Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3136
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
Чергазийн зударша, цу гIумкийн зударша Къуьйсуш дина барзакъ шен дегIа дерзийна, Дуьхьал пенах кхозу чал дера герзаш,
Делан цIерш йохуш, шен гIодах дихкина, Хьаьвзина, ма вуьйлир цу ханнийн божала, Цу ханнийн божлара шен жима расха дин Цу дато дуьрстанца ша араозийна,
Бохь бойначу попа тIе дайн куьйра ва санна,
Ша дина хиина, талла ваха кечвелир Жерочун жима кIант цу буто раьгIнашка.
Упражнени_№_1._ТIера_схьаязъе._Дийца,_хIун_тайпа_уьйраш_ю_ийначу_предложенешна_юкъа_йогIучу_цхьалхечу_предложенешна_юккъехь.'>Упражнени № 1. ТIера схьаязъе. Дийца, хIун тайпа уьйраш ю ийначу предложенешна юкъа йогIучу цхьалхечу предложенешна юккъехь.
-
Малх тоххарехь дIабуьзнера, амма хьун хIинца а дIатеза яра: юххехь къоркхокхий декара, «хIут-тут» бохуш, хезара дIанехьо хIуттут. 2) ХIара гу тIе хьала мосазза волу, малх гIоттуш хуьлура; арцо шена тIехьа хьулбора иза. 3) Бешахь кхуьуш цхьа шапталш яра; уьш хIинцца бен гIа даккха ца йолаеллера, цундела къоначу гIаш юккъехула ерриг а беш гора стоьлаца, гIанташца, бираьнчигца, гуш дара олхазарийн баннаш а, коьрта тохкучу куйнех тера долу.
-
Малх дIабуьзира, буьйса а юьйлира кхин юккъе хан ца йолу- ьйтуш, со ладогIа вуьйлира, хIун хила доллу-те хIинца бохуш. -
ЦIе гIийла йогура: цIе латтош аддам а дацара, хIунда аьлча дийнахь сарралц некъбина кегий нах набаро эгийнера. 6) Вайна хаьа хIинца Шекспира 37 пьеса, 154 сонет а, ши поэма а язйиний, амма Iилманчашна хета уьш ерриг а яц аьлла, хIунда аьлча цуьнан ерриг а произведенеш вайга схьа ца кхаьчна дела. 7) Цхьа олха- зар дацара хезаш: уьш дерриг а дIатарделла, дIасевццера; цхьа цIирцIирхьоза дара наггахь шен аз декош, амма цо хIун дуьйцу хууш стаг-м вацара. 8) Борз гIийла яра, синтем байна; мел жима даьккхиначу татано а егайолуьйтура иза, ткъа цуьнан коьртехь цхьа ойла яра, шен кIорнеш цхьаммо а хьийза ма яхьара бохуш йолу. 9) Цуьнан дукха суьрташ дохура, амма цунна иза ца дезара, хIунда аьлча церан серлонаша кхерадора иза. 10) Хууш дацара, дас шен кIантаца хIун дийцина, делахь а чохьберш саготта бара: дов дала гера дуй хаьара царна.
Упражнени № 2. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьа- язъе предложенеш. Билгалъе коьрта меженаш. Схемаш а хIиттош, къастае дакъошна юккъера маьIнин юкъаметтигаш.
-
Юхавуьйлура иза ца хаьа шена бохуш делахь цуьнан юьхьа тIехь шера гуш дара цунна дукха хIума хууш хилар. 2) Хьо тхан
лаьмнашкахь дуьххьара ву ткъа Керима яздо хьо хьекъал долуш а Делах тешаш а стаг ву бохуш. 3) Ткъа суна хьоьгара хаа лаьа муха хийтира хьуна некъ, некъан гIиллакхаш, дерриг а кхуза вогIуш гинарг. 4) Цхьанхьа юххехь гIеххьа хезаш дара зударийн белар амма кхуьнан хIумма а ган аьтто ца хилира шен цIа чу дIавигира хIара имама. 5) Хабар даьржира иза имаман кIант ву бохуш амма и иштта доций суна хууш ду ламанан стаг вацара вуьйцург.
-
Хьажа-Мурдан цIе яханера куьг мало еш дац аьлла амма оцу цIе яхаро цIе яхарна новкъарло йора цхьа куьг вукху куьйгана некъ бита лууш дацара. 7) Кхунна шена лаъане а ца лаьара тIелатар дан, хIунда аьлча тIелатар дан цхьа Хьаж-Мурд бен вохуьйтийла дацара ткъа цуьнан вуьшта а йоккха цIе яханера и лахъян хан а кхаьчнера, амма кIанта олучуьнга ладогIа ца лаьара. 8) Хала низам долучу отрядехь и стаг дукха Iийр вац аьлла хетара амма Аварский сакъоьруш дукха книгаш йоьшуш вара цундела ламанхошна дукха везара иза и хIунда веза хаа хала дацара цунна дика хаьара гIумкийн мотт, тIах-аьлла а бераш дезаш а вара иза. 9) Баккхий нах цунна тIечевхира иза сецира, ша дийриг гIиллакхе дац аьлла жимчохь дуьйна воккханиг лара Iемина вара и. (П. П.)
Упражнени
№ 3. Предложенешна юкъара масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара предложенеш схьаязъе. Дийца, хIун тайпа пред- ложенеш ю уьш: масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара я ийна. ХIора тайпанах шишша предложени а харжий, схема хIоттае.
-
Хьо лаьмнашкахь дуьххьара ву, ткъа Керима яздо, хьо хьекъал долуш а, Делах тешаш стаг а ву бохуш, ткъа суна хьоьга хьайггара хаа лаьа иза. 2) Марья Андреевна дика евзаш ву иза бо- хуш, хабар дара хезаш, цундела оцу зудчух тешаш, цуьнга Исмиле кехат яздар дийхира Гавриловс, лаьмнашка воьду ша аьлла. 3) Наха дуьйцура, цуьнан да лаьмнашкахь Iаламат лоруш стаг ву бохуш, цундела кхиберш санна ца лелош, шатайпа тидам беш лелавора иза цигахь, амма цхьаболучарна моьттура иза Шемалан воккхаха волу кIант Джамалда ву. (П. П.) 4) Хан-Махьмина хаьа хьуна, хIун дан деза а, хIун ала деза а, делахь а хьо а само а еш, дика хьожуш хилалахь. 5) Нагахь санна и ахча ахьа эцна-кх, эцна ала, мел эцна а ала, схьа маца лур ду а ала, хIунда аьлча вайна тIе юьхьIаьржо ян
тарлуш ду. (Л. Т.) 6 Цхьацца хабарш дара нахалахь дуьйцуш, деши бIаьвна чохь дIадиллина бохуш, амма и муьлха бIов ю цхьанна а хууш ца хилла. 7) Иттех шо даьлча, цхьаболучара дуьйцура, цо лелийна харцонаш бахьанехь лаьцна иза бохуш, амма и билггала чувоьллина мичахь ву хууш цхьа а вацара. 8) ОхI, ма тера яцар-кх иза оцу дуьххьарлерчу Iуьйренах, хIунда аьлча и Iуьйре дарц до- лучу Iаьнан
яра, ткъа хIара суьйре–хаза яьллачу бIаьстенан. (Ахм. М.) 9) Цуьнга хаам беара, кхана сарахь адам гулдеш ду аьлла: ке- ста харжамаш бара хила безаш. 10) Ша кху юьрта мосазза вогIу, Бас йисте хьажа вогIура иза, ткъа иштта бердаш кхидIа а такхаза дуй-те аьлла, ойла а хуьлура цуьнан коьртехь. 11) Гергарнаш со ца вахийта гIиртира, кхераме ду, масссанхьа герзаш ду детташ бохуш: со саннарш-кхузара боцурш, тIехьаьжна хьалдолуш хеташ берш– блокпосташкахь дIабовра. 12) Суна ца хаьара, кIанте хIун ала деза, цунна муха жоп дала деза, ткъа иза лахара хьала сан бIаьргаш чу хьоьжура. 13) Аса деха ма дийхира хьоьга, чуьра ара ма валалахь бохуш, ткъа ахьа ур-атталла неI тIе ца къевлина. 14) Оццу хенахь Нохчийчуьра хаам беара, уллерчу гергарчунна геригаш еттаелла, операци ян Москва валош ву аьлла, амма суна ца хаьара, соьга цунна хIун гIо далур ду. (Ибрагимов Канта.)
Упражнени № 4. ТIетухучу предложенийн кепаш къовларш- кахь билгал а еш, дIаязъе предложенеш. Царах кхаа предложенина схемаш хIиттае.
1) Нагахь кхачамбацар жима хуьлу-кх, ша-шена тIехь къахьег- ча ледарлонаш дIаяхалур ю, амма мало айхьа хьайх къахкайой, балха тIехь кхиамаш а хир бу хьан. 2) Цунна хаьара, шайна хилла лаьттачу бохамашна ша мел сагатдича а, кхиа хIума доций, делахь а, цаьрга ша эша а вайтина, кIелвиса а ца лаьара. 3) Ша гIала мосазза вогIу, соьга хоуьйтора цо, ша мел Iийр ву, хIунда аьлча цу хенахь массаьргахь а хало яра хIусамашца а, юучуьнца а, молучуьнца а.
-
Оццу хенахь тхоьга хаам кхечира АхьамадгIаьргара, шаьш Гер- мане дIакхалха дагахь ду аьлла, амма тхо ца тешара цунах, хIунда аьлча тхо ца кхетара, ша вина, кхиъна мохк а битина, дIа муха гIур ву бохучух. 5) Го а бина тIом бечохь Бойсахарх бала пайда бацара, амма къонахий ир-кара хIитторхьама сацахьара аьлла,
дийхира цуьнга Муртаз-Iелас (П. П.) 6) Алссам аренан зезагаш даха гIертара тхо: церан хьожа хаза хуьлу, ткъа иштта тхо тешна дара, къаьсттина мехкаршна уьш дукха деза аьлла. 7) ЦIентIехь оьшур ю аьлла, шена карийна тIелхиг схьаийцира цо, амма цунна ца хаьара, иза стенна оьшур ю а, ша уьш хIунда гулйо а. 8) Ма дийца, хIун дара Iамош, ткъа дийца, хIун девзина. 9) Суна ца хаьа, и цIа маца вогIур ву, амма цо хабар дитина, ша воцуш шуьга МахкатIе ма гIо аьлла. 10) Хьо тешар вац, аса мел бала лайна цуьнца, де- лахь а иштта галваьлла а вац Апти, нагахь вай цуьнца кIеда-мерза хуьлу-кх, нисвала а мега иза.
Упражнени № 5. Муьлхха книга схьа а еллий, схьалаха цу тIехь чолхе-карара предложенеш шайх масех тIетухучуьнца я ийна предложенеш ян тарлурш. ДIаязъе хьалха хилларш а, шаьш царах кхоьллинарш а.
Упражнени № 6. Цхьалхечу предложенех чолхенаш а кхуллуш, схьаязъе. Церан дIахIоттам схемашца билгалбаккха.