Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3160
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
-
ХIара нохчий, шаьш акха бехаш белахь а, хIуманах дика кху- ьуш, хьекъале адамаш ду. 9) Нагахь айхьа баккъал а бахахь, схьа чукхайкха уьш. (А. А.) 10) Нагахь хьо кхузара сихха дIа ца гIо-кх, юьхьIаьржо хир ю. 11) Нагахь хьайга кхидIа и мохь дIа ца бахьало- кх, тIеэца а ца беза ахьа и. 12) Нагахь санна мIера тIе Iов ахьа меллаша юьллу-кх, тIаккха соцур ю иза цу тIехь, охьа а ца ледаш. (Киб. М.) 13) ХIор стаг а ирс долуш хир ву, нагахь санна могуш а, нахана везаш а, сискал ша йоккхуш а, шен ойланаш халкъачуьнца йогIуш а и велахь. 14) Нагахь санна хьайна диканиг хила лаьа-кх хьуна, цхьанна а зулам ма де. 15) Нагахь санна гуттар а, массо а меттехь адамана ахьа диканиг бен дуьтуш дацахьара – беркате хьайн гIуллакхаш, хьайн лаьцна дика дагалецамаш, ойланаш – мел атта а, дагна таме а хир дара хьан дахар. 16) Нагахь санна меттан гIиллакхаш дика девзаш ву-кх хьо, тIаккха хьуна уьш кхоччуш караберзо хала хир дац.
Упражнени № 4. ДIаеша текст. ЦIе тилла цунна. Схьалаха бех- каман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложенеш. Къастаде, хIун гIуллакх кхочушдо текстехь хуттургаша.
Сан да философски кепара хьекъал долуш стаг вара. Дукхахйо- лу цуьнан ойланаш-афоризмаш, хьекъалах юьзна йолу, дахарехь суна весет хилла дIахIиттира.
«Нагахь санна хьан ахча хуьлу-кх, хьо тоьлла бахам бан хьожур ву. Амма нагахь санна ахча ца хуьлу-кх, кхечарах дIатарлур ву хьо, хьо миска ма хеталахь тIаккха...»
«Хьайн сакхташ кхечара гучудохуш хуьлу-кх, хала ма хета- лахь...»
«Нагахь санна хьайна цхьа бохам хуьлу-кх, уггар хьалха бех- кениг хьайна чохь лаха, тIаккха – гонаха...»
«Нагахь санна шиъ шозза эцча хьан пхиъ кхечи-кх, тIаккха ахьа хьесап нийса ца дина...»
«Нагахь санна хьан цхьана стагаца дов даьллехь, дов дIадерзоран машаре куьг хьалха ахьа кховдаде...».
«Нагахь санна къовсамехь хьан накъост хьол тоьллехь, дега- баам ма бе, мелхо а хазахетар декъа цуьнца, тIейогIучу хенахь цул тола а хьажа...»
«Нахаца хьо дика хилахь, хьайн дош ахьа лардахь, уьш а хир бу хьоьца иштта...»
Упражнени № 5.
- 1 ... 64 65 66 67 68 69 70 71 ... 91
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
-
Аса кога резинкин эткаш юьйхира, хIунда аьлча... . -
Нагахь марха достучу дийнахь хьо со волучу ца вогIу-кх… . -
Нагахь санна накъосташна юккеъь барт бац-кх... . -
Нагахь хьуна меттан дIахIоттам бевза-кх…. -
Нагахь санна хьайна диканиг хила лаьа-кх хьуна… . Синтаксически талла уьш.
- Цхьалхечу а, чолхечу а предложенешкахь бехкам бил- галбаккхаран хьелаш дуста. Бехкаман тIетухучу предложенеш- ца хьалаюза таблицин шолгIа ах. Дийца, хIун дан деза цхьалхе предложени бехкаман тIетуху предложени хилийтархьама.
Цхьалхе предложени | Чолхе предложени |
Аша гIо ца дахь, соьга и гIуллакх далур дац. ЦIе яьлла меттиг хилахь, 0I телефонехула хаам бе. Урамнекъийн бакъонаш ларъеш хилахь, машенашца боьзна болу некъан бохамаш жимлур бу. Хьайна гечо ца довзахь, хи чу ма вала. | |
Грамматически тIедилларца диктант.
Бехкаман тIетухучу предложенешца йолу чолхе-карара предложени схьалаха, схема хIоттае цуьнан.
– ЛадогIалаш баккхий нах! Вай кхузахь массо а тайпанан вежарий ду.
Нагахь арахь, кхаш тIехь Iажаркх яьлча, ялташ кхиа ца дуьту цо. Лаьттах мел йолу тIуналла худу цу бецо, ялташ гIелдой, пайда боцучу доху.
Вайн юьртахь иштта Iажаркх ю и Борзиган некъий. Нагахь орамашца бух ца яккхахь, цуьнан доь довр дац.
Юьртара дакъа шаьш оху цара, паччахьа беллачу махка тIехь, ах ялта шайна а доккхуш, нахе белхаш бойту.
Мел цIий мелла цара кху юьртахойн? Маца бохур бу вай уьш вешан кочара дIа?
Суна хеташ цхьаъ
ду: вай царах лата ца деза. Дукха цIий Iенар ду. МостагIалла юкъа доьлча, вайн наха: «сих а ма ло, виц а ма ло» олу. Борзиган некъийн орам хадо беза вай. Тховссехь церан хьуьнна го лаца беза. Сатоссушехь дийнна вайн тайпано хьаькхна охьа а йиллина, цIа оза еза иза. Вайна тIаьхьа дукха адам хIуттур ду. Нагахь санна Борзиган некъахой тIом а безна, герзе бовлу-кх, вай а ду-кх тIамна, юьйлина топ санна, кийчча. ТIамо бен тIом буха ца тоьхна. (Ошаев Х.)
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карарчу предложенехь масех тIетуху предложени хила тарло. Масала: Мангал хьокхуш волучу дена ша тIаьхьа мосазза воьду, цунна етшура хьора цо, хIунда аьлча цунна иза дукхаеза дела. Кхузахь коьрта предложени ю Цунна етшура хьора цо; Ет- шура хьора маца? Мангал хьокхуш волучу дена ша тIаьхьа мосазза воьду-хIара хенан тIетуху предложени; етшура хьора хIунда? цун- на иза дукхаеза дела-бахьанин тIетуху предложени. Вайна ма-гарра, кху чолхе-карарчу предложенехь цхьана коьртачу предложених йозуш шиъ тIетуху предложени ю: хенан а, бахьанин а.
Чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш цхьаьна йолуш меттигаш нисло нохчийн маттахь. Бакъду, и тайпа пред- ложенеш дукха яц. Оцу тайпа предложенех ийна предложенеш олу. Цу тайпа предложенешкахь кхоъ а, цул сов а предложенеш хуьлу. Кхечу кепара аьлча, шена чохь дукха меженаш йолу пред- ложени ю иза. Ийначу предложенешкахь цхьалхе предложенеш тайп-тайпанчу уьйрашца вовшахтасар нисло: хуттургийн (цхьаь- накхетаран, карара), хуттургаш йоцу.
Масала, хIара предложени Хьо соьга хьоьжуш Iа аганан
гIовланна тIе а тевжина, наб ца еш, ткъа цундела хууш ду: суна хIумма а хир дац кхаа декъах лаьтта. Хьалхара а, шолгIа а дакъош во- вшахтесна цхьаьнакхетаран хуттургаца ткъа а, интонацица а. ШолгIа а, кхоалгIа а дакъош вовшахтесна хуттургаш йоцучу уьйраца а, интонацица а.
Ийначу предложенешкахь йолу синтаксичеески уьйраш дукхахьолахь кху кепара хуьлу:
а) цхьаьнакхетаран а, карара а;
б) цхьаьнакхетаран а, хуттургаш йоцу а; в) карара а, хуттургаш йоцу а;
г) цхьаьнакхетаран, карара, хуттургаш йоцу.
Тхо воккха стаг волучу дахара, ткъа цо тхуна дийцира, ширачу заманахь шаьш муха даьхна а, мел халонаш лайра а.
Школера цIа веара со, амма нана цIахь яцара: юьрта шен гер- гара нах болучу яханера иза.
Суна хаьара, Iела шен ваша волучохь хIунда ца Iийра: новкъа вала сиха вара иза.
Тхо хьалххе хьалагIевттира, амма малх гуш бацара, хIунда аьлча ерриг стигал мархаша дIалаьцна йолу дела; лаьмнаш а дара кхоьлина, дахкаран кIужалш а яржийна. Иза мичахь ву хууш хилча а аса эр а дацара, хIунда аьлча тхуна массарна а Иаго вевзаш а, везаш а хиларна, ткъа хьуна лаьа иза таIзарна дIавала. (Казб. А.)
Къаьсттина яьржина йолу чолхе я чолхеяьлла предложени къа- мелан мур ларало. Уьш дукхахьолахь барта кхоллараллехь нисло. Масала, «Сай» цIе йолу халкъан илли – иза къамелан мур бу, хIунда аьлча и чогIа яьржиначу, чолхеяьллачу цхьалхечу предложених лаьтташ долу дела. Къамелан