Файл: Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство.docx

ВУЗ: Не указан

Категория: Не указан

Дисциплина: Не указана

Добавлен: 07.12.2023

Просмотров: 3152

Скачиваний: 30

ВНИМАНИЕ! Если данный файл нарушает Ваши авторские права, то обязательно сообщите нам.

СОДЕРЖАНИЕ

Пайдаэцначу авторийн яцйина цIерш, фамилеш

СИНТАКСИС

ПРЕДЛОЖЕНЕХЬ ДЕШНИЙН УЬЙР

Бартбаран уьйр

Урхаллин уьйр

ТIетовжаран уьйр

Алгоритм Муха къасто деза хIун тайпа уьйр ю

Къасторан кеп:

ПРЕДЛОЖЕНИ А, ЦУЬНАН ТАЙПАНАШ А

Дийцаран предложенеш

ЧIaгlдаран а, дацаран а предложенеш

Хаттаран предложенеш

ТIедожоран предложенеш

Айдаран предложенеш

Предложенийн дIахIоттам

Предложенин конструкцеш

Предложенийн тайпанаш

Цхьалхе предложени

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТА МЕЖЕНАШ

Подлежащин хилар

Сказуеми

Цхьалхе сказуеми

ХIоттаман сказуеми

металл ду.

Хандешан хIоттаман сказуеми

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

ТАЛЛАМАН БОЛХ

предложенин тайпа къастаде.

ПРЕДЛОЖЕНИН КОЬРТАЗА МЕЖЕНАШ

Кхачам

Къастам

Къастам кхоллало

Юххедиллар

«Даймохк», журнал «Орга», роман «Ирхеш».

Латтамаш

Даран-суьртан латтам

Бараман латтам

Хенан латтам

Бахьанин латтам

Меттиган латтам

Iалашонан латтам

Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш

Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИЙН КЕПАШ

Цхьалхечу предложенийн кеп къасторан алгоритм Юьхь

Чаккхе

Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенеш

Билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш

Юьхьза предложенеш

Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.

Кеп: Буса сахиллалц наб ца йира аса. – Буса сахиллалц наб ца ялора.

Кеп: Арахь шийла ю… – Арахь шийла ю, йовха бедар юхалахь.

ЦIеран предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИ

Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дерг

ЮЬЗЗИНА А, ЮЬЗЗИНА ЙОЦУ А ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ХIАЪ, ХIАН-ХIА ДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ. АЙДАРДЕШНАШ-ПРЕДЛОЖЕНЕШ

– дакъалг;

ЦХЬАЛХЕЧУ ПРЕДЛОЖЕНИН ЧОЛХЕЯЛАР

Цхьалхечу предложенин чолхеяларан кепаш

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш

Къастамаш цхьанатайпанара хуьлуьйтуш, хIума цхьана агIор билгалъеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

дацара.

ТИДАМЕ ХИЛА!

Къасторан план

Къасторан кеп

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Барта къастор

Йозанца къастор

Шакъаьстина меженаш

Кеп: Ваха цIа чуьра аравелира. – Ваха, йовхоно са дукъ- дина, цIа чуьра аравелира.

Шакъаьстина юххедиллар

Шакъаьстина латтамаш

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

Кхачамийн шакъастар

МА-ДАРРА А, ЛАЧ А КЪАМЕЛ

«Уьш дийна бац, Дала гечдойла царна», – кадам бира Куьйрас.

«Нисбелла дин бу, – элира Хьамзата, – и тайпа говр сайн хилийта хIуъа мах бала реза ву-кх со».

1) А Д: «М. КЪ». 2) А Д: «М. КЪ!» 3) А Д: «М. КЪ?»

ЦИТАТАШ А, ЦЕРАН НИЙСАЯЗЪЯР А

ЧОЛХЕ ПРЕДЛОЖЕНИ

Чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

ЧОЛХЕ-ЦХЬАЬНАКХЕТТА ПРЕДЛОЖЕНИ

ТАЛЛАМАН БОЛХ

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Пунктуационни къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

Упражнени. Пунктуационни къастае барта а, йозанехь а шишша предложени.

КАРЛАДАККХАР

Талламан хаттарш

Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Тхуна, хьоьга институтехь дика дешалур ду аьлла, хета.

МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.

ТIетуху предложенеш екъало кхаа тобане: кхачаман, къастаман, латтамийн.

Кеп: Аса дийцира дарц долучу заманчохь со тилаваларх лаьцна.- Аса дийцира, дарц долучу заманчохь со муха тила- велира.

КЪАСТАМАН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Хенан тIетуху предложенеш

Даран суьртан тIетуху предложенеш

Бахьанин тIетуху предложенеш

Iалашонан тIетуху предложенеш

Масала: Iалхас даийтина хабар айса дIатухур аьлла, Хьа- мид волчу чувирзира со. Къолаха веана стаг шена топ тоха воллу аьлла, орца даьккхина цо.

Бехкаман тIетуху предложенеш

Бехкаман тIетухучу предложенешца чекхъяха йолийна предложенеш:

МАСЕХ ТIЕТУХУЧУЬНЦА ЙОЛУ ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.

Сай

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени

ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР

Къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Тайп-тайпанчу уьйрашца йозаелла йолу чолхе предложенеш синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

IАМИЙНАРГ ТIЕЧIАГIДАР

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, сацаран хьаьркаш хIиттор а.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш

чу бода хIоьттира суна, корта хьаьвзира сан. 2) БIаьргаш чу бода а хIоьттира суна, корта а хьаьвзира сан.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени синтаксически а, пунктуационни а къастор

Синтаксически къасторан кеп

Барта къастор

Йозанца къастор

Хуттургаш йоцу чолхе предложени пунктуационни къастор Къасторан кеп

Пунктуационни къасторан кеп

Йозанца къастор

КАРЛАДАККХАР ТАЛЛАМАН ХАТТАРШ А, ТIЕДАХКАРШ А

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 1

Синтаксически къастае предложенеш

КАРЛАДАККХАР. ХАТТАР-ЖОП (БЛИЦ)

ТАЛЛАМАН БОЛХ № 2

Предложенехь запятойш оьшшучу метте хIиттийна цифраш муьлхачу вариантехь ю хила езачохь.

ЛИТЕРАТУРНИ МЕТТАН СТИЛАШ А, ЦЕРАН БАШХАЛЛАШ А

Iилманан стиль:

Публицистически стиль:

Исбаьхьаллин литературан стиль:

Тестови тIедахкарш

Барта къамелехь хила йиш йоцучу стилан цIе яккха.

ГIуллакхан къамелан стиль

3. ГIуллакхан къамелан стилехь йолу хIара тексташ нисъе

заявлени.

Тоьшалла (доверенность)

Характеристика

Автобиографи

ДЕШНИЙН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ, ПРЕДЛОЖЕНЕШ СИНТАКСИЧЕСКИ КЪАСТОР

Халла цIийнан ков дIадиллира кIанта.

Цхьалхе предложени синтаксически къастор

Тхан рагIу кIел вуно дукха мозий гулделлера.

Ма-дарра къамел шеца долу предложени къастор

Къасторан кеп

Чолхе-цхьаьнакхетта предложени къастор

Чолхе-карара предложени къастор

Къасторан кеп

Хуттургаш йоцу чолхе предложени къастор

Ийна предложени къастор

Пайда эцна литература

ЧУЛАЦАМ

Эдилов Салауди Элимирзаевич

Кеп: Соьга дийцира. ЙоIа буса наб ца йина. Цуьнан ког лозу.- Соьга дийцира, йоIа буса наб ца йина аьлла: цуьнан чIогIа ког лозура.


Соьга дийцира (коьрта)

(хIун?) кхачаман тIетуху предл.-------хуттургаш йоцу (бахьа- нин маьIнехь)


    1. Хьайн аьтто болу-кх. Соьга хаам бе. Хьоьга хьоьжуш Iен йиш яц сан.

    2. Iелина ца хаьара. Накъостий болучу ша маца гIур ву. ТIелаьцна беш болх бара цо.

    3. Дийхира цо. Черми чуьра хи дахьа. Хьогалло легаш дакъийнера цуьнан.

    4. Ойланаш йора цо. Къамел муха дийр ду. Дог-ойла яра гIатто езаш нехан.

    5. ТIемалошка буьйр динера. Самукъане эшарш локхуш гIо. Некъ гена бара бан безаш церан.

    6. Хьаннаш езарг вацара иза. БIаьргашна хьалха бIарлагIаш хIиттайо цара. Цигахь тIеман гIуллакхаш аьтто беш ца хуьлу.

    7. Сарахь сингаттаме хаамаш кхечира. Бенара БойсагIар оьр- саша йийсаре вигна. Иза кIелхьараваккха везара.

    8. Цунна ца хаьа. Кхузара нах муха бу. Иза кхуза веана дукха хан яц.


Упражнени 7. ДIаязде шех къамелан мур хуьлуш долу «Зелам- ха ГIизларехь латаран илли» тIера дакъа. Барта схьадийца, хIунда хилла цунах къамелан мур.
ТIаккха узам беш сеци, тов, Харачойн Зеламха:

«Ма дала дакъаза,

Хьо маьлхан кIайн дуьне, Хьо дуьсур ма хилла, Цабохург ва хилла,

Хьо дуьсур ва хилла, Цамоьттург ва хилла Цу серийн тускарахь Накхармоза ва санна,

Дууш мерза ма дара хьо, Малх кхета хьо дуьне, Кийрахь стим баьттIа ДоIаха ва саннна,

Хьо къахьлург хилла-кх, Кийрахь дог дохарна…
Упражнени № 8. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязде илли. Дийца, муьлхачу меженашца чолхеяьлла и цхьалхе предло- жени. Билгалдина дешнаш тIера схьаязде, словарах пайда а оьцуш, церан маьIна
даста.

Сай


Ламанах духдуьйлу шал шийла шовданаш Шен бекъачу кийранна Iаббалц ца молуш

Варша йисте ва йолу маргIала сийна буц Шен оьздачу зоьрханна буззалац ца юуш Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ

Iинан кIорге ва буьйлуш мела муж ва муьйлуш Дукъ лакха ва буьйлуш сема ла ва доьгIуш Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш Цу попан орамах торгIала тIа ва детташ

Лергаш дуьхьал ва туьйсуш кур аркъал сеттабеш Орцал лаха ва буьйлуш гIелашка ва гIергIаш Масане сай лела гIелашца ва боцуш

Вай бен дац кIенатий бохуриг ца хуьлуш!

Чолхе-карара предложени синтаксически къастор Къасторан план


      1. Аларан Iалашонца йоьзна предложенин кеп.

      2. Цхьалхе предложенеш чолхечун хIоттамехь йолу, церан грамматически баххаш.

      3. Чолхечу предложенера цхьалхе предложенеш вовшашца уьйр тасаран кеп.

      4. Коьрта а, тIетуху а предложенеш.

      5. ТIетухучу предложенино (коьртачу предложеница йоьзна) дIалоцу меттиг.

      6. ДIахIоттаман башхаллаш: муьлхачу дашах я предложених йозуш а, муха хотталуш а ю тIетуху предложени.

      7. Чолхечу предложени чу йогIу цхьалхечу предложенийн вовшашца йолу маьIнин юкъаметтигаш (эшар (интонаци), хуттур- гаш, хуттургийн дешнаш).




Къасторан кеп


ШоIипа маре цаяхна шен шичин йоI йоллийтинера ор чу, шен цIийнна тIера дIадолийча и низам дIагIур ду аьлла. (Эльсанов И.)

Барта къастор


ХIара айдаран йоцу, дийцаран предложени ю. Шина пред- ложених лаьтта, хIара грамматически баххаш долучу: ШоIипа

йоллийтинера а, низам дIагIур ду. Предложени чолхе ю. Цхьалхечу предложенешна юккъе уьйр теснарг карара хуттург ю. Цундела чолхе-карара предложени ю иза. Коьрта предложени ШоIипа маре цаяхна шен шичин йоI йоллийтинера ор чу, ткъа тIетуху предложе- ни шен цIийнна тIера дIадолийча и низам дIагIур ду аьлла. ТIетуху предложени коьртачу предложенина тIехьа лаьтташ ю, цо коьртачу предложени чохь дуьйцучун бахьана гойту, цу тIера хаттар хIотто а мегар ду – хIунда?

Коьртачу а, тIетухучу а предложенешна юккъехь йолу маьIнин, бахьанин юкъаметтигаш билгалйовлу аьлла бохучу карарчу хут- турган гIоьнца.

Шен маьIница а, дIахIоттаман башхаллица а хIара бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе-карара предложени ю.

Йозанца къастор


I

2

аьлла

хIунда?

Айдаран йоцу дийцаран, бахьанин тIетухучу предложеница йолу чолхе предложени



Упражнени. ДIаеша текст. Билгалъе цуьнан коьрта ойла. Чолхе- карара предложенеш тIера схьаязъе, синтаксически къастае
уьш.
Кху дуьнен тIехь мел дийриг матто дакъа лоцуш а, цуьнца а кхочушдеш ду. Цуьнгара накъосталла доцуш вайх цхьа а йиш йо- луш вац кхечаьрца цхьаьна къахьега, аьтто болуш вац цхьа гIулч а Iилма, техника, искусство, дахар хьалхататта.

Массанхьа а дуьйцуш ду, мотт адамийн уьйран а, вовшашца юкъаметтигаш лелоран а гIирс бу бохуш. Амма цунах говза а, шена пайда хир болучу агIор пайда эца таро хир ю кIорггера, кхоччуш иза Iамийначун.

Мотт талларан Iилмано толлу меттан ерриг кепаш, меттан берриг а хийцамаш. Аьзнийн гIоьнца вешан ойла а, дагахь дерг а дIадуьйцу вай маттаца.

Меттан Iилманчашна хаа лаьа, муха кхаьчна адамашка и хьуь- нар, муха кхоьллина цара шайн меттанаш, муха деха и меттанаш, хийцало, ле. Муьлхачу законашца дозаделла ду церан дахар бохуш, хоьтту цара.

Школа чекхйоккхуш хIор жима стаг, къона йоI шайна самукъ- ане, махкана пайден хир йолу корматалла харжаре сатесна хуьлу. Нагахь санна меттанаш Iаморехь хьо хьуьнаре а, шира дIадаханачун къайленаш йовза лууш хуьлу-кх, галвер вац хьо меттан Iилманчин балха тIехь сецча. ТIаьхьа дохковер вац хьо!



ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНИ ПУНКТУАЦИОННИ КЪАСТОР



Къасторан план

  1. Предложени ерзоран сацаран хьаьркаш.

  2. Чолхе-карарчу предложенехь тIетуху предложени къасторан хьаьркаш.

  3. Чолхечу предложенин хIоттамера хIор цхьалхе предложени къасторан а, билгалъяхаран а хьаьркаш.



Къасторан кеп


Аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж-бода булуш, эпсаро хаамбира, БойсагIар кхана Соьлжа-гIопе вуьгуш ву аьлла. (Эль- санов И.)

Барта къастор


Предложенин чаккхенга ерзоран хьаьрк хIоттийна–тIадам, хIунда аьлча хIара цхьалхе, дийцаран а, айдаран йоцу предложени а йолу дела. Предложени чолхе хуттурган ю, чолхе-карара. Коьрта предложени: Аьхке яьллачу хенахь, маьркIаж-бода булуш, хаам бира. ТIетуху предложени: БойсагIар кхана Соьлжа-гIопе вуьгуш ву аьлла. Коьртачу а, тIетухучу предложенина юккъе къасторан хьаьрк хIоттийна – запятой. Коьртачу предложенехь цхьанатайпанарчу хенан латтамашна юккъехь аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж бода булуш билгалъяхаран хьаьркаш хIиттийна–запятойш.

Йозанца къастор


БойсагIар (подл.) вуьгуш ву (сказ.) кхана (хен. лат.) Соьлжа- гIопе (мет. лат.), аьлла.(хут.), Эпсаро (подл.) хаамбира (сказуеми), аьхке юккъе яьллачу хенахь, маьркIаж бода булуш (хенан латта- маш).
Упражнени. Чолхе-карара предложенеш тIера схьаязъе. Къа- стаде, муьлха къасторан а, билгалъяхаран а сацаран хьаьркаш юкъахйитина. Пунктуационни къастае чолхе-карара барта шиъ, йозанца шиъ предложени.
Молланаш гулбеллачу тIевахара и шиъ. Кхузткъа стаг хир вара