Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx
ВУЗ: Не указан
Категория: Не указан
Дисциплина: Не указана
Добавлен: 07.12.2023
Просмотров: 3125
Скачиваний: 30
СОДЕРЖАНИЕ
Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш
Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю
ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А
ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш
«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».
Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш
Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш
Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.
Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.
Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ
Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг
ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ
ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР
Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш
Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.
Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш
Юкъадало дешнаш а, предложенеш а
Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.
Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш
«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.
«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».
1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»
Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.
Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?
Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.
ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.
Даран суьртан тIетуху предложенеш
Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:
МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ
Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план
Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени
ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР
Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш
Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор
Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп
КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А
Синтаксически къастае предложенеш
КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)
Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.
ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А
Исбаьхьаллин литературан стиль:
Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.
3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе
ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР
Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.
Цхьалхе предложени синтаксически къастор
Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.
Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор
Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор
Чолхе-карара предложени къастор
8) Арсанакъий, Бикатуй хIинццалц схьа вовшашка дистхуьлуш хиллехь а, хIинца хIокху сохьта вовшашка дист ца хуьлура. (Б. С.). 9) – ГIан дийца а хьан сох тешам ца хилча, сан чуьра дIавала веза хьо. (Н. Ф). 10) – Институт чекхъяьккхинехь а, гIиллакх- оьздангаллех ца кхиъна хьо, – аьлла, дуьхьал дIайолаелира йоI. (Г. I.) 11) Делахь а, адамашца гIиллакхе и вацахь – хаалахь и къонах воций. (Сул. М.) 12) Дас а, юьрто а суна пурба лахь, цара массара а суна гечдахь, тIаккха цигахь бошуьйтур бу аса сайн корта дIа. (Яс. М.). 13) – Хьайга бохург динехьара, хIинца гоьла тIе ког баь- ккхина, хIун юхур, хIун юур ца хууш, вехар хир вара. (Хам. I.-Хь.)
-
Лелийра, ца оьшура вайна и жIаьлеш боххушехь. (А. М.) -
– Аса элира ма алалахь, ахьа Зулай юха а ялийна хIума ца дахь, хьо кара чами а лаьцна, куйнан йисте Iайг а боьллина, нехан шуреш лечкъош ца лелахь. (Хам. I.- Хь.) 16) Мел чIогIа къахьегарх, къона ву, могуш ву, тоам бо аса вахарх. (М. I.)
Упражнени № 2. ДIаязъе. Билгалбаха бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш. Дийца, царах муьлха латтамаш алсам нисло.
-
Цакхочург лелийча, кхача цадезарг кхочу. (Кица.) 2) Ткъа кхиверг лазийча, хьан цIогIа далахь, хьо поэт хилар и билгало ю. (С. М.) 3) Нохчаша ма-баххара, берзан бага дийнахь гIаьтташ яцахь, цхьогало шот ца кхочуьйтуш дацор дара адам, гуттар селхана еара латтош. 4) КIентий дика ца хьовзахь, дукха хан ца йисина Гитлеран Iазапехь несарий, мацах Деникин веъча санна, марзошка кхайкха. (Мус. М.) 5) Кхул тIаьхьа и дIа-коч, схьа-коч боху хIума аса леладахь, аса дуьйцург дош дац. (Хам. I.-Хь.)
-
Денна Iилма Iамош вогIуш вацахь, цуьнан лакхене кхачалур вац.
7. Газа берда йистехь лаьтташехь, буьхьиг аьхка яхна дукха мет- тигаш ю. 8) Деши даьккхина дIахецча а, дахка шен Iуьрга бахана.
-
Са долуш белахьара, лам а божор бара тоьпо. (Кицанаш.) -
Зулам дан нагахь ахьа леринехь цхьанна, варий, сих ца луш, и кханенга татта. (А. Ш.) 11) Топ дашал язлахь–хьо герзах ларло, дош тоьпал дазлахь–вуон стагах херло. (К. С-М.) 12) Воьлуш дийцарх, дагахь дерг шен кIиллочо хоьуйтур дац. (С. А.) 13) Сайн ницкъ ма- ббу аса урх юхаозарх, говран болар лахдан ницкъ ца кхечира сан.
14) Бораниг бехке йолуш кху арахь со валаза хIинцца ваьллехь а, нанна бер санна, хьаставелира со цунна. 15) Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь, ша-Даймохк къинтIера бера бац, боху цо.
16) Лаахь, хьайн ирсе сатийса ахьа, нехачуьнга куьг ма кхийдаде- лахь. (М. М.) 17) Мел дукха латкъамаш барх, мел чIогIа саийлуш Iарх, хIара дуьне ханна бен дац, шех дуьсур доцуш да вац. (Абд. Л.)
-
Юьхь ягош шийла йоллушехь, гоьллелц еха кетарш а юьйхина, адамийн гIаларташ дара дIасауьдуш вокзалехь. 19) Гуьйре йочане хир ю аьллехь а, екхна лаьтта гIеххьа хан яра. 20) Хьайна гечо ца довзахь, хи чу ма вийла.
Упражнени № 3. Дуьхьалара латтамаш шайца болу предложе- неш тIера схьаязъе.
-
И тайпа ойланаш цо кест-кеста яхь а, амма цуьнан дукха йолу хан кхечара дIайоккхура. 2) Нехан даьхни кхийларх, базара
воьду-вогIург хьийзорах тулий нийсо? (А. М.) 3) Амма Iаьржа дин, мерах шок а етташ, тIанаш тIе хIиттарх, иза, чугъетташ, некъана пурх дIасаидарх, Iусамин самукъа-м ца долура. 4) – Кулсум, хьайн нахах яларх шек ма ялахьа, со ву-кх хьуна хьуна веззачу тайпана вайшиъ даллалц. (Бад. С.) 5) Илланча хуьлуш вац дог карзахдаларх, ирсаца тIома и стигала валарх, шен къоман кхолламна адамийн дог оьцуш аз далхо вацахь. (К. С.-М.) 6) Дешнашца дIатеттарх ловр ду аса, хьулдийр ду кIоршаме аьлларг. (Так. С.) 7) Йожахь а нагахь, де эшна, кIелйиси ма мотталахь: гIоттур ю юха а, теша, яха со кху дуь- ненахь! 8) Сайн шераш дIаэхарх кхерац, гиччош сайн къеждаларх елхац. (А.Р.) 9) Мел веха со хьежарх, хьан тулгIе кIордаяц, генна некъ лелабарх, хьоьца бен са латтац. 10) Кху махкахь мел шийла дарц хьакхарх, тулгIеша кеманаш дохадарх, стигланаш оьгIазе Iаржъяларх, даимна, ца хедаш, доттагIалла кхузахь ду. 11) ХIун до ахь цу хазачу дашах, эвхьаза кховдийначу куьйгах, – догцIена кховдийна дацахь, тIаьхьенна дог лардеш дацахь? (Мам. М.)
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар
Упражнени № 1. Схьаязъе предложенеш хIокху рогIаллица: хьалха-маца? бохучу хаттарна жоп луш болу латтамаш шайна чохь берш, цул тIаьхьа – мичахь? мичахула? бохучу хаттаршна жоп луш берш, тIаьххьара а – муха? бохучу хаттарна жоп луш берш.
Цу доккхачу ловзаргахь хьийзаш волу 600–700 стаг жима а, воккха а эвла йисте говраш хохкучу бахара. Эвла йисттехь, шерачу арахь, готанца баьккхинчу гонна гонаха хьийзош, тайп-тайпана басахь ейтта говр яра. Хахка кечйина и ейтта говр цхьабосса дIа а хIоттийна, царна хьалхахула ваьллачу цхьаммо кхайкхам бира:
– Хахка йохуьйтург ейтта говр ю, берриг а биллинарг ворхI гуо бу, хьалхаяьллачу говрана 15 метр кIади, шозлагIа еаначунна 10 метр ю, кхозлагIа еаначунна 10 метр ю. Говраш хаьхкиначул тIаьхьа цхьа адам говрашна юкъа ма гIорталаш. Говраш даиманна а гонаха арахьахула лела езар ю шуна, – аьлла, кхайкхам бира цо, даьхьна шен карара йовлакх ластийна говраш дIаяхийтира. Цо къа- мел дечу заманчохь, цхьа ор даккха генахь тIа детташ лаьтта сира
говр чехкка дIаиккхира. ВорхI гонна уьдуш йолучу ейтта говрах, кхозлагIчу гонехь тIера береш охьабетталуш кхо говр а къаьстира, юха, йолхазлагIчу гонехь, кхидIа ида ницкъ ца кхочуш, ялх говр а сецира. Цкъа цхьаъ хьалхий, тIаккха важа хьалхий юьйлуш йогIучу бухайисинчу пхеа говрана а тIаьххьара баккха беза
цхьа гуо бисира. ТIаьххьара а сира говр, ворхIалгIа гуо бола ма-белли, хецаелла, айъина шена тIехь Iаш волу кIант а эцна, гуо юккъе кхачале массо
а говрах къаьстина, дикка хьалха чекхъелира. ( Айсханов Ш.)
Упражнени № 2. ДIаеша текст. Билгалбаха латтамаш. Хаттарш а хIиттош, билгалде, муьлха латтамаш бу уьш.
Цул тIаьхьа чIогIа сатесира бераша бIаьсте яре. Арахь ло Iуьллура. Шелонна пепнаш лелхаш хезара буса. Амма, пана лела мархаш санна, сихо йоцуш дIаоьхура дохделла денош, беттанаш. Мартехь дуьйна наггахь гучуболура малх. Апрелехь ло дукха сиха даша доладелира. Ломан басенашкара хьаьвдда догIура зевне та- толаш. Иштта дIаделира, дукха шийла хиларна дахделла хилла, Iа. Шийлачу махо дегош, хIинцца хIоьа чуьра даьлла кIорни санна хебаш, лаьмнашкахь хIинца а Iуьллучу лайн кIелара хьалагIерта ховха лайн зезагаш. Басенашкара хьаьвдда догIу хиш севцча, Журавлиха-хин тогIи чохь йолу хьун, чIенгаш йистина а, яьттIа а, сийна-баьццара пIухI тIейоьллича санна, къонъелла дIахIоьттира. Баганан, базанан, докан луьста хьун яьллачу лаьмнашкара схьа- хезачу олхазарийн самукъанечу аьзнашка ладоьгIуш, Йоккхачу Бабин ирсан тIулгах долучу дийцаран ойла еш, цIийна гонаха у тухуш йиначу терхи тIехь Iара Мика, ван а веана Колький, Лоьмий кхунна хьалха дIахIоьттича. – Шун бабас бийцина ирсан тIулг лаха вагIахь, тхуна тIаьхьахIотта, – элира, жIаьлеша кадиттича санна, эттIачу боккхачу куйна кIелхьара церг-ков схьакъедочу Лоьмас. Даша ца дайта, хечин когаш хьала а карчийна, когашIуьйра волу кхо кIант лаьмнашкахьа