Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3167

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР



Талламан хаттарш


      1. Чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш вовшех муха къаьста?

      2. Муьлхачу синтаксически гIирсашца цхьаьнакхета чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенешна юкъайогIу цхьалхенаш?

      3. Маса тайпана хуьлу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенеш- кахь йолу цхьаьнакхетаран хуттургаш?

      4. Чолхе-карарчу предложенешкахь тIетуху предложенеш коьртачарах дIахIуттуш хIун тайпа синтаксически гIирсаш хуьлу?

      5. Коьрта хIун ши билгало ю тIетухучу предложенин?

      6. Чолхе-карарчу предложенехь муьлха меттиг дIалоцуш хуьлу тIетухург? Муха къастайо иза коьртачух?

      7. Дийца тIетухучу предложенийн тайпанех лаций, даладе масалш


Упражнени № 1. ХIокху хаттарийн гIоьнца тIетухучу предло- женийн тайпанийн таблица хIоттае:


  1. ТIетухучу предложенин тайпанан цIе.

  2. Муьлхачу хаттарна жоп ло?

  3. Муьлхачу хуттургашца, хуттургийн дешнашца коьртачух дIахоттало?

  4. Коьртачу предложени чохь долу дош кхетадо я ерриг пред- ложени?

  5. Коьртачу предложенина муьлхачу меттехь лаьтта?

  6. Предложенин юкъара схема.

  7. Масал.




ТIет. пред. тайпа


хаттар

хутт., хуттур- ган дешн.

дош кхетадо я ерриг предлож.

дIалоцу меттиг


Схема


масал


Упражнени № 2. Лахахь ялийна предложенеш кхаа тобане екъа:

  1. кхачаман тIетуху предложенеш;

  2. къастаман тIетуху предложенеш;

  3. латтамийн тIетуху предложенеш.


1) Цхьа хабарш ма
ду, кIант, схьахезаш, хьуний, хойбахошний юккъе мостагIалла доьлла бохуш. (Н. С-Хь.). 2) Я берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гIур бара, бохуш Iийна иза. (А. А.).

  1. Дишнийн эла веана аьлла, сарахь хIара волучу чубаьхкира Шуьйта-гIалин совдегарш а, хьоладай а. (О. Ш.). 4) Иштта, хьекъал бахьана долуш, хьекъал ирсал а тоьлла, ахархо Таркхойн Шовхалан бахам тIехь хазачу ойланца ваха хиъна. (Н. Ф). 5) Ца хаьара хьу- на, цу сан доьзалшна цкъа со тIекхача маьрша дитахьара, бохуш, хIинццалц доьлхуш аса хьуна ялхийначу сан гIайгIанах хьайн коьртера бала бешнийла. (Бад. С.). 6) Тхешан да дагавагIац суна, нана кхелхина хан билгалъян а хаац, хIунда аьлча, сан даго и кхал- хар цкъа а тIе ца эцна дела. (Мам. М.). 7) ТIаккха дагатесира суна, дера веза вайшиъ а иштта Iама, аьлла. 8) Пенаш лергаш долуш а, дечигаш мотт хууш а ю бохуш, кица ду вайн нохчийн. (М. Н.) 9) Су- ьйранна уьш пхьор диъна бевллачул тIаьхьа, Лазис шина кIантана маьнганаш тIехь меттанаш тодира. (М. I.). 10) Ахьа кхоьллиначу хIуманах, Хьо цхьаъ воцург, тхо кхоьруш хIума а дацара-кх, Веза- хинверг, делахь а Хьуна гIуллакх а деш, цIахь хуьлийла лаьар-кх

Хьан гIийлачу лешна. (Мам. I.). 11) Дийцина ца валлал, дукха а, чолхе а гIенаш гуш сахуьлуьнга велира иза. 12) Лоха-Беташ мича вахана хIунда ца хаьа бохуш, юьртда а чехийна, дIабахана уьш.

    1. Вай хIинца хIун дича бакъахьа ду техьа аьлла, хьох дагаяла еана со. (Х. I.) 14) Делахь а, нохчий лата а, бала а Iемина бу бохуш цIе яхана хиларна, дуккха а цхьаьна тоьхна бIо ца хилча, гIалара эскар арадаккха ца хIуттура уьш. (О.Х.) 15) Мерз бихкича санна, лацало мотт хьовха, дегIан массо меже, дашал базло ког, тузлакх булу корта. (Мус. М.).



Упражнени № 3. Оьшуш долу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе. Хуттургашна а, хуттурган дешнашна а кIел сиз хьак- ха. Дийца, муьлхачу меженах йозуш ю тIетуху предложени, хIора тIетухучу предложенин тайпа къастаде, хаттар а хIоттош.


      1. Аьхке яра эвлашкахь адам кIезиг ду моьттур долуш.

      2. Машаре боцучу ламанхошца гуттар а зIе йолуш волучу Темир- хан-Шурерчу совдегаро Асадуллаев Керима Ведана Шемале кехат дахьийтира оьрсий лаьмнашна тIелата кечлуш бу аьлла. 3) Нагахь хи тоьхча тIулган терзанан йозалла тIекхета-кх и тIулг тIуналло талхор бу нагахь тIулго йовхо ца лов-кх цо малх а ловр бац. (П. Павл). 4) Бос сирла цIена мел бу тIулг дукха беха цуьнца пхенаш кIезиг мел хили бохаза дийна хуьлу. 5) Амма и шиъ дIаяха ца хIуттура хIун хаьа цхьа дагахь доццург хуьлий а бохуш. 6) Берех иза массарал а жима хиларе терра къаьсттина дукхавезара Ханпаша ГIизаруна. 7) ГIизару ша а яра цаьрга яха сатесна таханий-кханий бохуш Iара иза ка ца йолуш. 8) Говр цкъачунна АжугIаьргахь йи- тира цара Iабдул-Маликана цо елла бекъа йоккха хиллалц аьлла.

9) Юха а цо и Iовдал бегаш бале аьлла косказаш тIехь вада гIоьртира Ханпаша. 10) Ханпашас аьллачух тешар бахьана долуш ша нийса лоруш лаьттачу задачи тIехь воьхнера и кIант. 11) ТIаккха цо хIун до хьажа шен ког жимма меттахъхьабира Ханпашас. 12) Цхьа- долу аматаш Ханпашичарех тера а хеташ тIаккха а иза-м мичара хир вара и
бохуш лаьттара Салман иза ца вевзаш. 13) Гонаха я вогIуш – воьдуш стаг а вацара цундела шегара бIегIаг говрана тIе а йиллина гIаш дIаволавелира иза говр тIаьхьа а хIоттийна.

  1. Ахь схьа ца вийцича а хаьа суна и къаьхьа стим вайшинна юкъа

туьйсург мила ву. 15) Ой хIара хIун ду? Воьхна хьаьвзира Арсен ша цунна хIун дийр ду а ца хууш. 16) Аттаниг атта ду аьлла шен хьешан говр лачкъийначо санна суна тешнабехк бан-м ца гIерта хьо. (Мат. В.) 17) Хьехархочо кечам мел бойту шена ингалс мотт караберзо гIертара йоI.
Упражнени № 4. ТIера схьаязъе чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе- карара а предложенеш. Церан тайпанаш къастаде. Оцу предложе- нешкахь цхьалхе предложенеш вовшах йозаран гIирсаш бовзийта, сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана дийца. Чолхе-карара а, чолхе- цхьаьнакхетта а шишша предложени синтаксически талла.
ДагадогIий хьуна, Макка, хьаьжцIа боьлхучу нахана гу тIера, охьахууш, чухехкалуш стаг гина боху хьадис? Хьо хIун деш ву аьлла хаьттина цара. Далла Iамал еш ву аьлла оцу стага, юха а чу- хахкавала гу тIе хьала а волуш. ДIавала, иштта ца йо Iамал аьлла, хьаьжцIа боьлху нах хIорда кеманна тIе хевшина, дIабуьйлабелла. ТIаккха и стаг хи тIехула тIаьхьаваьлла царна, алахьара аш, Iамал муха йо бохуш. ХьаьжцIа боьлхучу наха, хи тIехула веаначу цунах дукха цец а бевлла, нийса ю хьан Iамал, нийса ю аьлла. Вай юьй- цург Iамал яц, цIеналла ю. Хинан ницкъ кхочу хIуъа цIанъян, амма боьхучу хинан и доьналла кхачахь тамаша бу-кх. Хиш – лаьттан цIий. ХIордан зорхе кхаьчча, иза талхорна кхерам
а бу. Хиш бехдаро адам а осалдоккху, уьш цомгаш хилча адамаш а хуьлу цомгаш. Ша дуьйцург эрна дуй хаьара цунна, делахь а ойла долучунна тIера а ца яьлла, дийцира цо иза.

ТIодас дуьйцург динаца ца дагIахь а, хIетте а цуьнца къийса ца лаьара Шемална.

Хьо вохаран бахьанаш дукха ду, Шемал. Хезна суна, бахьа- наш доцуш хIумма а хир дац аьлла. Нахалахь дуьйцуш хабарш ду ахьа халкъ хIаллакдина, гIелдина, дагийна, талийна, мацдина, эцна, доьхкина, барт бохийна бохуш. Хьайна тIемалой мосазза ийши, Нохчийчу вогIура хьо. Хьо нахах хедира, хIунда аьлча массо а хIуман тIехь нийсо лелош чекхвала хьуна ца хиъна дела.

ТIода дохковелира ша иштта кега-мерсачу хIуманашна тIеваларна; цара коьртаниг дицдора, цIеначух кIезиг бен ца хьак- хало боьханиг.

ТIода волучу а вале, дуккха хилла ойланаш-хеттарш и волу- чу веача а, цIеххьана коьрта чуьра дIадевллера имаман. Некъахь уьш дерриш цIеххьана дагадаьхкина, боккха дагахьбаллам хилира цунна. Амма цхьаъ дагадеъча санна, сецира иза, тIаккха юха а муха воьрзур ву аьлла, дIавахара. (Эльс.И.)
Упражнени № 5. ДIакъастае коьртачух тIетуху предложенеш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.


    1. Цу берзалойн сингаттаме угIар мосазза хези а новкъа дара Зеламхина церан угIар. 2) Цу сохьта омра дира цо харачойн обарган доьзал лаций сихонца набахте балабе аьлла. (Мам. М.) 3) Иза хIун нур ду хьажаза Iийр вац ша аьлла, Ож-Болат дашо-дато, башха хаза гIала йолучу агIор дIавахана. 4) Адамаш кхоьруш хилла Ож- Болат воккха хилча, цо шайна ницкъаш бийр бу бохуш. 5) ТIера гаьннаш дIа а дохуш, пепнаш кечдина Ож-Болата лата дезаш хи- лахь детта дика хир ду-кх хIорш аьлла. 6) Ша цига кхачанза Iийр вац аьлла ваха кечвелла наьрт-аьрстхо. 7) Наьрт-аьрстхой бахна агIо йийцахьара ахьа аьлла болатхочуьнга дехна кIанта. 8) Цунна ца хаьра хьер хIунда сецна а хьеран беранах тасаелларг хIун ю а.