучу нов- къара бусалба нахах долу эскарш дIадаха аьлла. 10) Иттех гIулч гена бевлча, прапорщик веара царна дуьхьал, коьртакомандующина хьалха имам герз доцуш хIоттаве аьлла. (Э. И.) 11) Чехкка шен говра а хиъна, хIара дIаволалушшехь, кхунах бIаьрг а кхетта, шайн говрашкахь кхунна тIаьхьаваьлла ворхI наьртхо хIара вен дагахь. (Н. Ф.) 12) Лачкъийна хIумнаш цхьана ахархочун чохь ю аьлла, цуьнан цIийнах хьовса богIуш бара хIорш. 13) Новкъахь Iоьхург ча ю аьлла, оцу гIовгIана тIе веара Иаго. 14) Шен къоман нах цхьа- барт болуш хилар Пхьарчо тешор ву бохуш, Къоба дуьххьалдIа тIе вахара гIарол лаьттачу меттигана. (К. А.)
Упражнени № 6. ХIокху хаттаршна жоьпаш а луш, талла лахахь ялийна предложенеш.
-
Муьлхачу предложених олу Iалашонан тIетуху предложени? -
ХIун дозаран гIирсаш хуьлу Iалашонан тIетуху предложе- неш коьртачарах дIахуттуш? -
Муха къасто еза Iалашонан тIетуху предложени Iалашонан латтамах? -
Стенах кхоллало Iалашонан латтам?
1) Сутара акхарой къахкорхьама, цунна тIе тоьпан молха доьх- кира. 2) КоргIакъа, ламанан нахана хетарехь, дика ирс долуш стаг вара, хIунда аьлча къаьсттина хало ца гора цунна. 3) ЙоIана дика
хийтира хIара гIуллакх, хIунда аьлча хIокху буса дена хьалха хIотта шена хала хиларна. 4) Солтий, Бежияй шайн-шайн хьешашший, баккхийчу нахий нийсо еш болу баккхий нах болучу вигира, ши ваша хилар чIагIдеш дуй баийта. (К. А.) 5) АгIо баьгна Тимар мила ву хьажаза цIа вогIур вац ша аьлла, араваьлла къена иччархо. 6) Сайна набкхетта моттуьйтуш Iара со, кхара хIун-до те бохуш (Н.Ф.)
Бехкаман тIетуху предложенеш
Коьрта предложени чохь хуьлуш долучун бехкам гойтучух бехкаман тIетуху предложени олу. Иза коьртачух дIахоттало нагахь я нагахь санна бохучу хуттургашца. Ала деза и хуттургаш шайца йолуш цхьалхе предложенеш а хуьлу. Цундела хаа деза бехкаман тIетуху предложенеш бехкаман латтамашца йолучу предложенех къасто.
Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа, кхана цхьа а тешар вац хьох.
Нагахь санна тахана ахьа харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох.
Тахана харцдерг дийцахь, кхана цхьа а тешар вац хьох. ХIокху кхаа предложених хьалхарниг чолхе ю, ткъа важа шиъ –
цхьалхе. Синтаксически толлур ю вай царах хьалхарниг. Нагахь санна тахана харцдерг дуьйцу-кх ахьа (бехкаман тIетуху предло- жени) кхана цхьа а тешар вац хьох (коьрта предложени). Коьртачу
предложени чохь: тешар вац (хандешан хIоттаман сказуеми); тешар вац мила? – цхьа а (подлежащи); тешар вац хьанах? – хьох (лач кхачам); тешар вац маца? – кхана (хенан латтам).
ТIетухучу предложени чохь: дуьйцу-кх (хандешан цхьалхе сказуеми); дуьйцу-кх хьан? - ахьа (логически подлежащи); дуьйцу - кх хIун? - харцдерг (нийса кхачам); дуьйцу-кх маца? - тахана (хенан латтам); нагахь санна (бехкаман тIетуху предложени коьртачух дIахуттуш йолу карара хуттург).
Упражнени № 1. ДIаеша. Бехкаман тIетуху предложенеш тIера схьаязъе. Диц ма де нагахь, нагахь санна боху хуттургаш бехкаман латтамашца а хуьлуш
хилар.
-
Нагахь цхьа гIалат сох далахь, доьху хьоь, оьгIаз ма гIолахь. -
Нагахь сан диканаш гайта а лиъна, дош олуш хьо велахь, дехар ду хьоьга, цабийцар соьцанна хьагI лаьцнарш айхьа. (Так. С.) -
Нагахь хьайн аьтто хуьлу-кх, цигахь эпсарийн дешар деша- лахь. (А. А.) 4) Пайзулла саца ца во-кх, дукха чIерий хIаллакдийр долуш стаг ву иза. (К. М.) 5) Нагахь и машен соцу-кх, иза боданехь къайлаер ю, кIоргачу уьшалахь говр санна. (А. М.) 6) Цавевзарг ца- везаш ву-кха аьлла, стаг дIа ца таттал кхетам бара Алхастехь. (Юс. I.)
-
Нагахь санна суна Жоьра-Бабин Тимарсолта хьан гайта ницкъ кхочу-кх, со мила ю аса дуьйцур ду хьуна. (Н. Ф.) 8) Нагахь хьуо стаг велахь, ахьа адам ма лара Даймехкан кхолламе бендоцуш хьоь- жуш верг. (А. Навои). 9) Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар – сан хьалхара весет ду хьоьга! (С. М.) – Дийна я вийна обарг Саламбек аша тхоьга схьа ца ло-кх, аса СагIопша лаьттина меттиг юьтур яц шуна, цу эвлахь мел верг лаьцна Сибарех а хьажор ву. 10) Нагахь шен кехат халкъан векалшна юккъехь дийцаре дил- ла таро яцахь, и, зорба а тоьхна, нахе кхачийта, цхьанхьа газетан редакце дахьийтар дехнера Зеламхас. (Мам. М.) 11) Нагахь санна шайн бажа дIабаккха цигара оьрсий схьахьовдахь, царна дуьхьало ян, герзашца кечам бина, гучуваьллачунна топ тоха кийчча Iаш хилла уьш. (Дад. I.) 12) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (Бад. С.)
Упражнени № 2. Лахахь ялийначу кепара бехкаман латтамех бехкаман тIетуху предложенеш а еш, схьаязъе.
Кеп: 1) ХIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеоьхкича, стоьмаш дукха хуьлу .-Нагахь санна хIоа кхаьрзина йисина чкъоьргаш стоьмашна тIеухку-кх, стоьмаш дукха хуьлу.
-
Цициго шена тIе мотт хьекхахь, хенан хIоттам хийцалур бу. 2) Воккхаха волучунна хьо жима вацахь, жимачунна воккха а хир вац хьо. 3) Хьайга догIург аьлла Iийча, нахана цкъа а кIордор вац хьо. 4) Хьайца нах дика хила лаахь, цаьрца дика хила хьо.
5) Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. 6) Да дика велахь, доьзал а хир бу дика. 7) Дешан да хила хьайн де дацахь, дош ма ала. ГIуллакх кечам боцуш долийнехь, кхачам боцуш доьрзур ду. 8) Къахьо ца евзича, марзонан чам а хуур бац. 9) Нахаца гамо езахь, духалург ахча ло. 10) Орам хадийча, дитт дакъало. 11) Стаг во- вза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа. 12) ЦIа чуьра вониг арадолуш хилча, диканиг чу а догIур дац. 13) ЦIийвала а, кIайвала а хууш вацахь, иэхь дайна ву хьуна. 14) ЧIара безахь, хи чу вала. (Н. Ф.)
-
Халкъана а, шен Даймахкана а стаг пайдехьа хир вац, нагахь иза хьанал къахьега лууш вацахь.
Упражнени № 3. Лахахь ялийначу предложенешна юкъара бех- каман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш схьаязъе. Синтаксически талла царах кхо предложени.
-
Нагахь санна и гIалагIазкхи дийна висинехь, хан ца тохуьй- туш цIа валор ву Соип, иза веллехь, уггар лахара а хан тохуьйтур ю. 2) Нагахь санна аса суо ца вовзуьйту-кх, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. 3) Нагахь со иэсах яьлла яцахь, хIара муо аса ерзийначу чевнан муо бу-кх. 4) Нагахь санна Далла хьалха цIена хила лаьа-кх хьуна, Дала бохург а деш, Iе. 5) Нагахь санна аса дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо ян кийча ву со. 6) Нагахь санна вай нохчий къарбо-кх, тIаккха Кавказ а къарлур ю. 7) Нагахь муьлхха а гIаттам хилахь, иза хаьшна дIабаккха, кхузахь долучу эскаршна тIе Кубанера Северски полк, гIашлойн ши полк, цхьа стрелкови батальон яхийтира Нохчийчу.